Гакаев, Джабраил Жоколаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гакаев Джабраил Жоколаевич
ГӀуллакхан тайпа истори, политологи
Вина терахь 1942({{padleft:1942|4|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 2005({{padleft:2005|4|0}})
Корматалла академик

Джабра́ил Жокола́евич Гака́ев (1942, Соьлжа-ГӀала — 2005) — нохчийн историк-кавказйовзархо. Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академин президент, историн Ӏилманийн доктор, профессор, Н. Н. Миклухо-Маклай цӀарах йолу Этнологин а, антропологин а институтан Ӏилманийн белхало.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иза винера Соьлжа-ГӀалахь 1942 шарахь. Иза Ӏинера Кхазакхстанехь Чимкентехь. 1957 шарахь иза шен доьзалца цӀавирзира.

1966 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультет. ТӀаккха иза ДегӀастанан пачхьалкхан университетан аспирантуре деша вахара. 1970 шарахь цо кандидатан диссертаци чекхйаьккхира.

19661996 шерашкахь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан политикин историн а, политологин а кафедран белхало. 1989 шарахь цо чекхйаьккхира докторан диссертаци. 1992 шарахь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн республикин академи кхуллуш дакъалоцуш. Иза хаьржира академик а, хьалхара вице-президент а.

Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ӏилманийн Сийлахь гӀуллакххо, 6 монографин а, 150 сов Ӏилманий статьян а автор.

Йукъараллин болх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иза вара «Российн къаьмнийн ассамблейн» Советан декъашхо, «Къилбаседа Кавказехь машарбаран миссин» кхоллархойх цхьаъ. 1995 шо дуьйна иза вара «Нохчийн культурин а, йукъараллин а Москвахь йолу организацийн координационни советан» куьйгалхо.

Гакаев кхайкхинера Къилбаседа Кавказехь долчу хьалан эксперт ву аьлла Женеве ООН адамийн бакъонашан комисси гуламе а, Российн Пачхьалкхан думан а, Европин Советан парламентан ассамблейн а белхан тобанан гуламашка а.

Интервью[нисйе бӀаьра | нисйе]