Бекер, Алисон
![]() | |||||||||||||||||||
Йукъара хаамаш | |||||||||||||||||||
Йуьззина цӀе | Бекер Алисон Рамзес | ||||||||||||||||||
Вина терахь | 1992 шеран 2 октябрь[1][2] (30 шо) | ||||||||||||||||||
Вина меттиг | Нову-Амбургу, Бразили | ||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||||||||||||||
Локхалла | 193 см | ||||||||||||||||||
Йозалла | 91 кг | ||||||||||||||||||
Позици | кевнахо | ||||||||||||||||||
Лоьмар | 1 | ||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
![]() |
Алисон Рамзес Бекер (порт. Alisson Ramses Becker; вина 1992 шеран 2 октябрехь Нову-Амбургухь, Бразилехь), гӀоле вевза Алисон цӀарца — немцойх схьаваьлла бразилин футболист, «Ливерпуль» клубан а, Бразилин гулйина командин а кевнахо. 2018 шеран дуьненан чемпионатан декъахо.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Алисон вина Нову-Амбургухь (Керла Гамбург), алсама немцойх схьабевлла бразильхой беха кӀоштахь, ша а ву церан векал. Кхечу профессионалан кевнахочун Бекер Муриэлан (вина 1987) жимаха волу ваша.
Клубан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Алисон — кхиийна «Интернасьонал» клубо. 2013 шеран 17 февралехь Гаушу лигин матчехь Порту-Алегрин «Крузейрон» дуьхьала цуьнан дебют хилира коьртачу командехь[3]. 25 августехь «Гоясан» дуьхьалчу къовсамехь Алисона дебют йира бразилин A серехь[4]. 2015 шарахь, Дидас карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, цунах хилира командин коьрта кевнахо. «Интернасьоналан» йукъахь Алисона кхузза туьйлира Гаушу лигехь.
2016 шеран аьхка Бекер вахара Италера «Ромин» йукъа. 2016 шеран 17 августехь Чемпионийн лигин квалификацин матчехь Португалин «Портун» дуьхьала Алисонан дебют хилира «берзлошна»[5] йукъахь. Шен хьалхара шо румхошна йукъахь Алисон чекхдаьккхира командин шолгӀа кевнахо волуш, хуьйцура «берзлойн» коьрта голкипер Щенсны Войцех Италин кедан а, Европин лигин а матчашкахь. Щенсны «Ювентус» йукъа вахча Бекерах командин коьрта кевнахо хилира. 2017 шеран 20 августехь «Аталантин» дуьхьала матчехь цуьнан дебют хилира италин А серехь[6]. «Берзлошна» йукъахь коьрта кевнахо хилла, Алисона сихха гайтира кевнашкахь ловзаран лакхара тӀегӀа, командин гӀодира дуьхьало чӀагӀйан. 2017/18 шарахь румхой чӀагӀбелира италин чемпионатан таблицан буьххьехь, кхоалгӀа меттиг йаьккхира, ткъа Бекер къобал вира А серин уггаре дика голкипер аьлла, 37 матчехь 28 буьрка бен чу ца йагӀийтира (шолгӀа гайтам «Ювентусал» тӀаьхьа). Амма шеран коьрта кхиам хилира шен исторехь клуб Чемпионийн лигехь шозлагӀа ахфинале йалар. Турниран дукхаха йолчу матчашкахь Бекера гайтира тешаме ловзар, ткъа цӀерачу матчехь мадридан «Атлетикоца» иза къобал вира матчан уггаре дика ловзархо. Кхин а Бекер билгалвелира дикачу ловзарца лондонан «Челсин» а, донецкан «Шахтёран» а дуьхьалчу цӀерачу матчашкахь. Мелла а чолхе хилира шина матчан дуьхьало «Барселоница» чийрикфиналехь Чемпионийн лигехь, хьалхара матчехь Камп Ноухь Бекера чутохийтира йиъ буьрка (цу тӀе царех шиъ — автогол Де Росси а, Манолас а), ткъа шолгӀачу матчехь Стадио Олимпико тӀехь Бекера аьттонца лардира шен кевнаш, ткъа команде йан йелира камбэк, дехьаелира Чемпионийн лигин ахфинале. Ахфиналехь «Ливерпульца», Бекер чуяхийтира йерриг ворхӀ буьрка, пхиъ царех туьйхира хьалхарчу матчехь Энфилд тӀехь. Турнир чекхйаьлча, Бекер йукъавахара 2017/18 шеран Чемпионийн лигин символан гулйина командин.
2018 шо долалуш кевнахой бийзира Испанера «Барселонин» а, Францера «Пари Сен-Жермен»[7] а, Ингалсера «Ливерпуль»[8] а. Оццу шеран аьхка Алисона куьг йаздира йалх шеран контракт тӀаьхьарчунца[9]. Трансферан ахча 66,8 млн фунт (72,5 млн евро) хилира, цуо Бекерах вира уггаре веза кевнахо исторехь (хьалхалера рекорд йара италихочун Буффон Джанлуиджин, иза лаьттира 17 шарахь)[10][11][12][13]. Вукха агӀора, Алисонан рекордан трансфер баттахь бен ца лаьттира, иза йохийра баскийн «Атлетикера» Кепа Аррисабалагин «Челсин» йукъа йинчу 71,6 млн фунтан трансферо. 12 августехь «Вест Хэм Юнайтедан» дуьхьала матчехь дебют хилира Ингалсан Премьер-лигехь[14].
2019 шеран майх Алисонега кхайкхира 2019 шеран футболех ловзаран Америкин кедехь ловзархьама къоман команде, иза йара Бразили аренашкахь. ДӀаяьхьина турниран жамӀашца цунах хилира уггаре дика кевнахо.
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Командин[нисйе бӀаьра | нисйе]
«Интернасьонал»
- Гаушу Лигин чемпион (4): 2013, 2014, 2015, 2016
«Ливерпуль»
- Ингалсан чемпион: 2019/20
- УЕФА Чемпионийн лигин толамхо: 2018/19
- УЕФА Суперкад баьккхинарш: 2019
- Футболех ловзаран клубийн дуьненан чемпионатан толамхо: 2019
Бразилин гулйина команда
- Тулонан турниран толамхо: 2013
- Америкин кедан толамхо: 2019
Долара[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Дуьненан уггаре дика кевнахо МФФИИС версица: 2019
- УЕФА Чемпионийн лигин символан гулйина команда (2): 2017/18, 2018/19
- Йукъавоьду А серин шеран символан гулйина командин: 2017/18
- Шеран уггаре дика футболан кевнахо Италехь: 2018
- Америкин кедан уггаре дика кевнахо: 2019
- Ингалсан Премьер-лигин Дешин кара: 2018/19
- УЕФА Чемпионийн лигин уггаре дика кевнахо: 2019
- УЕФА шеран символан гулйина командин декъахо: 2019
- ФИФПРО гулйина командин декъахо: 2019
- Яшин Леван совгӀат дуьххьара даьккхинарг: 2019
- «Дешин самба» совгӀа даьккхинарг: 2019
Дуьненайукъара карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
2009 шарахь жимахойн Бразилин гулйина командин йукъахь Алисона дакъа лецира жимахойн дуьненан чемпионатехь Нигерехь. Турнирехь иза левзира матчашкахь Японин[15], Мексикин[16], Швейцарин[17] дуьхьала.
2015 шеран 14 октябрехь 2018 шеран дуьненан чемпионатан харжаман матчехь Венесуэлин гулйина командин дуьхьала Алисонан дебют хилира Бразилин гулйина командин[18] йукъахь.
2018 шарахь Алисона дакъа лецира дуьненан чемпионатехь Россехь. Турнирехь иза левзира Швейцарин[19], Коста-Рикин[20], Сербин[21], Мексики[22], Бельгин[23] командашна дуьхьала матчашкахь.
Ловзаран статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]
Клубийн статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дуьненайукъара статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 2018 шеран 3 июлехь хьолан
Гулйина команда | Шо | ДоттагӀаллин | Турнираш | Йерриг | |||
---|---|---|---|---|---|---|---|
Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | Ловзарш | Голаш | ||
![]() |
2015 | 0 | -0 | 3 | -2 | 3 | -2 |
2016 | 1 | -0 | 11 | -7 | 12 | -7 | |
2017 | 2 | -0 | 5 | -2 | 7 | -2 | |
2018 | 4 | -0 | 4 | -1 | 8 | -1 | |
Йерриг карьерехь | 7 | -0 | 23 | -12 | 30 | -12 |
Матчаш а, голаш а гулйина командашкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 2018 шеран 3 июлехь хьолан
Бекер Алисонан матчаш а, чутохийтина голаш а Бразилин гулйина командин йукъахь | ||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|
№ | ДӀаяхьаран меттиг | Терахь | Оппонент | Чот | Чут. голаш | Хийцарш | Лоьмар | Къовсам |
1 | 13 октябрь 2015 | ![]() |
3 : 1 | 1 | — | 23 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
2 | 13 ноябрь 2015 | ![]() |
1 : 1 | 1 | — | 23 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
3 | 17 ноябрь 2015 | ![]() |
3 : 0 | — | — | 23 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
4 | 25 март 2016 | ![]() |
2 : 2 | 2 | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
5 | 29 март 2016 | ![]() |
2 : 2 | 2 | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
6 | 30 май 2016 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
7 | 4 июнь 2016 | ![]() |
0 : 0 | — | — | 1 | Футболех ловзаран Америкин кад 2016 | |
8 | 8 июнь 2016 | Республика Гаити Республика Гаити | 7 : 1 | 1 | — | 1 | Футболех ловзаран Америкин кад 2016 | |
9 | 12 июнь 2016 | ![]() |
0 : 1 | 1 | — | 1 | Футболех ловзаран Америкин кад 2016 | |
10 | 1 сентябрь 2016 | ![]() |
3 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
11 | 6 сентябрь 2016 | ![]() |
2 : 1 | 1 | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
12 | 6 октябрь 2016 | ![]() |
5 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
13 | 11 октябрь 2016 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
14 | 10 ноябрь 2016 | ![]() |
3 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
15 | 15 ноябрь 2016 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
16 | 23 март 2017 | ![]() |
4 : 1 | 1 | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
17 | 28 март 2017 | ![]() |
3 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
18 | 31 август 2017 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
19 | 5 сентябрь 2017 | ![]() |
1 : 1 | 1 | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
20 | 5 октябрь 2017 | ![]() |
0 : 0 | — | — | 1 | Харжаман матчаш ДЧ-2018 | |
21 | 10 ноябрь 2017 | ![]() |
3 : 1 | — | Кеп:Аренан тӀийра | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
22 | 15 ноябрь 2017 | ![]() |
0 : 0 | — | — | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
23 | 23 март 2018 | ![]() |
3 : 0 | — | — | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
24 | 27 март 2018 | ![]() |
1 : 0 | — | — | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
25 | 3 июнь 2018 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
26 | 10 июнь 2018 | ![]() |
3 : 0 | — | — | 1 | ДоттагӀаллин матч | |
27 | 18 июнь 2018 | ![]() |
1 : 1 | 1 | — | 1 | Финалан матчаш ДЧ-2018 | |
28 | 22 июнь 2018 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | Финалан матчаш ДЧ-2018 | |
29 | 27 июнь 2018 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | Финалан матчаш ДЧ-2018 | |
30 | 2 июль 2018 | ![]() |
2 : 0 | — | — | 1 | Финалан матчаш ДЧ-2018 |
Йерриг: 30 матч / 12 чутохийтина гол / 20 «екъа» матч; 21 толам, 8 цхьан а цатоьлла, 1 иэшам.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Alisson // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
- ↑ ALISSON ramses becker // (unspecified title) (исп.)
- ↑ Крузейро Порту-Алегри VS. Интернасьонал 1:1 (ингалс.). soccerway.com (2013, 17 февраль).
- ↑ Интернасьонал VS. Гояс 3:3 (ингалс.). soccerway.com (2013, 25 август).
- ↑ Порту VS. Рома 1:1 (ингалс.). soccerway.com (2016, 17 август).
- ↑ Аталанта VS. Рома 0:1 (ингалс.). soccerway.com (2017, 20 август).
- ↑ Голкипер «Ромы» на радаре у ПСЖ и «Барселоны» (оьр.). sports.ru (2018, 3 январь).
- ↑ Кевнахо «Ромы» Алиссон близок к переходу в «Ливерпуль» (оьр.). sports.ru (2018, 8 январь).
- ↑ «Ливерпуль» подтвердил трансфер Алиссона. Он побил рекорд Буффона, став самым дорогим вратарем в истории (оьр.). sports.ru (2018, 19 июль).
- ↑ Liverpool complete Alisson Becker transfer, Liverpool F.C.. Архивировано коч дечара 19 июлехь 2018.
- ↑ Romano, Fabrizio Liverpool sign Roma goalkeeper Alisson for world-record £66.9m fee (ингалс.) (2018, 18 июль).
- ↑ Alisson: Liverpool offer for Brazil goalkeeper accepted by Roma (en) (18 July 2018).
- ↑ Liverpool complete £67m deal for Alisson Becker (en).
- ↑ Ливерпуль VS. Вест Хэм Юнайтед 4:0 (ингалс.). soccerway.com (2018, 12 август).
- ↑ Бразили (до 17) VS. Япония (до 17) 3:2 (ингалс.). soccerway.com (2009, 24 октябрь).
- ↑ Бразили (до 17) VS. Мексика (до 17) 0:1 (ингалс.). soccerway.com (2009, 27 октябрь).
- ↑ Швейцария (до 17) VS. Бразили (до 17) 1:0 (ингалс.). soccerway.com (2009, 30 октябрь).
- ↑ Бразили VS. Венесуэла 3:1 (ингалс.). soccerway.com (2015, 14 октябрь).
- ↑ Бразили VS. Швейцария 1:1 (ингалс.). soccerway.com (2018, 17 июнь).
- ↑ Бразили VS. Коста-Рика 2:0 (ингалс.). soccerway.com (2018, 22 июнь).
- ↑ Сербия VS. Бразили 0:2 (ингалс.). soccerway.com (2018, 27 июнь).
- ↑ Бразили VS. Мексика 2:0 (ингалс.). soccerway.com (2018, 2 июль).
- ↑ Бразили VS. Бельгия 1:2 (ингалс.). soccerway.com (2018, 6 июль).
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Профиль на официальном сайте «Ливерпуля»(ингалс.)
Кеп:Европин уггаре дика кевнахо УЕФА версица Кеп:Дуьненан уггаре дика кевнахо МФФИИС версица Кеп:Шеран уггаре дика футболан кевнахо Италехь
- Бинарш 2 октябрехь
- Бинарш 1992 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Нову-Амбургухь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Бразилин футболисташ
- Футболех ловзаран Бразилин кегийрхойн гулйина командан ловзархой
- Футболех ловзаран Бразилин гулйина командан ловзархой
- ФК «Интернасьонал» ловзархой
- ФК «Рома» ловзархой
- ФК «Ливерпуль» ловзархой