Роберто Фирмино

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Роберто Фирмино
20180610 FIFA Friendly Match Austria vs. Brazil Roberto Firmino 850 1557.jpg
Фирмино Австрин а, Бразилин а гулйина командийн доттагӀаллин матчехь
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Роберто Фирмино Барбоза де Оливейра
Харц цӀе Бобби
Вина терахь 1991 шеран 2 октябрь({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})[1] (28 шо)
Вина меттиг Масейо, Бразили
Гражданалла
Локхалла 181 см
Йозалла 76 кг
Позици полузащитник, вингер
Информаци клубехь
Клуб Ливерпуль[d]
Лоьмар 9
Кегийрхойн клубаш
2004—2008 Бразилин байракх КРБ
2008—2011 Бразилин байракх Фигейренсе
Клубан карьера[* 1]
2009—2011 Бразилин байракх Фигейренсе 38 (7)
2011—2015 Германин байракх Хоффенхайм 140 (38)
2015—хӀ. а. Ингалсан байракх Ливерпуль 160 (56)
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кедаш
Деши Бразили 2019
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 23 январехь 2020 шераш.
Commons-logo.svg Роберто Фирмино Викилармехь

Робе́рто Фирми́но Барбо́за де Оливе́йра (порт. Roberto Firmino Barbosa de Oliveira; 1991 2 октябрь, Масейо, Бразили) — бразилин футболист, «Ливерпуль» клубан а, Бразилин гулйина командин а тӀелета ахтурсло, тӀелатархо.

Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Клубан[нисъе бӀаьра | нисъе]

Фирмино ловза волавелла Томбенсе клубехь гӀортолан ахтурслочун позицехь, цигара 2010 шарахь дехьавелира «Фигейренсе» клубе. 2010 шарахь левзира 36 матч, чутуьйхира 8 гол. Шен дика ловзарца тӀе тидам бахийтира «Хоффенхайман».

«Хоффенхайм»[нисъе бӀаьра | нисъе]

«Хоффенхайман» юкъахь 2014 шарахь

2011 шеран январехь Фирминос контракт яздира «Хоффенхаймца» 2015 шо кхаччалц, трансферан мах хилира 4 млн евро[2]. Немцойн клубехь Фирминон дебют хилира 26 февралехь 24-гӀа туран цӀерачу къовсамехь «Майнцан» дуьхьала, иза чекхъелира иэшамца 1:2 чот йолуш. Бразилхо аренан тӀе велира 75-гӀа минотехь, Руди Себастьян хийцина[3]. Ткъа шен хьалхара гол цуо туьйхира 30-гӀа турехь «Айнтрахтан» кевнашна чу[4]. И гол оцу къовсамехь цхьаъ бен ца хилира, цундела толам баьккхира. 2010/2011 шарахь Фирмино левзира 11 матчехь, буьрка тохарца кхузза билгала а велира.

2011/2012 шеран юьхьиг цуьнан чӀогӀа дика нисъелира. 17 сентябрехь 6 туран матчехь дубль йира «Вольфсбурган» кевнашна чу. Иштта, тӀаьхьарчу 3 матчехь 4 гол туьйхира.

«Ливерпуль»[нисъе бӀаьра | нисъе]

2015 шеран 24 июнехь кхайкхам бира футболист «Ливерпуль» клубе дехьаваларх. Трансферан мах хилира 29 млн фунт, иза хилира клубан шолгӀа боккха иэцам Кэрролл Эндил тӀаьхьа. 2015 шеран 21 ноябрехь туьйхира хьалхара гол «ливерпулхошна» юкъахь Манчестер Ситин кевнашна. 2016/2017 шарахь левзира 35 матчехь, туьйхира 11 буьрка. Вертонген Янца Ӏоттавелла цуьнан бӀаьрг лазийра.

Къоман командехь[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бразилин гулйина командин юкъахь дебют хилира 2014 шеран 12 ноябрехь доттагӀаллин матчехь Туркойчоьнан дуьхьала (4:0)[5]. Мехкан коьрта командин юкъахь шен хьалхара гол туьйхира 2014 шеран 18 ноябрехь доттагӀаллин матчехь Австрин гулйина командин дуьхьала ловзуш (2:1)[6]

2019 шеран аьхка Роберто кхайкхина гулйина команде Америкин кедехь ловза, иза Бразилехь хилира. Тобанера кхоалгӀачу матчехь Перун дуьхьала, 18-гӀа минутехь билгалвелира голаца, ткъа Бразилин гулйина команда туьйлира — 5:0. Ахфиналан матчехь Аргентинин дуьхьала 71-гӀа минотехь билгалвелира голца, хӀоттийра чаккхенан чот 2:0.

Статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]

Клубан статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]

2020 шарахь 23 январехь хьолан
Ловзар Лига Кедаш[7] Еврокедаш Кхин ерш[8] ЖамӀ
Клуб Лига Шо Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
Бразилин байракх Фигейренсе A сери 2009 2 0 0 0 0 0 0 0 ? ?
2010 36 8 0 0 0 0 15 4 ? ?
Ерриг 38 8 0 0 0 0 15 4 ? ?
Германин байракх Хоффенхайм Бундеслига 2010/11 11 3 0 0 0 0 0 0 ? ?
2011/12 30 7 3 0 0 0 0 0 ? ?
2012/13 33 5 1 0 0 0 2 2 ? ?
2013/14 33 16 4 6 0 0 0 0 ? ?
2014/15 33 7 3 3 0 0 0 0 ? ?
Ерриг 140 38 11 9 0 0 2 2 ? ?
Ингалсан байракх Ливерпуль Премьер-лига 2015/16 31 10 5 0 13 1 0 0 ? ?
2016/17 35 11 6 1 0 0 0 0 ? ?
2017/18 37 15 2 1 15 11 0 0 ? ?
2018/19 34 12 2 0 11 4 0 0 ? ?
2019/20 23 8 2 0 6 0 3 2 ? ?
Ерриг 160 56 17 2 45 16 3 2 ? ?
Ерриг карьерехь 338 102 28 11 45 16 20 8 ? ?

Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Командин[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ингалсан байракх «Ливерпуль»


Бразилин байракх Бразилин къоман команда


Долара[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Transfermarkt.com — 2000.
  2. Firmino soll Carlos Eduardo vergessen machen (нем.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Киккер. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 24 августехь. Теллина 2011 шеран 11 августехь.
  3. Spielstatistik 1899 Hoffenheim - 1. FSV Mainz 05 (нем.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). fussballdaten.de. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 24 августехь. Теллина 2011 шеран 11 августехь.
  4. Spielbericht 1899 Hoffenheim - Eintracht Frankfurt (нем.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). fussballdaten.de. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 24 августехь. Теллина 2011 шеран 11 августехь.
  5. Роберто Фирмино: Выйти на поле в майке сборной Бразилии — это настоящий сюрреализм(оьр.)
  6. Austria 1-2 Brazil: Roberto Firmino strikes late winner(ингалс.)
  7. «Кедаш» могӀан юкъахь ду къоман кедашна, лигин кедашна, суперкедашна юкъара ловзарш а, голаш а.
  8. Кхин официалан матчаш

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]