Ахриев, Гапур Саидович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Гапур Саидович Ахриев
ГӀуллакхан тайпа политик
Вина терахь 1890
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1920 шеран 3 май({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1]
Кхелхина меттиг

Гапур Саидович Ахриев (1890, Фуртоуг, Терски область1920 шеран 3 май({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1], Баку[1]) — Къилбаседан Кавказехь Совет эдал хӀотторун куьйгалхойх цхьаъ. 1919 шо дуьйна РКП(б) декъашхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1890 шарахь Фуртоуг юртахь юртбахамхон доьзаллехь. ГӀалгӀа.

Цо дешна Владикавказан реальни доьшийлахь, и чекхъяккха - Москован коммерчески институтехь. Иза вара студентийн революцин кружокийн балхахь дакъалоцуш. 1916 шарахь дешна ваьлча иза БуритӀе юхавеара иза. Цигахь цо болхбира кегийн кредитан Теркан союзан инструктор. Цу хенахь цуьнан доттагӀала тасделлера С. М. Кировца.

1917 шеран февралехь революци хиллачултӀехь иза хилира Теркан граждански исполкоман декъашхо а, Владикавказан белхлойн а, салтийн а депутатийн Советан декъашхо а. 1918 шеран мартехь иза хӀоттийра Теркан Советски Республикан къаьмнийн хьаштийн халкъан комиссар. 1918-1920 шерашкахь цо жигар дакъа лецира Граждански тӀамехь.Иза велира 1920 шеран 3 майхь Бакухь.

Дагахьлаттавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Соьлжа-гӀалахь хӀоттийна Граждански тӀеман турпаллашна хӀолламантӀехь Ахриеван сурт ду Асланбек Шерипован а, Николай Гикалон а суьрташна уллехь.
  • Ахриеван цӀе тиллина урамаш бу Соьлжа-ГӀалахь, Несарехь, Гуьмсехь, Карабулакехь, Малгобекехь, кхийолу а ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьанан а нах беха меттигашкахь.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Ахриев И. Г. Гапур Ахриев. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1967. — 44 с. — 1000 экз.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]