Шатаев, Мохьмад Шотаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шатаев Мохьмад Шотаевич
Вина терахь 1896({{padleft:1896|4|0}})
Вина меттиг Курчалой-ГӀала, Российн импери
Кхелхина терахь 1965 шеран 13 сентябрь({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Кхелхина меттиг Курчалой-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС

Шатаев Мохьмад Шотаевич (1896, Теркан область, Курчалой-ГӀала, Российн импери — 1965, Курчалой-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — нохчийн, советски, пачхьалкхан, йукъараллин гӀуллакххо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шатаев Мохьмад вина 1896-чу шарахь куьрчалой тайпанахволчу вахархочуьнан Товболт-Хьажни кӀентан  ШотӀийн доьзалехь Куьрчала йуьртахь. Мохьмадан дай, Шайгахь доккха иман а аьттуо а болуш Куьрчалой генах нах хилла. Цо дешна нохчийн берашна лерина хилла йолчу Веданарчу оьрсийн школехь. И школа схьайиллинарг хилла, Нохчийчохь Ӏилма Ӏаморхо, «Дикий дивизии» бӀехойн командир хилла волу А. Кужуев[1].

Соьлжа-ГӀалар Шатаев Мохьмад цӀарах урам

Цуьнан да ШотӀа, шен долахь латта а туькнаш а йолуш йохка-эцархо хилла.

Мохьмадан пхийтта шо кхочуш, дӀакхелхина да.

Шатаев Мохьмада 1918-чу шарахь гражданский тӀамехь, Соьлжа-ГӀала ларйеш «БӀе дийнан тӀомехь» дакъа лаьцна.

Иштта, Али Митаев волчу полкехь а волуш, Веданан гӀопана тӀелатар хиллачохь дакъа лаьцна.

1920-чу — 1922-чу шерашкахь — Грозный гӀалин Нохчийн округан исполкоман Инструктор;

1921-чу шарахь — БуритӀе, Горский съездан совете делегат хаьржина. Оццу шарахь Соьлжа-ГӀалин Нохчийн округан исполкоман декъашхо;

1922-чу — 1925-чу шерашкахь — Курчала йуьртахь, йуьртан да;

1924-чу — 1927-чу шерашкахь — Нохчийн областан съездан Совете шозза хаьржина делегат;

1925-чу — 1926-чу шерашкахь — Гуьмсан округан Инструктор-Нохчийн областан халкъан дешаран отдел, Соьлжа-ГӀала;

1926-чу — 1927-чу шерашкахь — Лаьттан отделан округан Куьгалхо, Нохчийн областан Гуьмсе станиции Округан исполкоман куьйгалхочуьнан гӀонча.

1927-чу — 1931-чу шерашкахь — Нохчийн автономин областан, Гуьмсен станицин, Гуьмсан Округан исполкоман куьйгалхо.

Водоконалтрестан подшефни паровозан кабийнайчохь, машинист хуттучохь накъосташцана суртатӀехь лаьтта М. Шатаев.

1931-чу — 1937-чу шерашкахь Водоконалтрестан управленийн куьйгалхо, Куьрчала кӀоштахула депутат хаьржина къинхьегамхойн депутатийн Совете;

1929-чу шарахь ВКП(б) декъашхо.

1934-чу шарахь Грозненский городской Совете депутат хаьржина, Нохч-ГӀалгӀайн обкоман КПСС декъашхойн кандидат;

1937-чу шарахь Х.Вахаев, М.Мамакаев, Х. Мехтиев кхи дуккха а махкахой цхьана Сибрех вахийтина, Ростов-на Дону цӀе йолчу гӀалахь набахтехь чувоьллина кхо шо зама йаьккхина.

1941-чу шарахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалале, бехкехиларан бахьан карца дина паргӀат ваьккхина реабилитацин Ӏалашонан лерамца.

1957-чу 1962-чу шерашкахь Курчала райисполкоман председателан даржахь

хилла[2].

Нохчий, ГӀалгӀай къам Сибрехар цӀа дерзош кхоьллинчу комиссин йукъахь, къаьмнаш цӀа дерзоран хьокъехь жамӀаш деш, накъосташцана дакъалоцуш хилла Председатель Совета Министров Анастаса Микоян волчохь[3].

Болх некъ дӀакхоьхьуш  Мохьмада Ӏар-вахар Соьлжа-ГӀалахь хилла.

ТӀаьххьарачу шарашкахь ваьхна Курчалахь, цигахьдӀа а кхелхина.

Виццавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Шатаева Махьмада сийнна, Курчала йуьртахь схьа биллина урам.
  • 2022 шеран декабрехь Соьлжа-ГӀалин урам Шатаев Мохьмад цӀе тиллина.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Баудинов.
  2. Гантимурова.
  3. Арби Подаров. ЧЕЧНЯ. Слово о славном сыне чеченского народа Магомеде Шатаеве. ИА Чеченинфо. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 26 февраль.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Ингуши : Депортация. Возвращение. Реабилитация, 1944-2004:Документы. Материалы. Комментарии / Авт.-сост. Я. С. Патиев. - Магас : Сердало, 2004. - 606 с. ; 22 см. - Библиогр.: с. 584-588. - 5000 экз. - ISBN 5-94452-018-3
  • Дешериев Ю. Жизнь во мгле и борьбе: О трагедии репрессированных народов. — М.: Палея, 1995. — 275 с. — 1000 экз.- ISBN 5-86020-238-5.
  • Батукаева З. А. Тайны семейного архива братьев Налаевых // «Маршо». — 2010. — № 13—14 (5 февралехь).
  • Татьяна Гантимурова. Два дня и вечность // газета «Северный Кавказ». — 2012. — № 1 (1019) (февраль).
  • Алихан Баудинов. Оставил о себе добрую память. Грозный-Информ (2019-3-19). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 март.