Хнов

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Эвла
Хнов
рут. Хин
Пачхьалкх

Росси

Федерацин регион

ДегӀаста

Муниципалан кӀошт

Ахтан

Координаташ

41°22′36″ къ. ш. 47°26′42″ м. д.HGЯO

Бахархой

2048[1] адам (2017)

Сахьтан аса

UTC+3

Телефонан код

+7 87263

Поштан индекс

368700

Автомобилан код

05

Код ОКАТО

82 206 000 009

Код ОКТМО

82 606 485 101

Картан тӀехь
Хнов картан тӀехь
Locator Dot2.gif
Хнов картан тӀехь
Locator Dot2.gif

Хнов (рут. Хин[2]) — ДегӀастанан Ахтан кӀоштан эвла ю.

Хнован юьртан меттиган административан центр.

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
1869[3]1886[4]19022002[5]2006[6]2010[7]2012[8]
1867188718901636163620592066
2013[9]2014[10]2015[11]2016[12]2017[1]
20832098208520542048

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Хнов ю ДегӀастанан Ахтан кӀоштан уггаре къилбехь йолу эвла, иза лаьтта Кавказан коьрта а, Гельмец-Ахтан а даккъийн геннийн юккъехь. Хиш Кизилдере а, Даличай а Ахтычай а цхьаьнакхеттачехь.

Хновн куьпаш

Гаджибала, Мыданар, УжагӀлар, Ибайшты, ЧовгӀнайшты.

Эвлан уллера аренаш

Урумуда, Говундады, Тарадады, Духуду, Гукъейшид хал, ДонгӀуз там, Бухай, Пахурчи, Катаван, Вурады Катаван, ЙикIигды, Хыдсайича, Махраб, Вусун, Вузаяр, Шурдых дад, ЮгӀлмад, Архаб, Кырыдад, Калдывус, Анады.

Шовданаш

Азамудады булах, Хдымад булах, Махраб, Кимурдад, Мугъумуй, Адысид, Амедеид, Катаван булах, Велес булах, ЧIылыхун булах, ЧӀилов булах, Пахурчи булах, Ймкъади усуду булах, Кулейши булах, Анади булах[13].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Эвла йиллина терахь билгала хууш дац, амма, Ахты-Наме тептар тӀехь яздинчунца билгалдолу, ДегӀаста Ӏаьрбаша яккхале йиллина хилар, 5 эвла цхьа а тоьхна: Хнов, Донгуэ-Тала, Нухух, Жилих, Курдул. Эвлахь ду Мохьмад ибн-Ӏаббасан чурт, цунна тӀехь 650 шо яздина ду[13]. XI бӀешарахь І Фарибурз ширваншах Хновн эвлан тӀелетира, мацах цӀа Кабала гӀап уллехь Лашкаристан цӀе йолуш шен шича Хнов бахархоша вийна аьлла бекхам бан дагахь. Цуо дукха нах байира, даьхний дӀадигира, ломан эвланаш ягира[14]. Хьалха дуьйна Хнов лаьтташ хила стратегин меттигехь, цуьна уллехула чекхболуш хила ГӀазгӀумка-Курах-Ахта-Хнов-Нуха боьду некъ. Ширванца зӀе латтош болчу Салаватан лам (2829 м) тӀехула. Кхузара эпиграфис тоьшалла до, XIII бӀешарахь эвлахь гӀишлош йина хилар[15].

1401 шарахь дуьххьара хьахийна ахархойн мулк хилар Хнов эвлахь. Цхьаьна Гергис совгӀатан делла шен мулк (дакъа) Киш ал-Хнов эвлана.[16] 1555 шарахь хновхойн, рутулхошца, цӀахурашца цхьаьна, Кахетин тӀелетта, гуьржий Алазань хил дехьабаьхна. 1597 шарахь хновн сурхой дакъалецира Таркхойн шамхалца цхьаьна оьрсийн эскаршна дуьхьал тӀамехь. XVII бӀешо долалуш 1839 шо кхаччалц Хнов а, Борч а формалан юкъайодара Ахты-парун, амма факт хилла маьрша эвла яра шен урхалла а долуш.[17][18]. XVI—XVII бӀешерашкахь хновн, кхечу рутулхойн юкъараллийн санна, маршо яра, урхалла дора къаноша, амма политика а, экономика а агӀора коьрта эвлан Рутулан куьйга кӀелахь хила дийзира, ткъа уьш бекаш куьйгалла деш бара. Масийттаз къевсира хновхоша шайн маршо Ахтыпарих. Хнов тӀаккха яра урхалла деш хоржучу юьртдайша — «кевхаша», уьш хуьлура дукхах дерг хьалдолу чкъоьрах нах.[19][20]
Хнов, цхьаьна Борч, Гдым, Маза, Фий эвланашца бартхой хилира Алтыпаран, Хнов коьрта эвла а йолуш.[21]

Хновхь шайн къаной бара, церан барам боьзна бара тайпанин барамца, хӀора тайпано хоржура шайна юкъара цхьацца къано юьртан урхаллин. Иштта эвлахь цхьа чавуш а вара.[22] 1838 шарахь хновхоша Рутулхойн Агабекца цхьаьна дакъалецира мостагӀаша дӀалаьцна Шеки гӀала юхаерзош. 1846 шарахь Хновн гергахь оьрсийн эскарша ломах Ӏуьрг даьккхина тоннель йира ТӀеман-Ахтан некъ буьллуш.[13] 1929 шарахь Хнов юкъакхийтира керла йиллинчу Рутулан кӀоштан. 1930 шеран 15 июнехь Хновн гӀаттам хилира, декъашхой дуьхьала бара колхозашна а, байталбахарна а, тӀедиллара шариӀатан суьдаш меттахӀиттор. ГӀаттам охьатаӀийра Ахтара а, Шиназара а даьхкинчу ЧГӀХК дакъоша. В 1934 году Хнов был присоединён к Ахтынскому району.[23] 1939 шарахь йиллира телефонан зӀе кӀоштан юкъца Ахтаца. 1956 шарахь йиллина радиоузел.[13] Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь тӀеман аренашкахь кхелхина 130 сов хновхо.[24]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  2. "Рутульские новости" - Гьашыкь Сакит не мыхаIбыр
  3. Н. И. Воронов. Сборник статистических сведений о Кавказе. Том I
  4. Население Ахтыпаринского наибства Самурского округа по сёлам в 1886 году
  5. Данные Всероссийской переписи населения 2002 года: таблица № 02c. Численность населения и преобладающая национальность по каждому сельскому населённому пункту. М.: Федеральная служба государственной статистики, 2004
  6. Схема территориального планирования Ахтынского муниципального района Республики Дагестан. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 21 августехь. Теллина 2014 шеран 21 августехь.
  7. Всероссийская перепись населения 2010 года. Таблица № 11. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских и сельских населённых пунктов Республики Дагестан. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 13 майхь. Теллина 2014 шеран 13 майхь.
  8. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  9. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  10. Численность населения на 1 января 2014 года по сельским поселениям Республики Дагестан. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 17 апрелехь. Теллина 2014 шеран 17 апрелехь.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  13. 1 2 3 4 Селение Хнов
  14. Тюрки и грузины у стен Дербента
  15. А.Е. Криштопа Дагестан в XIII - начале XVвв.. — Москва: «МАМОНТ», 2007. — С. 57. — ISBN 978-5-903-011-17-9
  16. Некоторые памятные даты из истории лезгин — Односельчане.ру Архивацийина 4 октябрехь 2013 шеран.
  17. Офиц.сайт ДГУ - Этнические процессы и проблемы малочисленных и государственно-разделенных народов Дагестана Архивацийина 6 июнехь 2014 шеран.
  18. - Этнические процессы и проблемы малочисленных и государственно-разделенных народов Дагестана
  19. История развития селоа Хнов
  20. Этнические процессы и проблемы малочисленных и государственно-разделенных народов Дагестана Архивацийина 6 июнехь 2014 шеран.
  21. Султанмагомедов А.А Сословия в обычном праве Рутула.
  22. История Ахтынского района | Официальный сайт Администрации Ахтынского района Архивацийина 6 октябрехь 2014 шеран.
  23. История развития села Хнов(ТӀе цакхочу хьажорг)
  24. Статья «Хновское восстание» на интернет-портале Открытый Дагестан