Пляжан футбол

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Пляжан футбол
Сурт
Амал
Категори буьрканах ловзар
ГӀирс буьрка
ЦхьалгӀа къийсамаш
Дуьненан чемпионат 2005 шо
Дуьненайукъара федераци
ЦӀе FIFA
Кхуьнца йолу проекташ

Пляжан футбол (инг. beach soccer) — ламастан футболах ловзаран бакъонаш тӀехь кхоьллина спортан тайпа. Къийсамаш дӀахьо гӀамарийн пляжашкахь, цигахь башха ладаме ду буьрка лелоран говзалла а, семса гӀум тӀехула сиха лелар а. Дуьххьара бакъонаш ша тайпа ян гӀоьртира 1992 шарахь иза кхоьллина Дерриг дуьненан пляжан футболан кхоллам. ДПФКх пляжан футболан турнираш ян йолаелира шен эгидехь.

КӀеда а, ког чуоьху а гӀамро ловзархошка импровизацеш йойту, лелайойту хаза техникин приёмаш (масала, охьа а кхеташ шена тӀехула тохар — «тукаршца» я «бисиклеташца»). Ловзаран аренан компактан барамаша (28 х 37 метр) таро йо ловзархойн миччахьара а чутоха, шайн кевнашкара а туху. Матчехь дуьхьалара кевнака 60 сов буьрка туху (йоккхачу футболехь 20 сов туха). Гол туху хӀора 3-4 минот моссаза ели, ткъа юккъера чутуху буьрканийн барам 11 буьрка гергга бу (йоккха футболехь норма 2,5 гол ю).

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пляжан футбол кхоллаелла Бразилехь, хӀинца кхиина дуьненайукъара маӀна долу спортан тайпа санна. ГӀарабевлла йоккха футболан ловзархоша дакъалацаро, масала, француз Кантона Эрик, испанхой Мигель а, Салинас Хулио а, бразилихой Ромарио а, Жуниор а, Зико а, цуьнан телевизионо гайтар шордина — пляжан футбол гайта буьйлабелла дуьненан 170 махкахь. Цуо йина пляжан футбол дуьненахь уггаре динамикица кхуьу спорт, тӀеозийна дукха реклама а, спонсораш а.

Ловзаран бакъонаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пляжан футболех ловзу майда
  • ХӀора команда лаьтта пхеа ловзархочух (виъ аренан ловзархо а, кевнахо а).
  • Командо шайна лучу кепара, барам боцуш, ловзархой хийца мега (резерван гӀант тӀехь хуьлу, 3 – 5 резерван ловзархо).
  • Матч лаьтта 12 минотехь болу кхаа муьрах.
  • Муьрашна йукъахь кхаа минотехь садоӀу.
  • Пляжан футболехь цхан а ца тоьлуш ца хуьлу. Коьрта хан чекхъяьлча кхин тӀе мур туху 3 минотана; овертаймехь цхьан а ца толахь — матчал тӀаьхьара пенальтин сери туху, кхоккха хӀора команд.
  • Матч дӀахьо аренан тӀера шина суьдхочо а, суьдхочо-хронометристо а, резерван суьдхочо а.
  • ХӀора фолан гӀудан буьрка туху.
  • ГӀудан буьрка туху, дуьхьала бакъонаш йохийначо. Нагахь иза лазийнехь, иза аренан тӀера дӀаволу, ткъа гӀуданан буьрка кхечу муьлххачу ловзархочо туху.

Иштта ю кхин бакъонаш:

  • Футболисташ ловзу когаш Ӏуьйра. Бакъо ю носта а, голаш а дӀаехка.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Дуьненайукъара пляжан футбол