Нильсен, Кент
![]() | ||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Юьззина цӀе | Кент Нильсен | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1961 шеран 28 декабрь (59 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Фредериксберг, Дани | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 191 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Кент Нильсен (дат. Kent Nielsen; вина 1961 шеран 28 декабрехь Фредериксбергехь, Дани) — данин футболист, юккъера турсло, гӀараваьлла «Брондбюн», «Астон Виллин», Данин гулйина командин юкъахь ловзуш. 1986 шеран дуьненан чемпионатан а, 1992 шеран Европин чемпионатан а декъахо. Данин хиллачу футболистан Нильсен Эрикан да.
Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
Нильсен шен карьера йолийна да левзинчу клубехь «Брёншёйн» юкъахь. Командехь цуо даьккхира ялх шо, левзира 300 гергга матчехь. 1987 шарахь Кент дехьавелира «Брондбю». Керлачу клубца иза шозза туьйлира Данин Суперлигехь, баьккхира Данин кад. Дуьненан чемпионат - 88 чекхъяьллачул тӀаьхьа иза дехьавелира Ингалсан «Астон Вилле». Трансферан мах хилира £ 500 эзар. Иза ма-вагӀара командин коьрта ловзархо хилира, амма 1991 шарахь керла тренер варца, Нильсенан коьртачу хӀоттамера меттиг байра, ткъа иза даймахка цӀехьа вирзира. Кентан керла клуб хилира «Орхус», цуьнца шен карьерехь шозлагӀа данин кад баьккхира. 1994 шарахь Нильсена чекхъяьккхира шен футболистан карьера, тӀаккха тренер хилира.
Дуьненаюкъара карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
1983 шеран 5 октябрехь Нильсенан дебют хилира Данин гулйина командин юкъахь Польшин гулйина командин дуьхьаларчу матчехь. 1986 шарахь дуьненан чемпионате боьлхучеран дӀахьедаран исписки юкъатуьйхира иза. Турнире Кент вахара резерван футболистан хьолехь, арен тӀе ца велира. 1992 шарахь Нильсен къоман гулйина командин юкъахь левзира Европин чемпионатехь, турниран толамхо хилира. Турнирехь иза левзира деа ловзарехь, Ингалсан гулйина командица[1], Швецица[2], Францица[3], Германица[4]. Европин хьалхеяккхар чекхъяьлча Кента чекхъяьккхира шен къоман командин юкъара карьера.
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Командин
«Брондбю»
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1987
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1988
- Данин кад баьккхинарг — 1988/1989
«Орхус»
- Данин кад баьккхинарг — 1992
Дуьненаюкъара
Тренеран
«Ольборг»
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Дани VS. Англия 0:0 (ru), allsoccer.ru (11 June 1992).
- ↑ Швеция VS. Дани 1:0 (ru), allsoccer.ru (14 June 1992).
- ↑ Франция VS. Дани 1:2 (ru), allsoccer.ru (17 June 1992).
- ↑ Дани VS. Германия 2:0 (ru), allsoccer.ru (26 June 1992).
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 28 декабрехь
- Бинарш 1961 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Фредериксбергехь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Данин футболисташ
- Футболех ловзаран Данин гулйина командин ловзархой
- Футболех ловзаран Европин чемпионаш
- ФК «Брёнсхёй» ловзархой
- ФК «Астон Вилла» ловзархой
- ФК «Орхус» ловзархой
- ФК «Брондбю» ловзархой