Ольсен, Ларс
![]() | |||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | |||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Юьззина цӀе | Ольсен Ларс Кристиан | ||||||||||||||||||
Вина терахь | 1961 шеран 2 февраль (59 шо) | ||||||||||||||||||
Вина меттиг | |||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||||||||||||||
Локхалла | 191 см | ||||||||||||||||||
Позици | турсло | ||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||
![]() |
Ольсен Ларс Кристиан (дат. Lars Christian Olsen; вин. 1961 шеран 2 февраль[1], Глоструп[d], Коьрта гӀалин регион) — данин футболист, турсло, гӀараваьлла «Брондбюн» а, Данин гулйина командин а юкъахь ловзарца. 1988, 1992, 1996 шерашкара Европин чемпионатийн декъахо.
2011 - 2019 шерашкахь Фарерийн гӀайренийн гулйина командин тренер болх бира, цул тӀаьхьа Данин «Эсбьерг» клубан коьрте хӀоьттира.
Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ольсен вина Глострупехь, карьера йолийна меттигерчу иштта цӀе йолчу клубехь 1980 шарахь. Иза кегийрхойн гулйина командин юкъа кхайкхаволийча, цуьнца контракт дира Данин хьалхарчу дивизионан клубо «Кёгес». Лахарчу лигехь диъ шо даьккхинчул тӀаьхьа, Ларс дехьавелира «Брондбю». Керлачу клубца пхоьазза яьккхира Данин чемпионат, ткъа кхин а 1988 шарахь хилира Данин уггаре дика футболист. Ольсен «Брондбюн» капитан вара 1987 - 1988 шерашкахь. 1991 шарахь иза дехьавелира Туркойчоьнан «Трабзонспоре». Туркойчохь Ольсен командин коьрта футболист вара, цуо гӀо дира командин Туркойчоьнан кад боккхуш. «Трабзонспорера» дӀаваханчул тӀаьхьа Ларс левзира Бельгин «Серен» юкъахь а, Швейцарин «Базель» юкъахь а. 1996 шарахь Ольсен юхавеира «Брондбю», цуьнца ялхоззалгӀа а Данин чемпион хилира. ТӀаьххьара клубера матчехь левзира 1996 шеран ноябрехь.
Дуьненаюкъара карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
1986 шеран апрелехь Болгарин гулйина командин дуьхьала матчехь дебют хилира Ольсенан Данин гулйина командин юкъахь. 1988 шарахь Европин чемпионате йоьду командин дӀахьедаран исписки юкъахь вара. Турнирехь левзира кхаа матчехь: Италин[2], Германин[3], Испанин гулйина командашна[4] дуьхьала. Кхин диъ шо даьча Швецехь Ольсен къоман командин юкъахь шозлагӀа а дакъа лецира Европин чемпионатехь, турниран толамхой а хилира. Турнирехь левзира ерриг матчашкахь: Ингалсан[5], Швецин[6], Нидерландийн[7], Францин[8], Германин[9] гулйина командашна дуьхьала. 1996 шарахь кхузлагӀа а вахара Европин чемпионате. Ингалсе иза вигира резерван юкъахь, турнирехь цхьан а минотехь ца левзира.
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Командин
«Брондбю»
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1985
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1987
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1988
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1990
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1991
Футболех ловзаран Данин чемпионат — 1995/96
- Данин кад баьккхинарг — 1988/89
- Туркойчоьнан кад баьккхинарг — 1991/92
Дуьненаюкъара
Шен долара
- Шеран футболист Данехь — 1988
Тренеран
- Футболех ловзаран Данин кад — 2005/06
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Transfermarkt.com — 2000.
- ↑ Италия VS. Дани 2:0 (ru), allsoccer.ru (17 June 1988).
- ↑ Германия VS. Дани 2:0 (ru), allsoccer.ru (14 June 1988).
- ↑ Дани VS. Испания 2:3 (ru), allsoccer.ru (11 June 1988).
- ↑ Дани VS. Англия 0:0 (ru), allsoccer.ru (11 June 1992).
- ↑ Швеция VS. Дани 1:0 (ru), allsoccer.ru (14 June 1992).
- ↑ Нидерланды VS. Дани 2:2 (ru), allsoccer.ru (22 June 1992).
- ↑ Франция VS. Дани 1:2 (ru), allsoccer.ru (17 June 1992).
- ↑ Дани VS. Германия 2:0 (ru), allsoccer.ru (26 June 1992).
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 2 февралехь
- Бинарш 1961 шарахь
- Википеди:Масех маьӀна долу геомогӀамаш болу агӀонаш
- Адамаш абатца
- Футболан тренераш абатца
- Википеди:Страницы с неоднозначными геоцепочками
- Данин футболисташ
- Футболех ловзаран Данин гулйина командин ловзархой
- Футболех ловзаран Европин чемпионаш
- ФК «Кёге» ловзархой
- ФК «Брондбю» ловзархой
- ФК «Трабзонспор» ловзархой
- ФК «Серен» ловзархой
- ФК «Базель» ловзархой
- Данин футболан тренераш
- ФК «Раннерс» тренераш
- ФК «Оденсе» тренераш
- Футболех ловзаран Фарерийн гӀайренийн гулйина командин тренераш
- ФК «Эсбьерг» тренераш