Москохан олалла

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Историн пачхьалкх
Сийлахь Москохан олалла
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Muscovy 1390 1525.png
Flag of Russia.svg 
1263 — 1547

Коьрта гӀала Москох
Мотт оьрсийн, килсан славянийн
Дин Керста динан килс[d]
Майда 3 млн. км² (1547)
Бахархой 1460-гӀа шерашкахь 3 млн.
1530-гӀа шерашкахь 6,5 млн.
Урхаллин тайпа феодальная монархия[d]
Истори
 • 1213 Дуьххьара къастийна паччахьан латта
 • 1263 ШолгӀа къастийна паччахьан латта
 • 1363 Сийлахь олалла
 • 1480 Юьззина маьршаяьлла Ордах
 • 1547 Паччахьалла кхайкхийна
before-after

Си́йлахь Моско́хан о́лаллаюккъера бӀешерашкара оьрсийн феодалийн пачхьалкх. Юьхьанца Сийлахь Владимиран олаллин паччахьан латтах, XIV бӀешеран юккъехь дуьйна москохан элийн дола Владимир ялар бахьнехь — сийлахь олалла хилира. 1330-гӀа шерашкара 1480 шо кхаччалц москохан элаша — лелайора ханан сийлахь элийн ярлык, иза яккхархьама цара къийсамаш латтабора кхечу яккхийчу олаллашца: Тверан а, Нижегородскан-Суздалан а.

ТӀаьхьа XV бӀешо чекхдолуш москохан элийн латтанаш шордаларца а, Ӏедал цхьаьна кара дерхорца а монголех мукъадаьлла Сийлахь-Доккха Москохан олаллах хилира Оьрсийн пачхьалкхан марталлин юкъ. 1547 шарахь Москохан сийлахь эла, ерриг Русин паччахь Иван IV Васильевич тӀеийцира паччахьан дарж. Российн паччахьаллин юкъахь Сийлахь-Доккха Москохан олалла кхин а цхьаьна хенахь лорура ша йолу Ӏарш, цунах олура Москохан пачхьалкх.

Олалла дӀакъастар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьалхара москохан эла хилира Всеволод III-гӀачун ялхолгӀа кӀант — Владимир, 1213 шарахь иза масех батан охьахиира Москохахь (шен воккхаха волчу вешегара владимиран элера Юрийгара гӀала а яьккхина). Амма, сихха, москохан волость юхайирзира сийлахь элан махкан юкъа, ткъа Владимир Всеволодович дехьаваьккхира кхин а гӀолечу Переяславль-Къилбехьара махка. 1236 шарахь Владимиран сийлахь элас Юрий Всеволодовича къастийра Москохан олалла шен къуоначу кӀантана Владимирна. Батый тӀелетачу хенахь Москох 1238 шеран 20 январехь талораш дина, ягийна яра, ткъа иза ларйина волу Владимир Юрьевич йийсар вина, 3 февралехь вийра. Москох юха а юкъаеира сийлахь элан Ярослав Всеволодовичан махкан. Иза 1246 шарахь Ордахь вийначул тӀаьхьа юха дийкъира Владимиран-Суздалан латтанаш. 1246—1248 шерашкахь Москох долахь яра Михаил Ярославич Хоробритан (и факт хьахийна яц массо а тептаршкахь, лору къовсаме). Амма иза реза вацара шен чолхечу хьолан. 1248 шарахь Михаил тӀелетира коьрта гӀалан Владимиран, эккхийра цигара деваша Святослав Всеволодович, дӀалецира сийлахь Ӏарш, шен вежарий Александр а, Андрей а воцучу хенан. Михаил Ярославич Хоробрита кӀезиг урхалла дира, Ӏай (1248 шеран 15 январехь) иза велира литвахошца Протва эркан бердашца хиллачу тӀамехь. Цуьнах дисинарг Владимирера Успенскан килс дӀадаьхьира. Михаил Хоробрит хилира тӀамехь велла тӀаьххьара оьрсийн сийлахь эла. Цхьацца хаамашца, Михаил веллачул тӀаьхьа висира цуьнан жима кӀант Борис, девешийн Александр Невскийн пурбанца цуьнан долахь дара, Москохан олалла. Борис Михайлович велира 1263 шо доладалале, кхиина а валале.

Александр Невскийн весетаца олалла, оццу 1263 шарахь, делира жимахчу кӀантана — Даниил Александровичан, цуьнан тӀаьхьенашна иза дисира. Даниилан кӀант вара Иван I (Калита)Дмитрий Донскойн деда. Амма оцу заман йохаллехь Москохан олалла юкъахь яра Владимиран Сийлахь-Доккхачу олаллина.

Арахьара политика[нисъе бӀаьра | нисъе]

Москохан элийн цӀа кхоьллина Даниилан заманахь олалло дӀалоцура жима мохк, доза дара Москох эркан бассейнца, Окан тӀевоьдийла а яцара. Шен баккхийчу кӀенташна Дмитрийна а, Андрейна а юкъара Владимирехь эла хӀотторан къовсам чекхболуш Даниил вара Дмитрийгахьа, ордан Дюденан бӀоно йохийра царна юкъахь Москохан олалла а (1293). Сарайн хана Тохтас НогӀийн «дунайн улус» дӀаяьккхинчул тӀаьхьа (1300) москохан гӀуллакхан цхьа дакъа кхечира, хьалха НогӀийн сферин Ӏаткъаман буха хиллачу къилба-оьрсийн латтанашкара элашна[1]. 1301 шарахь Даниила вохийра рязанан эла Константин Романович, йийсар вира иза, дӀалецира Коломна гӀала. 1302 шарахь Даниилан аьтту белира схьаяккха елла яьлла Переславль-Залесски, шен бера доцу вешин кӀентан Иван Дмитриевичан весетаца (цул тӀаьхьа кхечира Владимиран олаллан ярлык кхаьчначу Михаил Тверскойн[1]). 1303 шарахь Даниил велира, оццу шарахь цуьнан пхеа кӀентех воккхах верг, Юрий, тӀелетира Смоленскан латтана схьаяьккхира Можайск.

Росси Российн истори
Coat of Arms of the Russian Federation.svg
Малхбален славянаш, оьрсий
Киевн Русь (IXXII бӀешераш)
Долара Русь (XIIXVI бӀешераш)
Сийлахь Владимиран олалла (11251389)
Новгородан республика (11361478)
Сийлахь Литван олалла (12361795)
Сийлахь Москохан олалла (12631478)
Оьрсийн пачхьалкх (14781721)
Оьрсийн паччахьалла (15471721)
Российн импери (17211917)
Российн республика (1917)
РСФСР
(19171922)
Российн пачхьалк
(19181920)
ССРС (19221991)
Российн Федераци (1991 дуьйна)

ЦӀераш | Урхалчаш | Хронологи | Экспанси
Ков «Росси»

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 БРЭ, том «Россия», с.279