Оьрсийн-шведийн тӀемаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Оьрсийн-шведийн тӀемашРоссийна а, Швецина а йукъара тӀемца долу девнаш.

Шераш ЦӀе Толамхо
1142—1164 Хьалхара шведийн жӀарахойн тӀелатар Новгородан республика
1187 Коьрта шахьран Сигтунин тӀелатар Новгородан республика
1240—1250 ШолгӀа шведийн жӀарахойн тӀелатар Новгородан республика
1293—1295 КхоалгӀа шведийн жӀарахойн тӀелатар Билгала дац
1311—1323 Шведийн-новгородан тӀом Билгала дац
1348—1349 ДоьлгӀа шведийн жӀарахойн тӀелатар Новгородан республика
1495—1497 Оьрсийн-шведийн тӀом Билгала дац
1554—1557 Оьрсийн-шведийн тӀом Росси
1558—1583 Ливонан тӀом Швеци а, Речь Посполити а
1590—1595 Оьрсийн-шведийн тӀом Росси
1610—1617 Оьрсийн-шведийн тӀом Швеци
1656—1658 Оьрсийн-шведийн тӀом Билгала дац
1700—1721 Сийлахь-Боккха Къилбаседа тӀом Росси
1741—1743 Оьрсийн-шведийн тӀом Росси
1788—1790 Оьрсийн-шведийн тӀом Билгала дац
1808—1809 Оьрсийн-шведийн тӀом Росси

Хронологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

XIII бӀешеран йуккъехь латташ шведийн Ӏедалан кӀелахь ду.
1240 шеран 15 июльНевин тӀом, Александр Невскийс хӀаллакдина шведийн эскар.
12461250 — Ярл Биргер II коьртехь волу шведийн эскарш тӀемца тӀелетар.
XVIII—XIX бӀешерашкахь тӀемашца Россех схьатоьхна мехкийн карта

Швецин а, Киевн Русьна а йукъара тӀемийн йуьхьиг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Новгородца тӀемаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Швецин а, Киевн Русьна а йукъара тӀемийн йуьхьиг хьалайоьду XIII бӀешеран йуккъе. Оцу хенахь къовсаме болу Финнийн айманан берд лаца гӀертара новгородхой а, шведаш а.

1187 шарахь Швецехь гражданийн тӀом болуш, чӀогӀа ницкъ бира шведашна славянийн православин бахархой алсама болу шведийн коьрта шахьран Сигтунин тӀелатаро. Карелин тӀемлошца кеманийн флотили къайлаха чекхйелира шведийн шхерашкахула Сигтуне. Шведийн коьрта шахьар штурмаца йаьккхира, вийра Упсалин католикийн епископ. Сигтуна мукъайаьккхинчул тӀаьхьа, шведаша оьрсийн бахархошна репресси йира, карелашна – Новгорадан республикин бахархойн а, бартхойн а дуьхьало ца йарна, йохийра православин килс. Новгородхоша тӀелатарехь дакъа лацар хила тарло, амма хьосташа дуьххьара дӀа тӀе ца чагӀдо. Швеци гӀелйалар пайдехь дара Новгородна, амма бала хьийгира Сигтунин православин славянийн бахархоша.

1239—1245 шерийн карта

Александр I волуш хилла Оьрсийн-шведийн тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

1807 шарахь Александр I-чо а, Наполеон I-чо а Тильзитан машар бина, чекхбаьккхира оьрсийн-пруссин-французийн тӀом. Тильзитан машар бича, Александр I-чо кховдийра шведийн паччахье Густаву IV-гӀачуьнга шен йукъарло Наполеонца маслаӀат дан. Машаран бертан цхьа бехкам бара Российн импери Йоккха Британин йина континентан блокадех схьакхетар бара (блокада йара Наполеона йина экономикин а, политикин а система). Иштта блокадех кхета дагахь йара Данин паччахьалла а. цунна дуьхьала 1807 шеран августехь Йоккха Британис паччахьаллин коьрта шахьран Копенгагенна тӀе а летта, схьалецира йерриг данин тӀеман флот. Густав IV-чо и кховдам дӀа а теттина, Ингалсчоьнца герга йахаран некъ лецира, ткъа иза къуьсуш йара шен мостагӀе волчу Наполеонца. Россий а, Йоккха Британин а зӀенаш хедира — вакилаташ хӀораммо а цӀа кхайкхира, болабелира буьйда тӀом. 1807 шеран 16 ноябрехь Российн правительствос йуха а кховдийра шведийн паччахье йукъаметтиг тойар, амма шина баттахь гергга цхьан а жоп ца догӀура. ТӀаьххьара, Густав IV-чо жоп делира, французаша Балтика хӀордан гаванаш дӀахеццалц 1780 а, 1800 а шерашкара берташ кхочуш бан йиш йац аьлла. Оцу хеннахь хиира, шведийн паччахь Даница болчу тӀамехь кечлуш вуй Ингалсчоьнна гӀо дан, цаьргара Норвеги схьайаккхархьама. Дерриг оцу хьелаша император Александр I-чунна бахьна лора Финлянди йаккха, Ӏалашо йара шайн коьрта шахьаран кхерамазалла латтор луларчу Российца гома йолчу пачхьалкхах.

1808 шарахь оьрсийн эскар (24 эзар гергга) дозанца дӀахӀоьттира, Фридрихсгамна а, Нейшлотна а йуккъехь, куьйгалла дан тешам беллера графанна Буксгевденна. Шведийн Финляндехь оцу хенахь 19 эзар эскар дара, цхьаьна ханна хӀоттийна инарлин Клеркеран хьаькмаллехь. Коьртабаьчча, граф Клингспор, хӀинца а Стокгольмехь вара, цигахь массо а дог дохуш бара цакхетам машаре дӀаберзорна: ша паччахь тешаш вацара оьрсийн эскарш Выборган губернехь хӀоьттина ду аьлча, шведийн эскар тӀеман хьоле даьккхина дацара.

ТӀом кхайкхина боццушехь, оьрсийн эскар 9 февралехь дозанал дехьа делира. 18 февралехь граф Буксгевден Гельсингфорс чувелира; шведийн эскарш чӀагӀделира Свеаборгехь. 23 февралехь граф Клингспор йухавелира Таммерфорсе, омар делира дерриг къилбаседа Финляндехула дӀасакхийсина тобанашка цига тӀейуьйла аьлла. Цунна тӀаьххье Тавастехус дӀалецира оьрсийн эскарша.

27 февралехь Буксгевден омар делира элина Багратионна Клингспорна тӀаьхьара ма вала, ткъа инарлина Тучковна — цуьнан йухаваларан некъ хадабе аьлла; ша Буксгевдена сацам бира Свеаборган гуо латто. Свеаборган аьттонца гуо латторехь коьртаниг хилира Готланд гӀайре йаккхар — цуо сагатдина шведийн правительство флотан даккхий ницкъаш хьажийра гӀайре йухадерзо, оцу балхо Свеаборган турслойн хӀордан тӀера эвсаре гӀо дӀадаьккхира[1].

Шведаш дуьхьало ца йеш йухабевлира Брагестад йолчу, амма Свеаборг 26 апрелехь карайахара оьрсийн эскаршна. Толамхошна кхечира 7,5 эзар йийсархо, 2 эзар сов топ, тайп-тайпанна тӀаьхьалонна дӀайехкина хӀумнаш, 110 тӀеман кема. Кхин а хьалха, 5 мартехь, карайахара Свартхольм гӀап; оццу хенахь ала мегар долуш дӀалаьцна чӀагӀбина мара Гангут а, Аландан гӀайренаш а. Кхин дӀа аьтту рогӀ-рогӀанна хуьлура. Шведийн эскаршна гӀолоцура финнийн бахархоша, оьрсийн эскарна дуьхьала партизанийн тӀом латтош.

1809 шеран 6 (18) мартехь Багратионан корпусо дӀалецира Аландан гӀайренаш, схьалецира 2 эзар сов йийсархо, 32 йоккха топ, 150 сов кема. Коьртехь инарла-майор Я. П. Кульнев волу оьрсийн эскарийн авангард 7 (19) мартехь Швецин бердашка йелира, йаьккхира Гриссельгам (хӀинца Норртелье коммунехь), кхерам бира Стокгольмна. Царна йукъахь, хьаькамаллехь граф Шувалов волу оьрсийн эскарийн къилбаседа тоба кхиира хаъал толамаш баха. Цунна дуьхьала лаьтта Гриппенберган тобано тӀом ца беш йитира Торнео гӀала, цул тӀаьхьа, 13 мартехь, Российн империн эскарша Каликс эвлан гергахь гуо бина, герз охьадиллира. Цул тӀаьхьа Аландашкахь бинчу бартах хаам кхаьчна граф Шувалов сецира.

1809 шеран 13 мартехь Швецехь пачхьалкхан харцам хилира, Густав IV Адольф вожийра, ткъа паччахьан Ӏедал кхечира девешин Зюдерманландан герцоган а, цунна гуонахьара элашна а кара.

Стокгольмехь гулйеллачу риксдаго Зюдерманландан герцог паччахь Карл XIII-гӀа кхайкхийна, керла правительство Эстерботнера оьрсий дӀататтарех болчу инарлин графан Вреден кховдам тӀетевжира; тӀом карла белира, амма шведийн масех кема лаца бен аьтту ца белира; уьш Россин дуьхьала халкъан тӀом боло гӀертарх гӀуллакх ца хилира. Гернефорсан гергахь оьрсашна аьтту болуш гӀуллакх нисдаларна йуха а машар бира, оьрсашна иза оьшура шайна дааран сурсаташ кхачо.

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Документин фильм «Полтавин тӀом. 300 шо даьллачул тӀаьхьа». — Росси, 2008
  • Полтавин тӀеман 300 шо даздарна арахецна поштан блок.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Bengt Hammarhjelm Gotländsk krigshistoria från Gutasagan till 1814// 1998, 446 страницы, ISBN 91-85716-81-2

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]