Димаев, Ӏела Умарович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Димаев, Али Умарович тӀера хьажжина кхуза)
Димаев Ӏела
Коьрта хаам
Вина терахь 1953 шеран 27 сентябрь({{padleft:1953|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (70 шо)
Вина меттиг ГӀиргӀазойчоь
Пачхьалкх ССРС СССРРосси Росси
Говзаллаш музыкант, композитор
Да: Димаев, Ӏумар Димаевич (1.10.1908 – 26.12.1972)
СовгӀаташ
  • ГӀалгӀан Республикин Халкъан артист
  • Нохчийн Республикин Халкъан артист
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Дима́ев Ӏела (1953 шеран 27 сентябрь) — нохчийн музыкант а, композитор а, нохчийн хьалхара рок-группан «Зама» кхоллархо а, куьйгалхо а, Москвахь 1985 шарахь хилла йолу XII Дерригдуьненан кегирхойн а, студентийн а фестивалин дипломант, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат (1986 шо), «Ярославлин сакъерар» цӀе йолу V Халкъашан йукъаран фестивалин дипломант (2000 шо), Нохчийн Республикин Халкъан артист (2001 шо), ГӀалгӀан Республикин Халкъан артист (2001 шо).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏела Димаев вина 1953 шеран 27 сентябрехь ГӀиргӀазойн ССРхь. Цуьна да вара вевзаш волу нохчийн музыкант Димаев Ӏумар.

Цо дешна йуккъерачу дешараш школехь а музыкин школехь а. Деша волавеллачу дуьйна цо жигара дакъа лоцура тайп-тайпана исбаьхьаллин самодеятельностехь, суьрташ дохку а, хелхаран а кружокашка оьхуш вара иза. Иза вара Республикин пионерийн цӀахь ойлу эшеран а, хелхаран а ансамблин солист. Цо дакъа лоцура республикин конкурсашкахь а, школин самодеятельностин концерташкахь а.

Шен доттагӀашца цо 1968 шарахь кхоьллира хьалхара нохчийн рок-ансамбль «Вайнахи». Цуьнан композиторан болх цу хенахь болабелира. 1974 шарахь цо фортепиано классан музыкин училище чекхйаьккхин кхоьллира «Шовда» группа.

Волгоградехь армехь волуш хенахь цо кхоьллира эстрадан ансамбль «Ратники». И ансамбль кӀест-кӀеста гастролишца лелара Волгоградан а, Къилбаседера Кавказан тӀеман округан бӀаьхьойн декъашкахула.

1977 шарахь армера цӀа веанчул тӀехь цо Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Гостелерадион халкъан пондурийн оркестран куьйгалхо болх бира.

1981 шарахь цо кхоьллира хьалхара нохчийн корматаллин рок-группа «Зама». 1985 шарахь «Зама» ансамбльс дакъа а лецира Москвахь хилла йолу XII Йерригдуьненан кегирхойн а, студентийн а фестивалин культурин программехь, фестивалин дипломант а хилира. 1986 шарахь «Зама» группа Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Ленинан комсомолан совгӀатан Лауреат хилира. 1995 шарахь ансамблин йелира эстрадан эшеран Пачхьалкхан театран «Зама» статус. Димаев хӀоттира цуьна исбаьхьаллин куьйгалхо а, директор а.

2000 шо дуьйна 2004 шо кхаччалц иза вара РФ президентан уллехь йолу Нохчийн Республикин векалаллина коьрта специалист, 2002 шо дуьйна — культурин декъан хьаьким.

2001 шарахь иза хилира Нохчийн Республикин Халкъан артист. Цу шеран октябрехь иза хилира ГӀалгӀайн Республикин Халкъан артист.

Цо йазйина 500 сов эшар а, оркестран музыка а. Тахана иза Москвахь вехаш ву. Цо эшараш йазйо, кӀона музыканташна гӀодеш ву, продюсеран болх беш ву.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]