Мини-футбол

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футзал
Сурт
Амал
Категори Буьрканца ловзарш
ГӀирс буьрка
ЦхьалгӀа къийсамаш
Дуьненан чемпионат 1989 шо
Европин чемпионат 1996 шо
Дуьненаюкъара федераци
ЦӀе FIFA
Кхоьллина шо 1904 шо
Веб-сайт fifa.com
Кхуьнца йолу проекташ

Ми́ни-футбо́л — оьрсийн мотт буьйцучу мехкашкахь ФИФАн Футза́лан шуьйра яьржина цӀе — къийсамаш ФИФАн эгидехь дӀахьо футболан тайпанех цхьа командин спортан тайпа.

Иштта цӀе йолу спортан тайпа, къийсамаш дӀахьо AMF эгидехь, оьрсийн мотт буьйцучу мехкашкахь, дукха хьолехь олу футбол залашкахь я футзал. Оцу спортан тайпанийн юкъара башхаллаш ялийна дустаран таблицехь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Футзалах тера ловзарх дуьххьара ловза буьйлабелла 1920-гӀа шерашкахь бразилихой. На 1958 шеран футболех ловзаран дуьненан чемпионатехь Швецехь Австрин гулйина командин куьйгалхойх цхьаъ волчу Аргауэр Йозеф терго еш вара бразилихой зал чуьра тренировкан. Австрихочун чӀогӀа хазахийтира оцу хенахь гина залан футбол, дукха хан ялале цуо йира цхьа-шиъ футзалан матч шен даймахкахь. Сихха керла спортан тайпа кхечира Голланде, Испане, Итале. Голландхоша уггаре хьалха дӀаяьхьира шайн къоман чемпионат: иза дара 1968-69 шарахь, толам баьккхира «Cага’66» («Scagha’66») клубо.

70-гӀа шерашна юккъехь йолало футзал ша долу спортан тайпа санна кхиа. 1974 шеран 19 июлехь Румехь хилира къоман гулйина командашна юкъара дуьххьарлера матч: италихой туьйлира ливихойл 9:2 чоьтаца. Дуьххьарлера дуьненан чемпионатан прототип-турнир хилира Будапештехь 1986 шарахь. 8 командин юкъахь уггаре чӀогӀаниг хилира Мажарчоьнан гулйина команда, цуо финалехь иэшийра Нидерландийн гулйина команда. 1989 шарахь Голландехь хилира дуьххьарлера официалан дуьненан хьалхеяккхар ФИФАн эгидица, чемпионаш хилира бразилихой.

Ловзаран бакъонаш а башхаллаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ловзу 25 – 42 м еха а, 16 – 25 м шуьйра а майданехь. Дуьненаюкъара матчаш ловзо майданан барам: йохалла 38—42 м, шшоралла 20—25 м. Матч лаьтта — «цӀена» хенан 20 минотах лаьтта 2 таймах (2009/2010 шеран российн чемпионатехь ФИФАца бертахь дӀахьуш эксперимент ю, цуьнца матч лаьтта 25 минотехь йолу шина таймах). Йоккха футболехьчулла жимо буьрка лелайо. Цул сов, буьркан масех кхин физикин амалаш ю: масала, буьркан кхоссаялар гуттаре кӀезиг ю йоккха футболехьчул. Ловзу 2 команда 4, командехь виъ ловзархо а, кевнахо а хуьлу. Матч йоьдуш а йолуш ловзархой хийца йиш ю, футболехь санна доза тоьхна яц. Офсайдаш яц. Ловзархошна куьйгаш доцург, ерриг дегӀан меженашца ловза бакъо ю.

Ӏалашо ю дуьхьаларчу командин кевнашна чу гол тохар. Кевнийн барам – 3 м Х 2 м.

Уггаре чӀогӀа къаьста футболах шен тактикица. Майданан жима барамо а, ловзархой кӀезиг хиларо а ловзаран тактика кхечу залан тайпанан спортах тера йо (масала, баскетбол а, гандбол а). Дукха хьолехь командаш ловзу «цхьаъ цхьанна дуьхьала», аьлча а хӀора аренан ловзархочо дуьхьаларчу командин хӀора ловзархо ларво. Кхин тӀе, ловзархой кӀезиг хилар бахьнехь, хӀора ловзархо ловзу тӀелатарехь а, дуьхьалонехь а. ТӀаьххьара фактор, йоккхачу футболехь хилла бевлла ловзархой, футзалехь ловза ца баларан бахьна ду.

Аьлча а, тӀелатархой юха ца богӀу дуьхьалоне, дуьхьалара командин тӀелатархой сов бовлу, ткъа турслой шен хенна тӀе ца лета. ХӀетте а кхечу агӀонан масалаш а ду: масала, Степанов Алексейх футболех ловзаран ССРС чемпион ленинградера «Зенит» юкъахь а, ЛПД чемпион Российн футзалехь «Динин» юкъахь а.

Мини-футболера къийсамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аргентинин а, Бразилин а гулйина командашна юкъара ловзар

Къаьмнийн[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубийн[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]