Калеро, Мигель

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Футбол
Мигель Калеро
Calero6.jpg
Юкъара хаамаш
Юьззина цӀе Мигель Анхель Калеро Родригес
Харц цӀе El Condor
Вина терахь 1971 шеран 14 апрель({{padleft:1971|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})[1][2]
Вина меттиг Гинебра, Валье-дель-Каука, Колумби
Кхелхина терахь 2012 шеран 4 декабрь({{padleft:2012|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (41 шо)
Кхелхина меттиг Мехико, Мексика
Гражданалла
Локхалла 191 см
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
1987—1992 Колумбин байракх Спортинг Барранкилья
1992—1997 Колумбин байракх Депортиво Кали 94 (2)
1998—2000 Колумбин байракх Атлетико Насьональ 94 (0)
2000—2011 Мексикан байракх Пачука 395 (2)
Къоман гулйина команда[* 2]
1991—2009 Колумбин байракх Колумби 51 (0)
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кедаш
Борза Уругвай 1995
Деши Колумби 2001
КОНКАКАФан Дешин кедаш
Дети АЦШ 2000
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Миге́ль А́нхель Калеро́ (испан. Miguel Ángel Calero Rodríguez; 1971 14 апрель, Гинебра, департамент Валье-дель-Каука2012 4 декабрь, Мехико) — Колумбин футболист, кевнахо. Вевза «Депортиво Кали», «Атлетико Насьональ», «Пачука» клубашкахь ловзарех а, ткъа иштта Колумбин гулйина командехь ловзарех а. 2001 шеран Америкин кедан толамхо, 1998 шеран дуьненан чемпионатан декъахо, Американ кад къовсарехь дуккха а дакъа лаьцна.

Вовзара шен эпатажан кепаца: хьалха даиман а ловзура бейсболка туьллий, ткъа карьерин тӀаьхьарчу шерашкахь — бандана туьллура. Букъ тӀера ловзархой лоьмар кечйина хуьлура тӀемашца, уьш леладора шен кунья Кондор йолун дела. Клубан карьерехь Калерос 4 буьрка тоьхна дуьхьала ловзачеран кевнаш чу.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Мигель Калеро 2011 шарахь, шен тӀаьххьарчу турниран Мексикин чемпионатан Апертурера «Тихуанин» дуьхьалара матчехь

Калеро шен профессионалан карьера йолийна 1987 шарахь Барранкильян эвхье клубехь «Спортинг». 1992 шарахь иза дехьавелира Колумбин уггаре чӀогӀачарах йолчу клубе «Депортиво Кали». Билгалдаккха деза, «Депортиво» юкъахь даьккхинчу 5 шарахь, Калерос ши гол тохар (тӀаьхьа «Пачукехь» ловзуш, кхин цхьаъ а туьйхира). Амма шен кевнашкара коьрта болх бора дика, тӀаккха иза къовса волийра кхечу коьртатачу мехкан командаша. 1998 шарахь иза дехьаволу «Атлетико Насьональ» клубе, цхьана хенахь юкъахь Игита левзина йолу. Хьалхарчу шарахь йоккху дуьненаюкъара хӀонс — Мерконорте кад. 1999 шарахь цунах шозлагӀа Колумбин чемпион хуьлу, 1996 шарахь «Депортивоца» хилира.

2000 шарахь Калерос контракт до мексикин «Пачукица», цунна юкъахь иза тӀаьхьа хилла уггаре легенда хилла футболистех цхьаъ ерриг исторехь а. Хьалха дикка гӀийла хилла командо (Мексикехь уггаре ширачех елахь а), 1999 шарахь доккху шен хьалхара чемпионан дарж. Калеро варца «Пачука» хилла уггаре даржера командех цхьаъ, 2000-гӀа шерашкара уггаре аьтту болу команда Мексикин а, ерриг Къилбаседа Америкин а. Чоьхьара 4 титул йоцуш, «Пачукас» баьккхира 4 КОНКАКАФан Чемпионийн кад, Къилбаседаамерикин Суперлига, дакъа лецира дуьненан клубийн чемпионатехь. 2006 шарахь «Пачукох» хилира, къилбаамерикин дуьненаюкъара турнир — Къилбаамерикин кад – яьккхина хьалхара мексикин/къилбаседаамерикин команд.

Шен тӀаьххьарчех цхьаьна интервьюхь Мигель Калерос кхайкхийра, 2010 шеран июнехь футболистан карьера сацор ю ша аьлла. Амма тӀаьххьара карьерера матч цуо ловзийра «Пачукин» юкъахь 2011 шеран 23 октябрехь.

Колумбин гулйина командин юкъара карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

1991 шарахь Калеро туьйхира Колумбин гулйина командин Америкин кеде дӀахьедарна юкъа, амма турнирехь ца левзира, хӀунда аьлча Игита Ренеца къийсавала оцу хенахь таро яцара. Ма-дарра аьлча, 1980-1990-гӀа шерашкара Колумбин кевнахойн ишкол дуьненахь уггаре диканиг яра, цуо дуьненан тӀеӀанийра говза дуьненан тӀегӀанера голкиперш. 1992 шарахь Калерос дакъа лецира Олимпийн футболан турнирехь.

1995 шарахь Америкин кедехь Калеро иштта Игитин ӀиндагӀехь висира. 1997 шарахь цуьнан дебют хилира коьрта континентан турнирехь, левзира тобанан муьрера кхааннах ши матч, амма кхузахь дерриг хилира Мондрагон Фаридца къиза конкуренции йолуш, Фарид левзира тобанан хьалхарчу матчехь а, 1/4 финалехь а.

2001 шарахь коьрта кевнахочун меттиг дӀалецира «Бока Хуниорсан» суперседано Кордоба Оскара. Оскар левзира ноль йолуш тобанан турниран хьалхарчу шина матчехь, ткъа кхоалгӀа матчехь Чилин дуьхьала левзира Калеро. Чилихой хьалха бовла таро йолуш бара хьалхеяккхаран хӀусамдайл, амма Калерос юьхьӀаьржа ца хӀоттийра къоман команда, кевнаш декъа дитира, ткъа Аристисабала а, Арриагас а нийса тохаро Колумбин таро йира 100 процентан жамӀ долуш чекхъяккха хьалхарчу тӀегӀанан турнир. Плей-оффехь кевнашкахь юха а Оскар Кордоба вара. Иштта, Калерос, 2001 шеран Америкин кедехь цхьа матч левзина, шен дакъа диллира жамӀан толам юкъа.

Шен тӀаьххьарчу дуьненаюкъара турнире Калеро вахара Колумбин гулйина командин капитан волуш. Цуо лардира кевнаш шина аьттонза йолчу матчашкахь Парагвайн (иэшам 0:5) а, Аргентинин (иэшам 2:4) а дуьхьала, цул тӀаьхьа кевнашкара меттиг дӀалецира Сапата Робинсона. Толам баьккхинчех (1:0) хаъал гӀийла йолчу АЦШ гулйинчу командегара, Колумби хьалха ца ялаелира вукха шина командел, шайн тобанехь кхоалгӀа меттиг яьккхина, турнирера араелира. Калерос кхайкхийра гулйинчу коммандера шен карьера чекхъяларх, амма кхин кхайкхира цуьнга къоман команде масеххаза — тӀаьххьара 2009 шеран февралехь.

Валар[нисъе бӀаьра | нисъе]

2012 шеран 25 ноябрехь Калеро валийра Пачуке госпитале аьтту дӀундузпхен тромбоз диагнозца. Цул тӀаьхьа иза дехьаваьккхира Мехико. Лоьраш гӀиртира Калеро меттавало кӀирнаха сов, амма оршот дийнахь, 3 декабрехь, шолгӀа тромбоз хилира, кхин а 12 сахьт даьлча, 4 декабрехь лоьраша кхоьртан хье баларан диагноз хӀоттийра.

2012 шеран Къилбаамерикин кедан хьалхара «Тигре» а, «Сан-Паулу» а юкъара финалан матч йолаелира Калеро Мигелан иэсан лерина тийна минот тӀера. Калерон ловзаро гӀо дира «Пачукен» и хӀонс яккха 2006 шарахь[3].

Къастар хиллачу кевнахочуьнча хилира «Пачукин» Идальго стадион тӀехь. Мигель Калерон стадионан уллехь йоьгӀна иэс. Лоьмар 1 гуттаренна а чӀагӀйина Калерон. Цунна цӀарах йина клубан кевнахойн ишкол[4].

Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Transfermarkt.com — 2000.
  2. (unspecified title)
  3. Dolor por el fallecimiento del exportero colombiano Miguel Calero (испан.). conmebol.com (4 декабря 2012). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 7 декабрехь. Теллина 2012 шеран 4 декабрехь.
  4. El doloroso adiós de Miguel Calero en Pachuca (испан.). eltiempo.com (5 декабря 2012). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 7 декабрехь. Теллина 2012 шеран 6 декабрехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]