Бермудес, Хорхе

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Оцу стеган испанин фамили ю; кхузахь Бермудес — ден фамили, Моралес — ненан фамили.
Футбол
Бермудес Хорхе
Йуьззина цӀе Хорхе Эрнан Бермудес Моралес
Харц цӀе El Patrón
Вина терахь 1971 шеран 18 июнь({{padleft:1971|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (52 шо)
Вина меттиг Армени, Киндио департамент, Колумби
Гражданалла Колумбин байракх Колумби
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1989—1990 Колумбин байракх Депортес Киндио ? (?)
1991—1996 Колумбин байракх Америка (Кали) 134+ (0+)
1996—1997 Португалин байракх Бенфика (Лиссабон) 27 (1)
1997—2001 Аргентинин байрак Бока Хуниорс 119 (12)
2001—2003 Желтойчоьнан байракх Олимпиакос (Пирей) 9 (1)
2003—2004 Аргентинин байрак Ньюэллс Олд Бойз 27 (2)
2004 Эквадоран байракх Барселона (Гуаякиль) 16 (0)
2005 Колумбин байракх Америка (Кали) 22 (2)
2005 Эквадоран байракх Депортиво Кеведо 12 (0)
2006 Колумбин байракх Депортиво Перейра 23 (2)
2006 Колумбин байракх Индепендьенте Санта-Фе 16 (4)
2007 Колумбин байракх Депортес Киндио 9 (0)
Къоман гулйина команда[* 2]
1992 Колумбин байракх Колумби (олимп.) 3 (0)
1995—2001 Колумбин байракх Колумби 56 (3)
Тренеран карьера
2007—2008 Колумбин байракх Депор
2008 Колумбин байракх Депортиво Пасто
2010 Колумбин байракх Америка (Кали)
2010 Аргентинин байрак Дефенса и Юстиция
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин Кедаш
Борза Уругвай 1995
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.

Хо́рхе Эрна́н Берму́дес Мора́лес (испан. Jorge Hernán Bermúdez Morales; вина 1971 шеран 18 июнехь, Колумбера Киндио департаментан, Арменехь) — колумбин футболист, турсло.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Карьера йолийна ша винчу гӀалара «Депортес Киндио» клубехь, цигара дехьавелира махкахь уггаре сийлахь йолу «Америка Кали» клубе, цигахь левзира 134 матчехь, йалх шарахь. 1996/97 шарахь левзира «Бенфикехь», ткъа цул тӀаьхьа дехьавелира «Бока Хуниорсе», цигахь бакхий кхиамаш бира шен карьерехь, йалх титул йаьккхира (кхузза мехкан чемпион, шозза Либертадоресан Кад, кхин а Континенташна йукъара кад). Командин лидер а, капитан а вара.[1] 2001 шарахь дехьавелира «Олимпиакосе», оцу клубехь Бермудес волчу хенахь клубо шиъ чемпионийн титул йаьккхира, амма ша Бермудес шина шарахь мехкан чемпионатехь арене ца велира исс матчехь бен. ТӀаьхьа йухавирзира Латинан Америке, цигахь деа шарахь гергга ворхӀ команда хийцира. 2007 шарахь левзира исс матч шен дуьххьара хиллачу клубехь «Депортес Киндио» йукъахь, цул тӀаьхьа чекхйаьккхира ловзархочун карьера. Дукха хан йаллале тренеран гӀуллакх долийра, коьртехь хилира «Депор» (ловзуш йара шолгӀачу дивизионехь) а, «Депортиво Пасто» (лакхара дивизионан аутсайдер) а клубийн.

Колумбин гулйина командин йукъахь левзина 56 матчехь, чутоьхна 3 буьрка. ДЧ-1998, кхаа Америкин кедан (1995, 1997, 1999), кхин а 1992 шеран Олимпиадин декъахо.

Кхиамаш[2][нисйе бӀаьра | нисйе]

«Америка Кали»
«Бенфика»
«Бока Хуниорс»
«Олимпиакос»

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Бермудес продолжит карьеру в «Боке» // Спорт-Экспресс
  2. В сезоне-1992 «Америка Кали», где тогда находился Бермудес, стала чемпионом Колумбии, однако неизвестно, играл ли он в том сезоне за основной состав. По той же причине не учтено 3-е место в сезоне-1991 в составе «Америки».

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]