Ороско, Андрес
Юьззина цӀе | Андрес Фелипе Ороско Васкес | |||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1979 шеран 18 март[1][2][3] (41 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Медельин, Колумби | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 185 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 84 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||
Лоьмар | 5 | |||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Андре́с Фели́пе Оро́ско Ва́скес (испан. Andrés Felipe Orozco Vázquez; вина 1979 шеран 18 мартехь Медельинехь) — Колумбин футболист, ловзуш ву «Энвигадо» клубехь. Хьалха — Колумбин гулйина командин турсло, 2001 шеран Америкин кедан толамхо.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Андрес Ороско Санта-Фе-де-Боготара «Индепендьенте» клубан кхиорхо ву, амма профессионалан карьера йолийна «Депортес Киндио» клубехь 1999 шарахь. Дикка сиха иза ийцира ша винчу гӀалара Медельинера«Индепендьенте» клубо, 2002 шарахь Андресах хилира Колумбин чемпионат (турнир Финализасьон) яьккхина командан дуьхьалонан коьртачех цхьа ловзархо. Цул тӀаьхьа Андрес вахара Аргентине, цигахь левзира Авельянедера «Расинг» юкъахь. Амма оцу командехь кхоллабелира ладаме финансийн иэшамаш, 2004 шарахь Ороско кхелхира Мексике, цигахь юьхьанца левзира «Дорадос де Синалоа» юкъахь, цул тӀаьхьа — Морелера «Монаркас» юкъахь.
2007 шарахь Ороско ийцира, 2006 шеран хьолашца, дуьненан уггаре ондачех йолчу командо бразилин «Интернасьонало». Ерриг оцу командехь Андрес левзира шина шарахь 39 матч, туьйхира цхьа гол. «Интеран» юкъахь чӀагӀвала аьтту ца белира, хӀетте а цуо гӀо дира шен командин Лига Гаушу (Риу-Гранди-ду-Сул штатан чемпионат) а, 2008 шеран Къилбаамерикин кад а баккха.
2009—2010 шерашкахь Ороско левзира уггаре чӀогӀачех а, титулаш а йолчу Колумбин клубашкахь «Атлетико Насьоналехь» а, ткъа 2010 шарахь дуьйна ловзуш ву «Энвигадо» клубехь.
2001—2006 шерашкахь Андрес Ороско левзина Колумбин гулйина командин 20 матчехь. Иза левзира колумбихошна цӀеран а,толаме а хиллачу 2001 шеран Америкин кедехь. Цул сов, къоман командин юкъахь Ороскос кхин а дакъа лецира 2003 шеран КОНКАКАФан Дешин кедехь, цига Колумби леррина кхайкхира, яьккхира йоьалгӀа меттиг 2004 шеран Америкин кедехь. 21 шо кхачанза болчу футболистийн Колумбин гулйина командин юкъахь Ороско шозза туьйлира лоруш йолчу французийн гӀалара Тулонера дуьненаюкъара турнирехь.
Титулаш а, кхиамаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Америкин кедан толамхо (1): 2001
- Колумбин чемпион (1): Фин. 2002
- Лига Гаушун толамхо (1): 2008
- Къилбаамерикин кедан толамхо (1): 2008
- Тулонера дуьненаюкъара кегийрхойн турнир (2): 1999, 2000
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
ХӀара Колумбин футболистах лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Бинарш 18 мартехь
- Бинарш 1979 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Медельинехь
- Википеди:Суьрташ доцу футболистех яззамаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Колумбин футболисташ
- Футболех ловзарех Колумбин гулйина командин ловзархой
- ФК «Атлетико Насьональ» ловзархой
- ФК «Депортес Киндио» ловзархой
- ФК «Дорадос де Синалоа» ловзархой
- ФК «Индепендьенте Медельин» ловзархой
- ФК «Интернасьонал» ловзархой
- ФК «Монаркас Морелия» ловзархой
- ФК «Расинг» Авельянеда ловзархой
- ФК «Энвигадо» ловзархой
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш