Чулацаман тӀегӀо

Кодзоев, Ибрагим Абибулатович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Ибрагим Кодзоев тӀера хьажжина кхуза)
Ибрагим Абибулатович Кодзоев
ГӀуллакхан тайпа Тренер, тяжёлая атлетика
Вина терахь 1939 шеран 20 июль({{padleft:1939|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (85 шо)
Вина меттиг Владикавказ, Къилбаседа ХӀирийчоь, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2024 шеран 25 сентябрь({{padleft:2024|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (85 шо)
Корматалла еза атлетикан тренер
Гражданалла ССРС ССРС Росси
Да Абибулат
Зуда Зухра
Бераш кӀант Мохьмад (1962-2000)

Ибраги́м Абибула́тович Кодзо́ев (1939 шеран 20 июль, Орджоникидзе, Къилбаседа ХӀирийчоь, РСФСР, ССРС) — еза атлетикан ССРС Сийлахь тренер, халкъашна йуккъера категорин суьдхо. Цо Ӏамийначарна йуккъехь бу ССРС а, Европин а, дуьненан а, Олимпан ловзарийн а чемпионаш, 3 ССРС Сийлахь спортан говзанча, 16 халкъашна йуккъера классан ССРС спортан мастер, 200 сов ССРС спортан говзанча.

Вина 1939 шеран 20 июлехь Орджоникидзехь. 1956 шарахь цо школа чекхйаьккхира. 1957 шарахь цуьнан доьзалла Соьлжа-ГӀала схьабеара. Цо болхбира заводехь токарин дешархо волуш. Болх бина ваьлча иза волейболан секци воьдара. Секци уллехь йолу «Динамо» стадионехь йара. ТӀаьхо иза йеза атлетикин секци вахара. Цхьа шо далале цо ССРС спортан мастеран кандидатан норма кхочуш йира.

19581961 шерашкахь иза армехь вара. Цигара цӀа веача иза йуха а тренировкашка аьха волавелира. 1961 шарахь иза спортан мастер хилира. Цу хенахь волавелира иза тренеран болх бан.

1970-гӀа шерашкахь «Динамо» йахьаллонашкахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР командера массо 12 стаг ССРС спортан мастер норма кхочуш йира. ТӀаккха куьйгалхос сацам бира Ибрагим Кодзоев керахь йолу Соьлжа-ГӀалахь йеза атлетикин центр схьаялла. И центр кеста хилира ССРС коьрта центрех цхьаъ. 1977—1990 шерашкахь Кодзоев вара йеза атлетикин ССРС гулйина командан тренерийн штабан декъашхо.

Кодзоевс кечбина штангисташ:

  • Ибрагим Самадов — ССРС а, Европин а, дуьненан а чемпион, Олимпиадан шозлугӀа совгӀатхо.
  • Асланбек Эдиев — масийттуза ССРС чемпион, 3-за дуьненан чемпион, дуьненан чемпионат шозлугӀа совгӀатхо, масийттуза дуьненан рекордсмен.
  • Мухади Садаев — 7-за ССРС чемпион, 3-за Европин чемпионатан 2-гӀа совгӀатхо.
  • Рамзан Мусаев — ССРС чемпион, шозза Европин чемпионатан 2-гӀа совгӀатхо.
  • Умар Эдельханов — ССРС чемпион, Атлантехь (АЦШ) 1996 шарахь хилла Олимпиадан декъашхо.
  • Исраил Арсамаков — масийттуза ССРС чемпион, Европин чемпион, дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо.
  • Адам Сайдулаев — масийттуза ССРС чемпион а, рекордсмен а, ССРС Кубкан масийттуза йаккхинарг, ССРС Сийлахь тренер.

ССРС йохначул тӀехь цуьна Соьлжа-ГӀалара ГӀалгӀан махка дӀаваха дийзира. Цо Сурхо-ХитӀехь шен доттагӀашца а, гергарчарца а доьхна культурин цӀа меттах а хӀоттийра, цунах спортзал а йира. Оцу спортзалчу цо бевзаш болу тренераш балха кхайкхира. Керла меттехь Кодзоевс кечбира 15 спортан мастера а, 2 халкъашна йуккъера классан мастер а.

Цуьнан зуда йу Зухра, ингалсан меттан хьехархо.

Цуьнан кӀант Мохьмад винера 1962 шарахь. Цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан спортан факультет. Иза вара йеза атлетикин спортан мастер. Иза вахара МВД балха. Цо чекхйаьккхира Свердловскехь йолу МВД лакхара школа а, Москвахь йолу академи а. 2000 шарахь шен белхан декхар кхочуш деш иза кхелхира. Цуьнан ши кӀант кхиош ву цера нанас а, де дес а, де нанас а.