Джалеби

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Джалеби
Zoolbia Bamieh.JPG Джалеби (хьалхарчу план тӀехь) Иранехь.
Юкъа йогӀу къоман кухнийн
ХӀиндин кухни, Пакистанан кухни, Ӏаьрбийн кухни, Иранан кухни, ОвхӀанан кухни
Авторалла
Пачхьалкх
Компоненташ
Коьрта бод, шекаран шатӀ
Хила мега ровзанан хи, лимонан мут, шафран
Аналогаш
локъам, гарзнийн хьовла, чуррос
Commons-logo.svg
Медиафайлаш Викилармехь Джалеби

ДжалебиХӀиндин а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкан а, Кавказан, гӀезалойн десерт. Алсама аьхьна кӀен даман бедах йина гарзнаш, кхорзу ялгӀун чохь тӀе шекаран шатӀ боьттина гхин тӀаьхь (кӀезиг ца леладо кхин а ровзанан хи я лимонан мут)[2].

Джалеби хьалха дуьллу довха а, шийла а. Цуьнан тӀехула карамель юьллу, цуо чам тобо.

Шен дарца джалебих тера ду испанин чуррос (испанин кухнин шен заман чохь чӀогӀа Ӏаткъам бина Ӏаьрбаша), ткъа иштта тюркаша лело десерт чак-чак, нохчийн гарзнийн хьовла. Иза кхин а даьржина дуккха мехкашкахь, царна юкъахь Росси а, хворост, муравейник. Российн яззамашкахь джалеби наггахь локъмашца дусту, амма локъам, российн вариантехь — чуйоьллина хӀума йоцу, зайлан чохь ерриг еттина пирешка ю, ткъа джалеби ечу хенахь бод буткъа зайлан чу а бутту (джалеби, чуррос, имарти) я чукхуьйсу кегийра кийсигашка.

Истори а, тахане а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Джалебин даймохк лору Гергара Малхбале, тера ду и дош гӀажарийн я Ӏаьрбийн «залибия»[2] дашах. XIII бӀешарахь Мухьаммад-бин-Хьасан-аль-БагӀдадис[en] хьахийна джалебин рецепт шен юургийн жайнахь. XV бӀешарахь джалеби тӀом бечу гӀажарашца ХӀинде кхаьчна, цигахь а йолуш яра тера десерт — имарти.

Джалебин кхин а дика чам бан Иранехь царех туху шафран, ткъа ХӀиндехь — кевра[en] (панданан хи). ХӀиндехь джалеби иштта хьалха дуьллу рабрица[en]юкъйина шуран Ӏиндин аналогца.

Керста Ӏаьрбийн из аду ЖӀаратохаран Ӏидан ламастан даар, Иранан бусалбачара из ало мискачарна Рамаданехь, дуу Ӏиданашкахь[3]. ОвхӀанехь иза дуу Ӏай чӀераца[3].

Тахана джалеби кӀезиг ца духку базарашкахь а, Мароккора Бангладеше кхаччалц ураман махлелорхоша а, дукха хьолахь до оьцурш уллехь болуш. Джалебин лерина яьхна эшарш ю, уьш лоькху масех болливудан фильмашкахь, лондонан музыкантан Four Tet композици а ю.

Джалебин цӀераш мехкашкахула[нисъе бӀаьра | нисъе]

Керала Джалеби

Даарийн цӀераш

Къилба Ази:

Малхбуза Ази:

Къилбаседа Африка:

Галерей[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 (unspecified title)ISBN 978-2-84416-769-9
  2. 1 2 Oxford, 2014, p. 424.
  3. 1 2 Oxford, 2014, p. 425.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]