Дециев, Бисолт Османович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бисолт Османович Дециев
Стен-боьршалла стаг
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСГӀиргӀазойчоьFlag of Kyrgyzstan.svg ГӀиргӀазойчоьКхазакхстанFlag of Kazakhstan.svg Кхазакхстан
Клуб «Динамо» (Чимкент)
Вина терахь 1964 шеран 17 январь({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (56 шо)
Вина меттиг Кхазакхийн ССР, СССР
Спортан карьера 1977-1998
Говзалла Греко-риман латар
Тренераш
  • Владимир Кошелев;
  • Хромов;
  • Псарёв;
  • Мардан Сапарбаев;
  • Алмазбек Казенов
Локхалла 173 см
Йозалла 74-76 кг

Бисо́лт Осма́нович Деци́ев (1964 шеран 17 январь, Кхазакхийн ССР, СССР) — нохчийн греко-риман кепар латархо, 1986 шарахь СССР халкъийн Спартакиадан борзан совгӀатхо, СССР Кубок яккхинарг, шозза СССР чемпион (19901991 шерашкахь), Европан чемпион (1988 шо), 4-за Дуьненан Кубок яккхинарг, масийттуза Кхазакхстанан чемпион, дукха халкъашна юккъера яхьаллонийн толамхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийн цӀадерза йиш хиллачул тӀехь Дециеван да-нана Кхазакхстанехь сецира. Бисолт вина цигахь 1964 шеран 17 январехь. 1977 шарахь иза волавелира классикан латар Ӏамадан. Иза вара Кхазакхстанан кегирхойн гулйина тобан декъашхо. 1982 шарахь Лейпцигехь иза хилира Европан чемпион.

1986 шарахь шен хьалхара СССР чемпионатехь цо яккхира 7-гӀа меттиг. Цул тӀаьхьа цо СССР Спартакиадехь борзан мидал а яккхира, социалистически пачхьалкхийн Динамиадан чемпион а хилира. 1990—1991 шерашкахь иза хилира СССР чемпион. 1991 шарахь цо СССР халкъийн Спартакиадехь толам беккхира. 1987 а, 1989—1991 а шерашкахь цо Дуьненан Кубок яккхира.

Цо толам беккхира АЦШ а, Иранехь а, Италехь а, Норвегехь а, Венгрехь а, Россехь а, хилла халкъашна юккъера яхьаллонашкахь. 1989 шарахь цо толам беккхира Будапештехь хилла дуьненан Гран-прихь.

1997 шо дуьйна ГӀиргӀазойчоьнан гулйина тобанан декъашхо вара. Оцу тобанан юкъахь цо 1997 шарахь Азин чемпионатехь дато мидал яккхира, Аьхкенан Азин ловзаршкахь 4-гӀа меттиг яккхира, дуьненан чемпионаташкахь 12-гӀа а (1997 шо), 15-гӀа а (1998 шо) меттиг яккхира.

Спорт йитинчул тӀаьхьа иза тренеран болх бан волавелира. Цо кхииначарна юкъахь бу Кхазакхстанан чемпионаш а, Азийн а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхой а. Иза ву Шымкентан спортан клубан куьйгалхо. Бисолт хаьржина Къилбера Кхазакхстанан областин кегирхойн къаьмийн культуран центран бертан председатель. Иштта иза ву Шымкентан сийлахь гражданин.

Спортан гайтамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шо Яхьалло ГӀала Меттиг
1987 шо Дуьненан Кубок 1987 Албани 1
1988 шо Европан чемпионат 1988 Кульботн 1
1989 шо Дуьненан Кубок 1989 Фредрикстад 1
1989 шо Европан чемпионат 1989 Оулу 4
1990 шо Дуьненан Кубок 1990 Гётеборг 1
1991 шо Дуьненан Кубок 1991 Салоники 1
1997 шо Азин чемпионат 1997 Иран 2
1997 шо Дуьненан чемпионат 1997 Вроцлав 12
1998 шо Дуьненан чемпионат 1998 Евле 15
1998 шо Аьхкенан Азин ловзарш 1998 Бангкок 4

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]