Чулацаман тӀегӀо

Дадашева, Тамара Висхаджиевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тамара Висхаджиевна Дадашева
Коьрта хаам
Йина терахь 1955 шеран 10 ноябрь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (68 шо)
Йина меттиг Ошан область, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзаллаш эшархо, композитор
Коллективаш
  • Нохч-гӀалгӀайн пачхьалкхан филармони;
  • Зударийн эшарийн ансамбль «Жайна»;
СовгӀаташ Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистка


Арахьара суьрташ
Тамара
Дадашева

Тама́ра Дада́шева (1955 шеран 10 ноябрь, Ошан область, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС) — нохчийн эшархо а, композитор а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артистка, Нохчийчоьнан исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йина ГӀиргӀазойчоьнан Ошан областехь. Школера йаьлча иза райисполкоме йахара секретарь болх бан. Цо исбаьхьаллин кхолламаллехь дакъа лоцура. Цхьана динахь республикин радион белхлой бехкира иза йолчу балха. Цара эшар лакхар дихира белхлошка[1].

Тхо долчу бехкира радион белхалой эшеран отделан редактор Тамара Ахмадова коьртахь а йолуш. Цара соьга эшар лакха элира. Аса лекхира цхьа эшар. Оцу эшеран дешнаш аса цхьана книгин тӀера ийцира, мукъам аса айса кхоьллира. Иза дӀа а йазйина радио чухула лекхира[1].

Эшар гӀарайелира. Дадашева радиос а, телевиденис кхайкха йолайира.

« Со цкъа хьалха ца кхетара сайна гонах хуьлуш долчунах. Со хилира республикин массо а дезденан гӀуллакхан декъашхо. Аса лехна йоцу а, со кийча йоцу а гӀарайалар йеара соьга. Тхо долчу Нажи-Йурте нах йаккхи тобанашца схьаоьхура суна тӀе хьажа[1].

»

Цкъа хьалха цо корматаллин сценех лаьцна ойла ца йора. Иза йара фармацевт болх бан лууш. Иза медучилище деша йахара. Амма тӀаьхьа цо медицина йитира. Цуьнан хьалхара концерташ аншлагаш хуьлуш чекхйаьлира[1].

Цо чекхйаьккхира музыкальни училище а, культпросветучилище а, кооперативни училище а, хьехархойн институт а[1].

1976 шо дуьйна иза йара Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан филармонин солистка. 1982 шарахь иза хилира «Жайна» цӀе йолу зударийн эшеран ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо. И ансамбль гӀарайелира республикехь. Тамара Дадашева хилира дукха йерригсоюзан а, республикин а конкурсийн лауреат а, дипломант а[1].

Шен майра велча цо цхьана шарахь сов эшараш ца лоькхура. Иза йара шен болх бита лууш. Амма цуьнан доттагӀаш а, гергарчара а дехараш дина, цо шен болх ца битира[1].

2004 шеран 9 маехь иза йара Соьлжа-ГӀалахь «Динамо» стадионехь концертехь дакъа лоцуш. Иза эшар лекхна ма йаьлла эккхар хилира. Концертехь волу Ахмат Кадыров винера. Иза а лазийнера. Цо цхьа хан йаккхира Нальчикехь больницехь[1].

1982 шарахь цунна йелира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артисткан цӀе, 1990 шарахь — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артисткан цӀе. 2004 шарахь иза хилира Нохчийн Республикин «Шеран адам». 2005 шарахь цунна йелира «Пётр I» мидал[2].

Актриса дукха лела гастролешца Россиехь а (Москва, Москохан область, Махачкала, Нальчик, Элиста), Европехь а (Германи, Нидерландаш, Австри, Норвеги, Бельги)[2].

СовгӀаташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • 1982 — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артист;
  • 1990 — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист;
  • 2004 — Нохчийн Республика «Шеран адам»;
  • 2005 — Пётр I мидал;
  • 2009 — Нохчийн Республикин исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо[3];

1996 шарахь иза хьалхатеттира Российн Сийлахь артистка цӀе йаларан, амма Нохчичоьхь тӀом хиларна бахьнехь иза реза ца хилира и цӀе тӀелаца[1].

Доьзалла[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Да — стоматолог;
  • Майра — лор, профессор, Хасан Мусалатов;
  • КӀант (1999).

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Дадашева Тамара Архивйина 2014-08-08 — Wayback Machine
  2. 1 2 Биография. Тамара Дадашева
  3. Указ президента Чеченской Республики от 30 декабря 2009 года № 403 «О присвоении почётного звания Заслуженный деятель искусств Чеченской Республики Дадашевой Т. В.». Вести республики, 2010, 18 февраль.

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]