Брекчи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Базальтан эпидото вовшахлатийна кеггаршах хилла брекчи

Брекчи (итал. breccia— кагдалар)[1] — маьӀгаш йолу вовшахлетта кеггарех (1 см йолу) хилла ломан порода. Конгломератах къаьсташ брекчин йукъахь гоьрга кеггарш дац.

Классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шен хӀоттамца брекчеш йекъало:

  • Мономиктан брекчи — хилла цхьаьна породан кеггарех.
  • Полимиктан брекчи — хилла масех тайп-тайпанчу породех.

Шайн кхоллайаларца брекчеш йекъало кхаа тобан:

1. ТӀапломах йаьлла брекчи

  • лаван кеггарш тӀуьна лавано вовшахлетош
  • охьа а оьхуш, хьаса болу лаван Ӏовраш кеглуш (лаван брекчи)
  • туф а, кхин тӀапломах йевлла кеггаран материалаш гуллуш (туфобрекчи)
  • тӀапломан областийн сацкъаран Ӏовраш гулйаларца диагенез йолуш (лахараш).

2. Охьайижна брекчи

  • континентан хьолашкахь хуьлу басенийн делюви, охьайийшина Ӏовраш йа карстан есаллин тхьов чубожарх йисинарш (карстан брекчи) вовшахлеташ.
    • Ша билгалйолу даьӀахкан брекчи, иза кхоллало массашкахь букъа даьӀахкйолу дийнаташ йалаа йелла, дӀайоьхкинчу меттигашкахь.
  • хӀордан хьолашкахь брекчи кхоллало бердашкара тархаш йа рифаш дохарца.

3. Тектоникан брекчи

  • Йаайаларан брекчеш — кхоллало ломан породийн чкъоьраш йукъахь тектоникан леларш бахьнехь, иккхинчу меттигехь породаш кегйаларца. Даккхий кеггарш ишттачу брекчеш йукъахь йукъайоьду кегийрачу массана. Къасто хала хуьлу тектоникан а, охьайижина а брекчеш.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]