ТӀо

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
ТӀо

ТӀоорганикан йоцу, буьртиган, 5 мм сов (европан стандарташца — 3 мм кхоччуш) барамера буьртиг болу сорса хӀуманаш, йоккху ломан породаш жагӀа а, тархаш а охьуш[1], цуьнца цхьаьна йоккху делларан а, чухоаман а породаш я кондици йоцу маьӀда (металлургийн промышленностан Ӏаьржа, беса, нилха металлаш) а, кхечу промышленностин декъан металлин доцу маьӀда а туодо ломан предприятийн совъевлларш, тӀаьхьа ахьаран сурсаташ даржадарца.

ТӀон хьал[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀон юккъера чордалла — 1,2 - 3 г/см3.

Фракцеш[нисъе | нисъе чухулара]

Стандартан:

1. 3 - 8 мм; (евротӀо)
2. 5 - 10 мм;
3. 10 - 20 мм;
4. 20 - 40 мм;
5. 25 - 60 мм;
6. 20 - 70 мм;
7. 40 - 70 мм;

Стандарт йоцу:

1. 5 - 10 мм
2. 10 - 15 мм
3 15 - 20 мм
4. 70 - 120 мм
5. 100 - 300 мм

Иранаш[нисъе | нисъе чухулара]

Иранаш алсама долу тӀо

Ира буьртагийн барам — ира буьртигаш процентаца берриг тӀох мел бу гойту параметр. ТӀо юкъара чӀапа а, ира а кепаш йолу буьртигаш барамехь хуьлийта. Буьртигаш чӀапа а, ира а кепаш йолуш лору, нагахь стоммалла я шоралла бохаллел кхузза а, сов а беха бацахь. Буьртагийн кепашца тӀо кхаа тобане бекъало:

Тоба ЧӀапа а, ира а
буьртагийн барам
I къубкепара до 10 %
II тобина 10-15 %
III ма-барра 15-25 %
IV 25-35 %

Хаа деза, иралла — тӀон уггаре ладамечух амал хилар. Къубкера тӀо чӀогӀа дика охьатаьӀа.

Нагахь тӀон буьртигаш чӀапа я ира делахь буьртигаш юкъахь херолаш дукха юьсу. Бутобетонан иэдарш дечу хенахь, цара вовшахтосу компонентан харж алсама йойту. Цул сов, къубкепара буьртигаш алсама чӀогӀа ду, чӀапа а, ира а буьртигел. Цигара схьа, къубкепара тӀо бутобетонан иэдаршкахь лелабар экономикан агӀора гӀоле ду.

ЦӀерпошт а, автомобилан а некъаш дохкуш лелабо ира буьртигаш алсама болу тӀо, хӀунда аьлчи цуо хи дика дӀахуда.

Шелонан дуьхьала латтар[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀон шелонан дуьхьала латтар дусту гӀоронан а, бастабаларан а циклца. Шелонан дуьхьала латтар дуста магадо саьнгалмуьста натрийн циклан берамца а, бакъабаларан барамца а. Шелонан дуьхьала латтарца тӀо бекъало маркашна: F15, F25, F50, F100, F150, F200, F300, F400. ГӀишлошъярехь коьртаниг лелабо тӀо шелонан дуьхьала латтар F300 (гӀорабаран а, бастабаларан а 300 цикл) кӀезиг боцу.

ЧӀогӀалла[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀон чӀогӀалла юсту, иза схьабаьлла ломан тайпа Ӏовдарца, цилиндр чохь охьатаӀийча атабаларца, еса вотан чохь хьийзича баабаларца. Оцу гайтамаша тӀулган материалан дуьхьалонан сурт хӀоттадо новкъа йоьду транспортан гӀирсо Ӏаткъам баран а, новкъан конструкции ечу процессехь механикан Ӏаткъам барна а (охьабиллар а, катокашца батор а).

Маркане хьаьжжина тӀо боькъу тобанашка: тӀехчӀогӀа М1200-1400, чӀогӀа М800-1200, юккъера чӀогӀаллин М600-800, гӀийла чӀогӀаллин М300-600, техгӀийла чӀогӀаллин М200.

ТӀон юкъахь гӀийлачу тайпанийн буьртагийн барамийн норма лелайо, хих буьзначу хьолехь схьабаларан тайпанан чӀогӀаллин доза 20 МПа кхаччалц. 8267-93 ГОСТца М1400, М1200, М1000 маркийн тӀон юкъахь, гӀийлачу тайпанийн буьртигаш хила йиш яц 5 % сов, М800, М600, М400 маркийн тӀон юкъахь 10 % сов, М300 а, М200 а маркийн тӀо 15 % кӀезиг.

Уггаре дукха оьшуш хуьлу мокхазан тӀо чӀогӀалла М1200 йолу, кӀезго лелайо тӀехчӀогӀа мокхазан тӀо я базальтан тӀо чӀогӀаллин маркица М1400-1600. Коьртаниг иза лелабо еза лакхарачӀогӀаллин бетонаш еш, тӀайн бухара конструкцешкахь а, фундаменташкахь а.

ТӀон радиожигаралла[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀон радиожигаралла — амал ю, цунна тӀиера буьйлало тӀо хасто йохк-иэцархой. Нагахь муьлххачу а гӀишлошъяран белхашна тӀо мегаш хила безахь, ткъа иза тӀечӀагӀдина хила деза сертификаташца а, санитаран-эпидемиологин тешаллашца а, леррина лабораторийн талламашца а,тӀаккха иза бохург ду, берриг латтош болу мокхазан тӀо а, кхин тӀехчӀогӀаллин тӀо а юкъабохуьйту радиожигараллийца I-ра классан (радионуклидийн декъан эффектан Ӏаламан жигаралла Аэфф хила еза 370 Бк/кг). Юьрташна юкъахь некъаш дахка дика бу радиожигараллин II классан тӀо (Аэфф хила деза 740 Бк/кг).

Лелор[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀон буьртагийн тайп-тайпана кепаш хуьлу, лещадалле хьаьжжина. ТӀехуло церан шога хуьлу, цундела уьш дика тасало цементан-гӀамаран берамах бетон яран процессехь.

3-8 а, 5-20 а, фракцин тӀо лелабо бетон еш а, бетонах гӀирс беш а. 20-40 фракци дукха хьолахь лелайо гӀишлойн бух буттуш (буха буьллу «гӀайба» санна), ткъа 25-60 а, 40-70 а фракцеш лелайо некъаш дохкуш.

25-60 фракцин тӀо лело таро ю еккъа цӀерпоштнекъан балластан чкъоьран (ГОСТ Р 54748-2011). ГӀишлошъярехь лелайо, ГОСТаца 8267-93, кхин тӀон фракцеш.

ТӀон тайп-тайпана кепаш[нисъе | нисъе чухулара]

Мокхазан тӀо[нисъе | нисъе чухулара]

Мокхазан тӀо — и тӀо ондачу ломан породан буьртиган хӀоттам болуш бу, Дуьненахь уггаре баьржина бу иза. Мокхазан тарх яккхийчу кӀоргенашкахь дакъаделла магма ду. Лаьтта дика кхиинчу аренан шпатан, кварцан, слюдан кристаллех. ЦӀиен, ровзанан, сира бос хуьлу, цунна юкъахь долу шпатега а, слюдага а хьаьжжина. Тарх дохадо дукхах дерг монолитан тарх оьккхийтий, тӀаккха охьа машенаца, ткъа схьабаьлла тӀо луьтту фракцешца. Иза тӀаьххьара мур бу тӀо баккхаран.

Мокхазан тӀон фракцеш
  • 0-5 мм (мокхазан дӀакъастор-ЩПС) — мокхазан тӀон уггаре кегийра фракцеш ю, нисса дӀа хьаьжчи — тӀо бац иза, ткъа тӀо кечбеш сов яьлларг ю. Лелабо декоративан гӀирс санна пенаш кечдеш, кхин а некъашна, берийн а, спортан а майданашна тӀе юхку; бетонах хӀума еш туху, масала «йилина бетонан» тӀехулонца;
  • 0-10 мм (ЩПС)
  • 5-10 мм — уггаре кегийра коммерцин лело фракци. Лелайо бетон а, цунах конструкцеш а еш фракцин хӀоттам оптимум еш бетон юзархьама, масала тхов тӀе йохку экъанаш опалубка а йоцуш еш;
  • 5-20 мм (иэйина фракцеш 5-10 а, 10-20 а) — хьашт хилар уггаре дукха ду. Лелайо бетон еш а, цунах конструкцеш еш а, бух буттучу белхашкахь, тӀайн конструкцеш юттучехь, тӀайн дегӀ, некъ, аэродроман къовламан бух беш а;
  • 20-40 мм — юккъера фракци. Лелайо бетон а, эчигбетонан конструкцеш а еш, трамвайн асанаш а, автонекъаш а, цӀерпоштнекъаш а дохкуш, бух буттуш а, белхан гӀишлош юттуш;
  • 25-60 мм — фракци, лелайо цӀерпоштнекъаш дохкуш;
  • 20-70 мм, 40-70 мм — йоккха фракци, лелайо бетон еш, цунах яккхий конструкцеш еш, баккхий чухоаман бетонан белхаш беш. Лелайо кхин а юьтан юкъара некъ буьллуш, белхан гӀишлош юттуш;
  • 70-120 мм, 120—150 мм, 150—300 мм — чхар, лелабо меттиг юзуш, габионашкахь, декоративан Ӏалашонна, дукха хьолахь керташ, хиш, бассейнаш кечъеш.

Иза стандартан, мокхазан тӀон алсама хуьлу иштта йолу фракцеш лелоран хьесапаш ду, амма хӀоранна а царна шортта лелоран варианташ ю.

Техникан амалашца мокхазан тӀо чӀогӀа (марка 800—1200) а, тӀехчӀогӀа (марка 1400—1600) а, гӀуоролех ца кхоьру (марка 300—400) а, лахара чӀапалла (5-23 %) а, 1 классан декъан эффектан жигаралла йолуш бу Аэф (370 Бк/кг кӀезиг).

Мокхазан дика хьолаш бахьнехь, цунах гӀарабаьлла гӀишлошъяран гӀирс хилла. Иза дика лакхарамаркан бетон юзаран гӀирс бу. Мокхаз иштта лелабо декоративан тӀулг санна. Иза хила тарло сира, цӀиен, ровзанан бесара а, кхин а шортта бесаш хила тарло, шарбича хуьлу хаза куьзга санна къегина. Мокхаз коьртаниг лаьтта аренан шпатан, кварцан, слюдан кристаллех, церан барамо Ӏаткъам бо тӀулган бесан.

ЖагӀан тӀо[нисъе | нисъе чухулара]

ЖагӀнах бина тӀо — жагӀа тайп-тайпана фракцешка (3-10 мм, 5-20 мм, 5-40 мм, 20-40 мм) охьуш кхочу тӀо.

ЖагӀнах бина тӀо лелабо фундаментан белхашкахь, бетонашна, Аьчка-бетонан гӀирсаш беш, некъаш дохкуш.

  • ЖагӀнах бина тӀо — иза жагӀа охьуш, я кхечу муьлххачу механикан хьесапца кеггийна тӀо бу, цуьнан 2 я сов агӀо каггийна тӀулгаш ду.
  • ЖагӀа — кеггийна а доцуш, я цхьаьна агӀора кеггийна, дукхах дерг, эрках я хӀордах схьабалар долу гоьрга тӀулгаш ду.

ЖагӀнах бина тӀон иштта фракцеш ю: 3-10 мм, 5-20 мм, 5-40 мм, 20-40мм.

Кир-маьӀдан тӀо[нисъе | нисъе чухулара]

Кир-маьӀдан тӀо болу коьртаниг кальцитах (карбонат кальция — СаСО3) лаьтта охьахуу ломан порода кир-маьӀда аьхьчи.

Кир-маьӀдан тӀо (наггахь цунах киран я долмитан тӀо а олу) — коьртачу тайпанех тӀон тайпа ду, иза жагӀан я мокхазан тӀо санна, лелабо некъ билларехь, ткъа кхин а эчиг-бетонан гӀирсаш беш а. Иштта лелон магабо дренаж еш, нагахь цуьнан дикка чорда структура елахь.

ШозлагӀа тӀо[нисъе | нисъе чухулара]

ШозлагӀа тӀо гӀишлошъярехь йисина нехаш — бетон, кибирчиг, асфальт аьхьча кхочу. Стандарташ йийцина ГОСТ 25137-82. Иза боккхуш лелабо кхечу кепара тӀо боккхуш болу гӀирс, процесс лаьтта хӀокху коьртачу тӀегӀанех: Хьалха гӀишлошъяран нехаш тӀеюттучуьнца бункер чуюхку, цул тӀаьхьа оту машено кегйо даккхий дакъош тӀона, цул тӀаьхьа юкъара металлан кийсагаш схьалахьайо (металлоломан), кхин дӀа тӀо фракцешка боькъу (сорташка бекъанза тӀо дика оьцу).

ШозлагӀа тӀон дикалла — механ байн хилар, юккъера барам иза шозза бораха бу мокхазанчул. Иза беш энергин харжаш кхечу кепашца юьстича 8-за кӀезиг хила а тарло. ШозлагӀа тӀо юзурган лелош хилчи бетонан шен мах 25% охьаболу.

ЧӀогӀаллица, шелонан духьала латтарца, кхечу цхьайолчу амалашца шозлагӀа тӀо оьшу кхечу натуралан гӀирсах бинчу тӀонал, амма шуьйра лелабо иза:

  • баккхийра бетон юзурган меттана чӀогӀалла 5…20МПа а йолуш;
  • некъан бахамехь (некъан тӀебухкуш, охьавуссийла еш, федералан статус йоцу некъашна лахара чкъоьран);
  • меттигаш тоечу белхашкахь (силам биллина майданашна, гӀашлойн некъашна буха);
  • гӀийла бух чӀагӀбеш (инженерийн машанийн саьнгарш, гӀишлойн оьрнийн бух);

Юкъан тӀо[нисъе | нисъе чухулара]

Юкъан тӀо боккху охьайоьхкина металлургин юкъ я лерина кечйина цӀераца лалийна юкъ охьуш (боьттина юкъан тӀо). ХӀинца кечйина, лелайо гӀишлошъярехь тайп-тайпана кепара бетонаш юзуш. Юкъан тӀох бинчу гӀирсийн мах 20-30 % кӀезиг бу ламастачул.

Буьртигийн боккхалле хьаьжжина тӀо бекъало фракцешка: 5-10, 10-20, 20-40, 40-70, 70-120 мм. Юкъан тӀон буьртагийн хӀоттам, кхечу кепара юзургийн санна, хоржу минимум есалла хилийтархьама. Уггаре лахара тӀекӀела йоьхкинчу тӀон хӀора фракцин луьсталла хуьлу 1000 кг/м3. ЧӀапакепара я мехакепара тӀон юкъара буьртигаш: къубкепара — 15 % сов хила йиш яц; тойина — 25 %; гуттара санна — 35 %. Ишттачу буьртагийн дохалла кхоъ а, сов а хуьлу шен стоммаллел я шораллел.

Луьстачу дӀайоьттинчу юкъанца цхьаьна могӀара тӀо беш лелайо газ совъяьлла лалораш долу хийра юкъ. ДӀайоьттинчу хийра юкъан чӀогӀалла 2,5-40 МПа; юккъера луьсталла декъехь хуьлу 400—1600 кг/м3, цуо таро ло тӀекӀела йоьттинчу тӀон луьсталла 800 кг/м3 а, кхин кӀезиг а, лелайо яйн бетонаш еш.

Юкъан тӀо лелийна ца Ӏа цементан бетонан юзург санна, амма иштта некъаш дахкарехь бух чӀагӀбеш а, силам-бетонийн некъ буьллуш а лелабо.

ТӀон чӀогӀаллин марка[нисъе | нисъе чухулара]

Юкъан тӀон чӀогӀаллин амал гойту марко. Еза бетон юзуш лелош болу доменан юкъах бина тӀон чӀогӀаллин пхиъ марка ю:

М1200 маркин тӀо лело мега М400 а, кхин йоккха а, М1000 — М300 маркин, М800 – М200 маркин, М600 — М200 лахара маркин бетон еш. Лахара маркийн тӀо лелабо иштта лакхара чӀогӀаллин бетонаш юттуш, амма оьшу талам а бина я техникан-экономикан жамӀ дина.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Щебень // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]