Конгломерат (порода)
Конгломерат (схьадаьлла лат. Conglomero — йоккха оьлане гулйо[1]) — охьахиина ломан порода, вовшахлетта кхоъ хӀоттаман элемент: жагӀа йа горгалгаш, кеггарш кегийра юзучу хӀуманца (гӀум, алеврит, кхин а), вовшахтосу хӀума (цемент). Цементан меттана хила тарло карбонаташ, мергелаш, аьчган мусталла. Конгломераташна юкъахь кхин конгломераташ а хила тарло.
Конгломерат брекчех къастаран коьрта хьесап ду, тӀаьхьарчун юкъахь горгалг хилла жагӀан меьттана ира сонаш долу кеггарш хилар.
Тайпанаш а, классификаци а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Тайпанаш хӀоттамца:
- Полимиктан конгломерат — шен хӀоттамца тайп-тайпана конгломерат.
- Мономиктан конгломерат — цхьатерра хӀоттам болу конгломерат.
Юкъакхеттачеран барамца екъар:
- Тархийн конгломераташ — юкъахь 10-100 см барам болу тӀулгаш хуьлу.
- Боккха жагӀан конгломераташ — юкъахь боккха 5-10 см барамехь жагӀа хуьлу.
- Юккъера жагӀан конгломераташ — юкъахь 2,5-5 см барамера жагӀа хуьлу.
- Жима жагӀан конгломераташ — юкъахь 1-2,5 см барамера жагӀа хуьлу.
Лаьттан чкъоьрашкахь латтарца йина классификаци:
- Базалан конгломераташ — лаьтта стоммаллин (свиташ) бух чохь, Ӏохку сен йа параллелан нийса цаярца ширачу ломан породашкахь[2]
- Формацин чоьхьара конгломераташ — Ӏохку чкъоьрнаш кепара марталлин охьахааран кепашкахь. Кхоллало хино яржоран Ӏаткъамца йа кеггаран материал яран муьрашца[3]
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Конгломерат // Геологический словарь. Т. 1. М.: Недра, 1978. С. 350.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Конгломерат (порода) Викиларма чохь |
---|
- Конгломерат — описание
Породийн тоба | Кеггарийн барам | Цемент хиланза | Цемент хилла | ||
---|---|---|---|---|---|
Горгъелла | Горгъяланза | Горгъелла | Горгъяланза | ||
Шога кегъелла породаш (псефиташ) | 10 — 1 м | Окъаман тархаш | Окъамаш | — | — |
1 м — 10 см | Тархаш | Каггар (блокаш) | Тархийн конгломерат | Каггаран (блокан) брекчи | |
10 — 1 см | Сицкъар | ТӀо | Сицкъаран конгломераташ | ТӀон брекчеш | |
1 см — 2 мм | ЖагӀа | Дресва | Гравелиташ | Дресвяникаш | |
ГӀамаран породаш (псаммиташ) | 2 — 0,05 мм | ГӀамарш | ГӀамара тӀулгаш | ||
Ченала породаш (алевриташ) | 0,05 — 0,005 мм | Алевриташ | Алевролиташ | ||
Саз-лаьттан породаш (пелиташ) | < 0,005 мм | Сацкъарш, Саз-латташ | Саз-латташ, аргиллиташ |