Власов, Виктор Петрович (баскетболист)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Власов Виктор Петрович
Карьера чекхйаьккхина
Локхалла 182 см
Гражданалла  ССРС
Вина терахь 1925 шеран 1 ноябрь({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг Москох, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь: 2002 шеран 11 август({{padleft:2002|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг Москва, Росси

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча — 1953
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Хельсинки 1952 баскетбол
Европин чемпионат
Деши Париж 1951
Деши Москох 1953
Борза Будапешт 1955

Власов Виктор Петрович (1925 1 ноябрь, Москох, РСФСР, ССРС2002 11 август, циггахь) — советийн баскетболхо, тренер. ССРС спорта хьакъ долу говзанча (1953), Российн хьакъ долу тренер[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

1936 шарахь 11 шо долуш веира «Динамо».

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш болх бира дуьхьалонан заводехь, левзира «Къинхьегаман резерваш» йукъахь.

1946 шарахь йухавеира «Динамо», цигахь левзира 1959 шо кхаччалц. 1948 шарахь хилира ССРС чемпион, 1956 шарахь — чемпионатан шолгӀа совгӀатхо, 1957 а, 1958 а шерашкахь — кхоалгӀа совгӀатхо. 1956 шарахь хилира ССРС къаьмнийн I Спартакиадин детин совгӀатхо[2].

ССРС божарийн гулйина командин йукъахь хилла Олимпиадин 1952 детин совгӀатхо (Хельсинки), 1951 а, 1953 а шерийн Европин чемпионатийн толамхо, 1955 шеран Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо. Кхин а хилла 1949 а, 1951 а шерашкара Дерриг дуьненан студентийн ловзарийн чемпион, 1953 а, 1957 а шерашкара Дуьненайукъара кегийрхойн спортан ловзарийн толамхо[2].

Тренерийн ишкол чекхйаьккхира Смоленскан физикин оьздангаллин институтан москохан филиалехь. 1959—1969 шерашкахь вара москохан «Динамо» командин лакхара тренер. 1969 шерера пенсе ваххалц хилла «Динамон» центран кхеташонан лакхара тренер[1].

СовгӀат дина Даймехкан тӀеман 2-гӀа тӀегӀанан орденца (06.04.1985)[3], полковник.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Черневич Г.Л.; Школьников Е.А. Динамо. Энциклопедия. — 2-е. — М.: Олма-Пресс, 2003. — С. 17. — 480 с. — ISBN 5-93127-157-0.
  2. 1 2 Баскетбол. Справочник / Составители З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: «Физкультура и спорт», 1983. — С. 188.
  3. Власов Виктор Петрович 1925 г.р.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]