Джорджикия, Нодар Константинович
Джорджикия Нодар | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Карьера чекхйаьккхина | |||||||||||||
Локхалла | 188 см | ||||||||||||
Гражданалла |
ССРС → Гуьржийчоь |
||||||||||||
Вина терахь | 1921 шеран 15 ноябрь | ||||||||||||
Вина меттиг | Кутаиси, Гуьржийн ССР, ТӀКСФСР, ССРС | ||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2008 шеран 1 июнь (86 шо) | ||||||||||||
Кхелхина меттиг | Кутаиси, Гуьржийчоь | ||||||||||||
|
Джорджикия Нодар Константинович (1921 шеран 15 ноябрехь, Кутаиси, Гуьржийн ССР, ТӀКСФСР, ССРС — 2008 шеран 1 июнехь[1], Кутаиси, Гуьржийчоь) советийн баскетболхо, Европин чемпион. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1952).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чекхйаьккхина Тиблисин пачхьалкхан университетан юридически факультет (1956). ТӀом балале хьалха левзина университетан командехь.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, тӀом бина 790 башха 392-гӀа кхийсархойн дивизин йукъахь, лахара лейтенант. СовгӀат дина ЦӀен Седанан, Даймехкан II тӀегӀанан (06.04.1985) орденашца[2], «Доьналлин» (24.04.1943)[3], «Кавказ ларйаран» мидалшца.
Левзина ЭСК (Тиблиси) (1944—1949), «Динамо» (Тиблиси) (1950—1955).
ССРС чемпионатехь йаьхна дешин (1944, 1946, 1950, 1953, 1954), детин (1945), борзанан (1952) мидалш. ССРС Кад баьккхина (1950, 1951).
ССРС гулйина командин йукъахь йаьккхина 1947 шеран Европин чемпионат, детин мидал йаьккхина 1952 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь. Дерриг дуьненан студентийн ловзарийн толамхо (1949).
Карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа болх бира Губржийн ССР Министрийн Кхеташонан референтан даржехь. Хилла Тиблисин баскетболан Федерацин председатель.
СовгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца, гуьржийн Горгасал Вахтанган III тӀегӀанера орденца.
Велла 2008 шеран 1 июнехь Кутаисехь.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьост
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Баскетбол: Справочник. / Авт.-сост. З. А. Генкин, Р. Я. Яхонтов. — М.: Физическая культура и спорт, 1983. — 224 с.
ХӀара баскетболхойх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Бинарш 15 ноябрехь
- Бинарш 1921 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Кутаисехь
- Белларш 1 июнехь
- Белларш 2008 шарахь
- Белларш Кутаисехь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- ЦӀен Седан орден йелларш
- Горгасал Вахтанган 3 тӀегӀанера орденан кавалераш
- «Майраллина» мидал йелларш
- «Кавказ ларйаран» мидал йелларш
- Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Абатца нисдина адамаш
- ССРС баскетболхой
- БК ЭСК Тиблиси ловзархой
- БК «Динамо» Тиблиси ловзархой
- Баскетболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- Баскетболех ловзаран ССРС чемпионаш
- Баскетболан Европин чемпионаш
- 1952 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- Баскетболхой 1952 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Тиблисин пачхьалкхан университетера арахецнарш