Конев, Анатолий Константинович
Конев Анатолий | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Анатолий Константинович Конев | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Центровой | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 198 | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1921 шеран 10 январь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Москох, РСФСР | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 1965 шеран 9 ноябрь (44 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Ко́нев Анато́лий Константи́нович (1921 шеран 10 январехь, Москохахь — 1965 шеран 9 ноябрехь, Москохахь) — советийн баскетболхо. Левзина центровойн позицехь.
Кхузза Европин чемпион, 1952 шеран Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1948).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Клубан[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ловза волавелла Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалале москохара «Буревестник» командехь[1]. 1944 шарахь дехьавелира москохан «Динамо», хьалхарчу шарахь командица 2-гӀа меттиг йаьккхира ССРС чемпионатехь[2]. Москохан гулйина командин йукъахь шозза, 1945 а, 1947 а шерашкахь гӀаланийн матчийн толамхо хилира[3]. 1948 шарахь Советийн Союзан чемпион хилира[4], оцу шарахь Коневн йелира спортан хьакъ долу говзанча[5] цӀе.
1951 шарахь дуьйна — ВВС МВО баскетболхо[6], 1952 шарахь командица йаьккхира ССРС чемпионат[4]. 1953 шарахь дехьавелира ЦДСА, «эскархошна» йукъахь кхузза хьалхий-тӀаьхьий хилира ССРС чемпионатан детин совгӀатхо[2], ткъа 1955 шарахь толамхо хилира ССРС уггаре чӀогӀа командийн къовсамашкахь[7]. 1956 шарахь хилира ССРС къаьмнийн Спартакиадин детин совгӀатхо Москохан гулйина командин йукъахь.
Гулйина командин[нисйе бӀаьра | нисйе]
ССРС гулйина командехь Коневс дакъа лецира советийн спортхошна хьалхарчу 1947 шеран Европин чемпионатехь, иза командо шеек йоцуш схьайаьккхира[8]. На турнире сыграл 5 матчей, набрал 38 очков[9]. Цул тӀаьхьарчу, иштта толам баьккхинчу 1951 шеран Европин чемпионатехь Коневс чукхоьссира 84 очко 8 матчехь, йуккъерачу гайтамца 10,5 очко ловзарехь, хилира 4-гӀа гулйина командехь[10]. 1952 шеран Олимпийн ловзаршкахь левзира 8 матчехь, кхоьссира 41 очко: эшначу финалехь АЦШ гулйина командина дуьхьала очкош ца йехира[11].
Ловзаран амал[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дукхаха дерг ловзура центровойн позицехь, амма аьттонца ловзалора тӀелатарехь а, дуьхьалонехь а[12]. Дика ловзура турс кӀелахь, контртӀелатарна аьтту бора, йуккъера дистанцкра дика кхуссура буьрка[1]. Къовсамхочун чӀогӀа ловзархой ларлора[12].
Велла 1965 шарахь. Чим чохь болу урна дӀайоьллина Введенски кешнашкара колумбарехь.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Гомельский А. Я. Вечный экзамен. — М.: Физкультура и спорт, 1978. — С. 58—59.
- ↑ 1 2 Конев Анатолий Константинович // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 196—197.
- ↑ Матчи городов // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 135—136.
- ↑ 1 2 Чемпионат СССР // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 124—125.
- ↑ 1952 — год дебюта // Баскетбол олимпийский / авт.-сост. Л. Федоров, Е. Цирлин. — М.: Московская правда, 1980. — С. 11—14.
- ↑ Баскетбол // Динамо. Энциклопедия / Составители Черневич Г.Л. и Школьников Е.А.. — М.: Терра-Спорт, 2002. — С. 19.
- ↑ Соревнования сильнейших к-д СССР // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 135.
- ↑ Федотов А. 50 лет, 1 месяц и 16 дней тому назад // Спорт-Экспресс : Спецвыпуск. Июнь '97. — 1997. — № 6. — С. 6.
- ↑ Anatoly Konev's profile — 1947 European Championship for Men (ингалс.). ARCHIVE.FIBA.COM. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 21 мартехь. Теллина 2013 шеран 21 мартехь.
- ↑ Anatoly Konev's profile — 1951 European Championship for Men (ингалс.). ARCHIVE.FIBA.COM. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 21 мартехь. Теллина 2013 шеран 21 мартехь.
- ↑ Anatolij Konev's profile — 1952 Olympic Games (ингалс.). ARCHIVE.FIBA.COM. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 21 мартехь. Теллина 2013 шеран 21 мартехь.
- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуgomeljskij2
тIетовжаран йоза йаздина дац
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Анатолий Конев на портале «Спортивная страна»
- Anatoly Konyev — Olympic medals and stats(ингалс.)
- Анатолий Конев — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)
- Бинарш 10 январехь
- Бинарш 1921 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Москохахь
- Белларш 9 ноябрехь
- Белларш 1965 шарахь
- Белларш Москохахь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- ССРС баскетболхой
- БК «Динамо» Москох ловзархой
- БК ЦСКА Москох ловзархой
- БК ВВС Москох ловзархой
- Баскетболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- 1952 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- Баскетболхой 1952 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- ДӀабоьхкинарш Введенски кешнашкахь