Википеди

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Wikipedia
Википеди
Логотипан сурт
Википедин коьрта агӀо
URL: www.wikipedia.org
Са йаккхар: Дац
Мотт/меттанаш: 328[1]
Эхар: (статистика Рейтинг@Mail.ru)
Сервер йолу меттиг: Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ АЦШ: Ашберн, Сан-Франциско, Даллас, Карролтон, Чикаго;
Нидерландаш Нидерландаш: Амстердам
Долахо: Викимедиан фонд
Автор: Джимми Уэйлс[2] а, Ларри Сэнгер[3] а
Болх болийна: 2001 шеран 15 январехь[4]
Карара статус: Болх беш ю, кхуьуш ю
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Википе́ди (инг. Wikipedia, хеза [ˌwɪkɨˈpiːdiə] йа [ˌwɪkiˈpiːdiə]) — йукъара лело дуккха меттанийн универсалан маьрша контент йолу интермаша-энциклопеди[комм. 1], йина викин хьесапашна тӀехь.

Сайтан долахо — америкин коммерцин боцу кхоллам «Викимедиан фонд», цуьнан 37 регионийн вакилат йу. Энциклопедин цӀе схьайаьлла ингалсан дешнех wiki («вики»; шен рогӀехь тӀеэцна гавайн меттара, оцу маттахь цуьнан «сихха» маьӀна ду) а, encyclopediaэнциклопеди») а.

2001 шеран январехь Уэйлс Джиммис а, Сэнгер Ларриса дӀайиллина[5], Википеди хӀинца уггаре йоккха а, уггаре гӀарайаьлла а[6] Интермашера справочник йу[7][8][9]. Хаамийн а, тематика дӀалацаран а чухоамца Википеди лору йерриг адамаллин исторехь мацца а йиначех уггаре йуьзина энциклопеди[10][11]. Википедин коьртачех дикалла, универсалан энциклопеди хиларе терра лелочун лелочун ненан маттахь хаамаш схьаэца таро хилар йу[12].

2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов[1] йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу[13].

2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов[1] йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу[13].

Википедин коьрта башхалла йу, йаззам кхолла а цунна чохь хьанна а магар[комм. 2]. Шайн лаамхоша бина берриш хийцамаш сихха хьажа тарой у сайтан чубевллачарна. 2013 шеран декабрехь Википеди кхоьллинаУэйлс Джиммин Бор Нильсан Дешин мидалца совгӀат даран хьокъехь ЮНЕСКОс динчу дӀахьедарехь аьлла, иза йу «иза беккъа гӀирс хила ца Ӏа,иза вай дехачу муьран цхьаьнаболхбаран сийлалла, адаман интеллект а, Искандрин библиотекин» гулам а санна шира ойла кхочушйар[14][15].

Википедин тешамаллех а, нийсаллех а хеттарш хуьлу[16]. Википеди йемал йо харц йа теллина боцу хаамаш тӀетоха таро хиларна а, цуьнан агӀонаш тӀера вандализм [17] а бахьнехь. Амма Ӏилманан талламаша тешалла до, Википедехь вандализман ларраш сихха дӀайоху[18][19].

Оьрсийн маттара Википедин декъехь, 2024 шеран 19 мартехь, бу тайп-тайпана тематикин 1 970 056 йаззам, лаьтта 7-гӀа меттигехь дерриг меттанийн дакъошна йукъахь йаззамийн барамца.

Функци лелоран модель[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ламаста энциклопедех къаьсташ, масала, Encyclopædia Britannica, Википедин цхьа йаззам Экспертан маххадорера формалан талламах чекх ца йолу. Википедин муьлхха йаззаман редакци йан йиш йу декъашхочун чоьтан йаззам тӀера а, кхин а проектехь регистраци ца йеш а (сих-сиха вандализман кӀела йоьду цхьацца агӀонаш йоцурш, царна хийцамаш бан ло билгала болчу декъашхойн категорешна йа, кхин меттиг ца хилча, беккъа Википедин администраторшна), цу тӀе йаззам йукъахь бина хийцам сихха гуш хуьлу муьлххачу лелорхочунна. Цундела Википедис шен чулацам «бакъ хиларан гаранти ца ло»[20], мухха хилча а, йаззамехь харц хаам чубаьккхинчу моментан а, и хаам Википедин кхин декъахочо (оцу хаарийн областехь гӀоле хууш волу) дӀабаккхаран моментан а йукъахь, цхьа билгала хан йер йу. (Кара а йина, йаззамера гуш йолу вандализм дӀайаккха, оьшу дуккха а кӀезиг хан, и йаззам харц хаамах мукъайаккхарал, нагахь иштта харцо башха гуш йацахь.)

Википедин чулацам АЦШ Виргини штатан законан кӀела боьду (масала, авторийн бакъонан), цигахь йу Википедин серверш а, масех редакцин политик а, куьйгалла а, церан декхар ду Википеди энциклопеди хиларан ойла чӀагӀйар.

Википеде диллина хӀора дакъа энциклопедин темица хила деза. Тема энциклопедин лору, нагахь иза «чулацаме» йалахь[21] Википеди жаргонехь, аьлча а, нагахь иза темин хӀуманах маьрша а йолуш шолгӀа авторитетан хьосташкахь ладаме серлайаьккхинехь (масала центран МХГӀ йа ладаме Ӏилманан журналашкахь).

Википедихоша йаззамашкара хийцамашна терго йо, толлу цӀечу басца къастийна агӀонан шина версешна йукъара башхаллаш

Википедехь хила беза нийса хилар хӀоттийна а, къобал бина а хаамаш[22]. Кхечу дешнашца аьлча, йаззам хила йиш йац хьенна а долара ойланаш, теореш, талламаш, йина хӀумнаш, шена хетарг нахала доху «майда», исбаьхьаллин йемалаллин хьенна йалахь а мах хадор. Йаззамашкара хаамашна, шеко йолуш белахь, оьшу авторитетан хьосташна хьажоргаш. Википедин йукъаралло маьӀна даьккхира цуьнан «таллайаларалла» аьлла, цуо гойту доьшучарна бакъ дерг а, доцург а шеш къасто йиш хилар[23]. Википедис цхьанне агӀо ца лоцу[24]. Википедин йаззаман гуран чохь, йерриг ойланаш а, хетарш а оцу темица серладаьккхина хила деза, нагахь церан арахьара хьосташкахь шайн чӀагӀдарш делахь[25].

Википедин истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Википеди дуьххьара йолайелла кхечу энциклопеди кхоллам тӀийра
Джимми Уэйлс — Википеди кхоллинарг ву хӀара
Ларри Сэнгер — Википеди кхоллинарг ву хӀара
Ингалс маттахь йолу вики чохь йаззамаш чутуху хан йола йелла 10 нажи бутт 2001 шарахь кху 9 тав бутт 2007 шарахь
Чубовларш wikipedia.org кху 2008 шарахь

Википедин чувала доза тохар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хан хене мел йолу цхьацца мехкаша Википеди дӀакъовлу йа дӀакъовла кхерамаш туьйсу. Царна йукъахь:

Ӏаткъам а, лелор а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Массачусетсан технологин институтан а, Питтсбурган университетан а талламан коллективо хӀоттийна нисса корреляци Википедехь хаамаш хиларна а, Ӏилманан йаззамашна а, монографешна а тӀехь болх беш Ӏилманчаша уьш лело таро хиларна а йукъахь[28].

Оьздангаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хаза факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

2021 шеран декабрехь Christie’s аукционехь Нью-Йоркехь 750 эзар долларех йоьхкира дуьххьарлера Википедехь йаздина NFT кепара йоза. Фраза «Hello, World!» дӀайаздира Уэйлс Джиммис 2021 шеран 15 январехь. И йоза йаздина Уэйлса iMac, йоьхкира 187,5 эзар долларех[29].

Гергара проекташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викимедин фонд, компани-долахочо а, Википеди йиллинчо а, гӀо лоцу кхин Интермашехь маьрша зорбатоха йиш йолчу проекташна:

  • Викидошам — дуккха функцеш йолу дошам а, тезаурус а;
  • Викицитатник — цитатийн, ира дешнийн, кицанийн, пхьуьцанийн гулам;
  • Викитека — маьрша баржо оригиналан могӀамийн библиотека;
  • Викижайна — маьрша йаржо дешаран литература;
  • Викиверситет, шен меттиг латтайо интержигара дешаран а, йиллина Ӏилманан проекташ йахаран а керла кепо санна;
  • Викикерланаш — дуьненайукъара хаамийн агенталла а, йиллина керланийн интернет-арахецар;
  • Викиларма — Викимедин фондан проектийн агӀонаш чохь латто мультимедийн файлийн йукъара коьрта ларма, включаемых в страницы;
  • Викикепашбиологин тайпанийн таксономин справочник;
  • Викихаамаш — Викимедин фондо кхоьллина цхьанне редакци йен хаамийн база;
  • Викигид — туризман а, маьрша новкъавуьгургаш йаран а йиллина дуккха меттанийн проект;
  • Мета-вики — Викимедин фондан проектийн координацин а, документацин а лерина веб-сайт.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш
  1. Под свободностью контента подразумевается доступность содержимого проекта под свободными лицензиями; некоторые разделы также содержат несвободные материалы.
  2. цу тӀе дукхаха йолу агӀонаш сайт тӀехь регистраци а ца йеш нисло, амма цхьацца агӀонаш редакцех ларйина регистрации йина боцучу а, дукха хан йоцуш регистрации а йинчу декъашхойх, наггахь — массарех а райина, администратораш боцучарех. Кхин а редакци йаран таро йу барам хӀотто блокировкаш.
Хьосташ
  1. 1 2 3 List of Wikipedias
  2. Jimmy Wales(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Britannica.
  3. Nobody should trust Wikipedia, says man who invented Wikipedia(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). The Independent.
  4. Wikipedia(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Britannica.
  5. Miliard, Mike. Wikipediots: Who are these devoted, even obsessive contributors to Wikipedia?, Salt Lake City Weekly (2008, 20 февраль). Архивировано коч дечара 5 майхь 2018. Хьаьжна 22 майхь 2018.
  6. Five-year traffic statistics for wikipedia.org. Alexa Internet. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2008 шеран 15 июлехь.
  7. Tancer, Bill. Look Who's Using Wikipedia, Time (2007, 1 май). Архивировано коч дечара 3 августехь 2012. Хьаьжна 1 декабрехь 2007. «The sheer volume of content […] is partly responsible for the site's dominance as an online reference. When compared to the top 3,200 educational reference sites in the U.S., Wikipedia is #1, capturing 24.3% of all visits to the category». (the author’s blog post on the article Архивйина 2012-03-25 — Wayback Machine)
  8. Woodson, Alex. Wikipedia remains go-to site for online news, Reuters (2007, 8 июль). Архивировано коч дечара 21 ноябрехь 2007. Хьаьжна 16 декабрехь 2007. «Online encyclopedia Wikipedia has added about 20 million unique monthly visitors in the past year, making it the top online news and information destination, according to Nielsen//NetRatings».
  9. The top 500 sites on the web(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Alexa Internet. Теллина 2015 шеран 9 июнехь.
  10. [Русская Википедия перешла рубеж в 250 тысяч статей(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Русская Википедия перешла рубеж в 250 тысяч статей] Архивйина 2009-01-29 — Wayback Machine
  11. Википедия отмечает 7-й день рождения (2008)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 9 апрелехь. Теллина 2008 шеран 22 февралехь.
  12. Джимми Уэльс: Wikipedia спасёт мир от невежества(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  13. 1 2 Рейтинг топ веб-сайтов(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (14.11.2021).
  14. UNESCO's Niels Bohr Gold Medal awarded to prominent researchers in 2013 (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). UNESCO (2013, 5 декабрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 23 майхь. Теллина 2018 шеран 22 майхь.
  15. Создателя Википедии наградили за вклад в развитие науки(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Взгляд.ру (2013, 6 декабрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 12 декабрехь. Теллина 2013 шеран 9 декабрехь.
  16. Simon Waldman Who knows?. The Guardian (2004, 26 октябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2007 шеран 11 февралехь.
  17. Ahrens, Frank. Death by Wikipedia: The Kenneth Lay Chronicles. The Washington Post (2006, 9 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2006 шеран 1 ноябрехь.
  18. Fernanda B. Viégas, Martin Wattenberg, Kushal Dave. Studying Cooperation and Conflict between Authors with History Flow Visualizations (en) // Proceedings of the SIGCHI Conference on Human Factors in Computing Systems(ингалс.) : journal. — Vienna, Austria, 2004. — P. 575—582.
  19. Reid Priedhorsky, Jilin Chen, Shyong (Tony) K. Lam, Katherine Panciera, Loren Terveen, John Riedl. Creating, Destroying, and Restoring Value in Wikipedia (en) // Association for Computing Machinery GROUP '07 conference proceedings : journal. — Sanibel Island, Florida, USA., 2007. — 4 November. Архивйина 2007  шеран  19 октябрехь.
  20. Википедия:Отказ от ответственности(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Русская Википедия. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь. Теллина 2009 шеран 25 июнехь.. Оригинал: Wikipedia:General disclaimer(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). English Wikipedia. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2008 шеран 22 апрелехь.
  21. Википедия:Значимость(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). — «Предмет или тема предположительно являются значимыми, если они достаточно подробно освещаются в независимых авторитетных источниках»  Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 25 июнехь.. Оригинал: Wikipedia:Notability(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). — «A topic is presumed to be notable if it has received significant coverage in reliable secondary sources that are independent of the subject»  Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2008 шеран 13 февралехь.
  22. Wikipedia:No original research(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). — «Wikipedia does not publish original thought»  Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2008 шеран 13 февралехь.
  23. Wikipedia:Verifiability(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). — «Material challenged or likely to be challenged, and all quotations, must be attributed to a reliable, published source»  Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2008 шеран 13 февралехь.
  24. Wikipedia:Neutral point of view(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). — «All Wikipedia articles and other encyclopedic content must be written from a neutral point of view, representing significant views fairly, proportionately and without bias.»  Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2008 шеран 13 февралехь.
  25. Eric Haas Will Unethical Editing Destroy Wikipedia's Credibility?. AlterNet.org (2007, 26 октябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь.
  26. «Turkish authorities block Wikipedia without giving reason» Архивйина 2019-05-24 — Wayback Machine, BBC, 29.04.2017
  27. «В Турции заблокирована „Википедия“»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  28. «Википедию» признали эффективным инструментом для продвижения науки(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  29. Первую запись в «Википедии» продали на NTF-торгах за $750 тыс. (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). РБК. — новость. Теллина 2022 шеран 6 январехь.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]