Википедин истори

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Уэйлс Джимми, Nupedia йиллинарг а, Википедин лидер а
Сэнгер Ларри, Nupedia хилла коьрта редактор, цунна дагадеира Википеди йилла а, цуьнан бух буьллу бакъонаш кхолла а

Википе́ди — йукъара тӀекхуьу дуккха меттанийн универсалан интернет-энциклопеди маьршша контентан тӀе а кхачало, редакции а йан ло; аьлча а муьлхха а луучун тарой у кхолла шен йаззам а, кхечеран йаззаман редакции йан а, графикин, озан хаамаш чуйазбан.

Википеди официалан дӀайиллина 2001 шеран 15 январехь. Йуьхьанца иза кхоьллира эксперташа йазйеш йолу «Nupedia» энциклопедин тӀе, Ӏалашо йара бовланза йаззамийн а, ойланийн а хӀост кхоллархьама. Амма Википеди сихха хьалхайелира Нупедил, цунах йоккха дуьненайукъара проект хилира, шен гуонаха дуккха кхин тӀе проекташ гулйеш. 2013 шеран февралехь Википедин чохь бара 24 миллион сов маьрша лело йаззам, уьш йазбинера иттаннаш миллионаша цубнан декъашхоша. Иза уггаре гӀарайаьллачехь цхьа веб-сайт йу дуьненахь, шуьйра лелайо справочник санна.

Историн обзор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьненан дерриг Ӏилма цхьаьна меттиге гулдаран ойла хьалайоьду ширачу Искандрин а, Пергамин а библиотекашка, амма оцу концепцин таханлера кхетам, цхьа универсалан энциклопеди кхоллар а, шуьйра йаржайар а хилла серлончийн хьекъалшкахь Дидро Денин а, XVIII бӀешеран энциклопедистийн а заманахь[1]. Ткъа энциклопедин контент автоматаца йузаран цхьа гӀирс кхолларан ойла тӀаьхьа гучуйолу: масала, цуьнан цхьацца дакъалгаш каро тарло библиотекаран Чарльз Амми Каттеран «The Buffalo Public Library in 1983» (Library Journal, 1883) йаззамехь, кхин дӀа — Отле Полан Traité de documentation жайнахь (1934; Отлес кхин а кхоьллина кхоллам Mundaneum, 1910), Уэллс Гербертан World Brain (1937) эссен гуламехь, Буш Вэниваран футуристийн микрофильмехь, цуьнан бух бу « Вайга ойла муха йанло» йаззам тӀера Мемекс кхетам тӀехь[2] (As We May Think, 1945). Оцу могӀанера декъан МУР лара мегар ду кхин а Нельсон Тедан «Xanadu Проект» (1973).

Дерриг дуьненан маша кхиарца дуккха а нах гӀиртира шен интернет-энциклопедин проект кечйан. 1999 шарахь программиста а, маьрша программин болам кхоллархочо а Столлман Ричарда «Маьрша универсалан энциклопедин» хьесапийн бух кечбира, гайтира «Маьрша энциклопедис хӀитто йеза Ӏалашонаш, йукъараллин муьлха маршонаш йала йеза, иза кечйан муха йолон йеза». Цуьнан маьрша программин фондо дог ойу «сайт чувала а, цунна чохь шен дакъа лаца а». Википедел хьалхара кӀезиг йевзачех цхьаъ йара Interpedia, иза МакГенри Роберта[en] йоьхкура цунах концепцица.

Концепцин формула хӀоттор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Википедел хьалха хилла а (хӀинца йоцу а Нупедин проект-когаметтайерг санна йина йара. Нупеди кхоьллинера хууш болу говзанчаш тӀеозийна а, цхьатерра бакъонаш йолу рецензин чолхе дуккха гӀулчаш йоху хьесапаш лелош а. Болх бан дог долу кечйийраш а, Уэйлса лаьцна, гуттаренна коьрта редактор, диплом долу философ Сэнгер Ларри, а воллушехь, чулацам чӀогӀа меллаша кечбора: хьалхарчу шарахь 12 йаззам бен ца бира.

Уэйлса а, Сэнгер а дийца доккхура йаззамаш сиха баран тайп-тайпана хьесапаш. Викин тӀейоьгӀна йузаран ойла кхоллайелира Сэнгер Ларрин а, Ковитз Бенан а йукъарчу къамелехь. Программисто а, гуттаренна Каннингем Уордан вики-движок лелочун а Ковитз Бена (the WikiWikiWeb), 2001 шеран 2 январехь гайтира Сэнгеран «викин» технологи. 2001 шеран октябрехь Уэйлса дӀахьедира, «Ларрин ойла йара Wiki программа лело» (тӀаьхьо, 2005 шеран декабрехь, цуо чӀагӀдора, Bomis белхалочо Розенфелд Джеремис, и концепци гайтарх лаьцна). Сэнгер лорура, вики дика платформа хилар, кховдийра UseModWiki (оцу хенахь v. 0.90) тӀехь бух болу Нупедин декъахошка вики хӀоттор, Nupedia когаметтайерг санна. Иза кховдоран терахь 2001 шеран 10 январь ду[3].

Википеди кхоллар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нупедин редакторийн а, рецензентийн а агӀора, дика дуьхьало иза вики-движокца йехкаран ойланна. Сэнгер кховдийра керлачу проектана шен доллара цӀе тиллар — Википеди — тӀаккха 2001 шеран 15 январехь иштта цӀе йолуш шен доларчу домен тӀехь болх бан дӀайолийра wikipedia.com.

Оцу проекташна лело сервер (Сан-Диегохь лаьтта), маьхаза йелира Bomisа. Бомисан хӀинцалера а, хилла а белхалоша шайн дакъа лецира энциклопеди йузуш, масала, Шелл Тима, цхьаьна кхоьллинарг а, хӀинца Бомисан коьрта администратор а, кхин а программиста Ричи Джейсона а.

Википедехь мацца а цкъа бина дуьххьарлера хийцамаш Уэйлсан зиеделла нисдарш хилар тардолуьйту. Амма хӀинца а болу уггаре шира йаззам — UuU лаьцна йаззам бу, иза йазбина 2001 шеран 16 январехь 20:08 UTC.

Slashdot веб-сайт тӀаьхь кхузза хьахийча а, 2001 шеран мартехь кхин шозза кӀеззиг хьахийча а проектана дуккха а керла агӀончаш бевлира. Оццу хенахь цуьнан веб-сайт тӀера историн гайтам айабелира йукъаралло 25 июлехь кхуллучу Kuro5hin технологеш а, оьздангалла а бахьнехь. Цул сов, хаъал хьовсархой хьовсийра кхечу сайташкара, царна йукъахь билгалайаккха йеза Google, цуо хӀора дийнахь сайтан тӀебеттара керл-керла хьовсархой. Зорбанехь сайт дуьххьара серлайаьккхира «Нью-Йорк Таймсо» 2001 шеран 20 сентябрехь.

Проектийн йаззамийн барам 1000 совбелира 2001 шеран 12 февралехь, ткъа 7 сентябрехь дехьаиккхира 10 000. Википеди йукъайаьллачу хьалхарчу шарахь кхоьллира 20 000 сов энциклопедин йаззам — йуккъера барам 1500 йаззам баттахь. 2002 шеран 30 августехь йаззамийн барам кхечира 40 000. Сихалла тӀекхетара цхьаьнаэшшара, программин кхачоно а, аппаратуро а болх ца бар бахьнехь лагдалар доцуш.

Интернационализаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Википеди шен кхиарехь шуьйра йаржа йолайелира къаьмнашна йукъахь. Ингалсан йоцу Википедин резерве хӀоттийна хьалхара домен, йара deutsche.wikipedia.com (2001 шеран 16 мартехь), цунна миноташкахь тӀаьхьа гучуйелира каталанийн; тӀаьхьарниг шина баттахь гергга цхьаъ бен йацара ингалсан маттахь йаззамаш боцург. Французийн Википедин хьалхара хаамаш гучубевлира 23 мартехь, цул тӀаьхьа 2001 шеран майхь, цуьнца цхьаьна керла меттанийн дакъойн тулгӀенаш йара цийн, нидерландийн, эсперанто, ивритехь, италихойн, японийн, португалихойн, оьрсийн, испанхойн, шведийн меттанашкахь. Дукха хан йалале царех дӀакхийтира Ӏарбойн а, мажарийн а Википедеш. 2001 шеран сентябрехь кхайкхийра Википедин дуккха метталлин декхарийлахь болу, царна йукъахь дара дерриг коьрта меттанаш йухатохар, керла коьрта стандарташ йар, коьрта агӀонаш керла викешна гочйар. Оцу шеран чаккхенгахь кхайкхийра африкаансан, норвегийн, сербийн дакъошах лаьцна.

Википедин блок тохар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Википедин къаьмнийн Ӏедалша блок туху меттигаш а хилла. Таханналц уьш йоьзна йу ЦХР, Иранца, Туркойчоьнца, Тунисца, Узбекистанца, Шемаца.

Континентан Цийчоь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цийчоьнан Википедин блок цӀа тоьхна ца Ӏа. Дуьххьара ЦХР интермаша лелорхойн Викимедиан серверашка кхачарна блок туьйхира 2004 шеран 2 - 21 июнехь. Иза доьзна дара 1989 шеран 4 июнера Тяньаньмэнь майданера хиламийн 15 шо кхачарца. Цийчоьнан Википеди шолгӀа сацийра 2004 шеран 23 - 27 сентябрехь. Амма оцу доза тохаро Цийчуьра берриг Википеди лелорхошна блок ца туьйхира. Оцу блок тохаран бахьна хӀинца а хууш дац. КхузлагӀа блок туьйхира 2005 шеран 19 октябрера 2006 шеран 10 ноябрь кхаччалц.

Иран[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхин пачхьалкхан а, ведомствийн а дозанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

2007 шеран ноябрехь Нидерландийн юстицин министралло, цхьаьна ханна ца магадора шен белхалошна Википеди лело. Ца магоран бахьна дара белхан меттигехь дуккха а энциклопедин политикин партин гӀуллакх довзуьйту, паччахьан доьзалан декъахоша новкъан боламан бакъонаш йохорехь, оьзда боцу йаззамашна редакци йина меттигаш гучуйовлар.

Авторийн барам охьабалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2008 шарахь шина талламо Википеди кхиар цхьанаэшшара хуьлийтара[4]. Цуьнца цхьаьна, American Behavioral Scientist(ингалс.) зорбатоьхна талламан жамӀашца, ингалсан маттара Wikipedia редакторийн барам ца-соццуш охьаболуш бу: 56 эз. тӀера 2007 шарахь 35 эз. 2012 шарахь. Талламан авторо Миннесотин университетера Халфакер Аарона лору, автораш лагӀбалар йаззамаш кхоллар дукха чолхе дар бахьнехь хилар:

Материал гайтаран дикалла а, рогӀалла а латто, Wikipedia йукъаралло бина цхьаболу хийцамаш, <…> гӀочу агӀора Ӏаткъам бира авторийн коллектив кхиорна, хийцамаш кхиорна бина боллушехь[5].

Википедин истори суьрташкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

ДӀасахьажоргаш а,чолхе йаззамаш а боцуш РуВикин йаззамаш кхиаран болар. Кхийсадаларша гойту йаккхий бот чуйоттарш
2001 шеран июлера 2010 шеран апрель кхаччалц уггаре йоккха бархӀ Википеди кхиар
Ингалсан Википеди кхиар
Терахь Барам, эз.
Апрель 2003 125[6]
Апрель 2004 250
Март 17, 2005 500[7]
Март 1, 2006 1000[8]
Сентябрь 10, 2007 2000[9]
Оьрсийн Википеди кхиар
Терахь Барам, эз.
Декабрь 2004 10
Декабрь 2005 50
Август 2006 100
Март 2007 150
Сентябрь 2007 200
Март 2008 250
Июль 2008 300
Январь 2009 350
Февраль 2010 500
Октябрь 2010 600
Апрель 2011 700

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Miloš, Todorović. From Diderot’s Encyclopedia to Wales’s Wikipedia: a brief history of collecting and sharing knowledge (en) // KSIO : journal. — 2018. — No. 1. — P. 88—102.
  2. Ваннавер Буш Как мы можем мыслить — Конспект и перевод работы As we may think сделал Евгений Патаракин. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 12 январь. Архивйина 2016 шеран 21 майхь
  3. 19 лет назад Нупедия дала жизнь Википедии | РОСКОМСВОБОДА. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 12 январь. Архивйина 2020 шеран 12 январехь
  4. Diomidis Spinellis and Panagiotis Louridas (2008): The collaborative organization of knowledge Архивйина 2009-11-16 — Wayback Machine. In Communications of the ACM, August 2008, Vol 51, No 8, Pages 68 — 73. DOI:10.1145/1378704.1378720. Quote: «Most new articles are created shortly after a corresponding reference to them is entered into the system». See also: Wikipedia:Inflationary hypothesis of Wikipedia growth
  5. «Wikipedia теряет авторов, пишущих на английском» Архивйина 2014-03-30 — Wayback Machine // Би-Би-Си, 05.01.2013
  6. From Detailed tables and charts of Wikipedia statistics Архивйина 2008-08-02 — Wayback Machine
  7. Wikipedia reaches milestone with half-million English articles Архивйина 2006-09-13 — Wayback Machine 21 March 2005
  8. English Wikipedia hits one million articles Архивйина 2006-03-12 — Wayback Machine 6 March 2006
  9. Michael Arrington, «Wikipedia: 2 Million Article Milestone» Архивйина 2016-04-09 — Wayback Machine, TechCrunch, September 12, 2007, retrieved January 4, 2008