Вики-бабанаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Вики-бабанаш (оьрс. Вики-бабушки, башк. Вики-өләсәйҙәр, алт. Вики-jааналар, инг. Wikigrannies) — Викимедиан декъашхойн дуьненайукъара тоба — Башкирийн Википедера хенара викимедихой.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тоба кхолларан ойла хилира 2016 шарахь Ижевске Вики-Урал семинаре боьлхучу хенахь[1]. Проектан Iалашо йара Евровизионехь эшарш лекхна удмуртийн «Буранан бабанаша» санна, хенара зударий гайта интермашин аренашкахь. Коьрта дакъа лаьтта «Башкирийн зударий» социалан «ВКонтакте» машанан тобанан декъахойх[2]. 2016 шарахь Петарбухехь дуьненайукъара конференци йолуш кхин меттанийн дакъойн векалийн дехарца вики-бабанех ма-барра хаам бовзуьйту шуьйрачу аудиторина[3][4][5]. 2016 шарахь украинера дуьненайукъара конференцехь Э. Мухамадеевас гулбелчарна проект йовзийтира. 2017 шарахь Берлинехь З. ӘЙЛЕ а, Visem а (Украинийн Википедин волонтёр) псевдонимаш йолчу волонтёраша, презентаци йира вики-бабанех лаьцна дуьненан Викимедиан боламан хьалха[6]. оццу шарахь Башкирин Википедин йоккха вакилат, царна йукъахь йалх вики-бабас а, дакъалецира москохан вики-конференцехь, конференцин лерина декъехь цигахь болчарна шайн болх дIагайтира[7].

2018 шарахь Кейптаунера Викиманин декъахоша, маршала хIоттура меттанийн дакъойн волонтераша шайн меттанашкахь, царна йукъахь башкирийн вики-бабанийн цIарах — Валеева-Яубасарова Баната а[8].

2019 шарахь Стокгольмехь Викимани дIакъовларан церемонехь Викимедиан фондан кхочушдаран директоро Мар Кэтрина сценин тIера кхайкхийра: «Башха хазахета суна башкийрийн бабанийн масала — Башкортостан олу Российн регионехь беха хенара зударийн тоба, алсама йарташкара а болу, — цара 2016 шарахь дуьйна оьрсийн маттара башкирийн матте гочбо йаззамаш (ContentTranslation олучу гIирсан гIоьнца), тахана а башкирийн дакъа йукъадоьду хьалхара ткъа декъан иштта йазбинчу йаззамашца. Иштта бабанаш билгалбоху вай!»[9][10].

2019 шеран 28-29 сентябрехь Москохахь хилира дуьненайукъара конференци, цигахь дакъалецира Гизатуллина Рашидас, цуо дийцира бурзян вики-клуба бечу белхах лаьцна, кIоштан муниципалан Iедалца цхьаьнагIуллакх дарах, Iабдульмамбетан йукъарадешаран ишколехь кхоьллина ишколахойн вики-клубах лаьцна.

2019 шеран 11-13 октябрехь Сербин коьрта шахьрахь Белградехь дIайаьхьира СЕЕ-конференци, цигахь Ситдыкова Гузала гулбелчарна бовзийтира вики-бабанийн болх, социалан машанаш чухула волонтёраш йукъабалор[11].

Вики-бабанаша жигара дакъа лоцу йаззамийн къовсамашкахь, гочбеш бо башкирийн а, гIезалойн меттанашкахь йаззамаш[12][13].

Башкирин википедихойн жигаралла бахьнехь, царна йукъахь вики-бабанаш а, 2022 шарахь башкирийн мотт йукъатуьйхира машенан гочдаран Meta Platforms компанин дуккха меттанийн моделан NLLB-200 уггаре баьржина дуьненан 200 меттанех, чот тухучу хенахь Википедийн чухоам лорура хIора меттан[14].

Декъахой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уггаре зиеделла, угаре йоккха стаж йолу декъахо йу Ситдыкова Гузаль. Цунна тIаьхьа йогIу дуккха шерашкахь массийн хаамийн гIирсийн системехь болх бина гочдархо Акбутина Альфия. Уггаре йоккха волонтер — Валеева-Яубасарова Банат. Цуьнан 2021 шарахь 73 шо кхаьчна. Бурзян кӀоштара википедихой — Кутлубаева Кунсылыу, Гизатуллина Рашида, Юлдашева Луиза, Кувандыкова Тансылу — дуьххьара баккхийчарна а, берашна а йукъахь вики-клубаш йиллира. Белорецк гIалара — башкирийн меттан а, литературин а хьехархо, «Башкирийн меттан а, литературин а шеран хьехархо — 2019», республикин къовсаман лауреат Кагарманова Сария, Ишимбай гIалара — Юсупова Хаят, Уфан кӀоштара — Абдуллина Минсулу, Стерлитамак гIалара — башкирийн эскаран а, театран а тема серлайоккху Сулейманова Гульшат. Тахана уьш — зиеделла волонтёраш.

2020-гIа шерашкахь «вики-бабанаш» кхин а гучубевлира 2021 шеран 23 февралехь дIайиллина Алтайхойн Википедехь[15][16]. Дакъа дIаделларан кечам беш чот йира башкирийн зиеделлачунца, иза бахьнехь дакъа долочу хенахь гIо кхечира алтайхойн мотт лелочу хенарчу нахера. Масала, «хаьржина йаззаман статусе» цара кхачийра «Мария Склодовская-Кюри» а, «Ай» («Бут») а.

СовгIаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Вики-бабанаш» проект — Къаьмнийн гIуллакхийн Федералан агенталлин а, «Комсомолан бакъдерг» газето йина КхоалгIа Йерригроссийн «Коьрта дош» къовсаман «Уггаре дика социалан инициатива» номинацин (2019 шеран 25 октябрь) толамхо (проектан автор — З. ӘЙЛЕ) [17][18].
  • Филантропи кхиоран диканаш даран фондо (ДФ «КАФ») бинчу «Комаьрша истори»къовсамехь, «#КомаьршаШинара-2019 Россехь», Вики-бабанийн истори толамхо хилира[19][20].
  • 2021 шеран февралехь Башкирийн Википедин волонтёрашна, кхоьллина 15 шо кхачарна, йелира Башкортостан Республикин коьртан а, регионан Правительствон а, сийлахь грамоташ а, элира баркалла а, Башкирийн Дерригдуьненан кхурултай мидал «Ал да сәс нур халҡыңа» а, Башкирийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а фондан баркалалла элира. Башкирийн Дерригдуьненан кхурултайн Президиуман Председатело Аиткулова Эльвирас билгалдаьккхира шен къамелехь башкирийн мотт кхиорехь вики-йукъаралло доккха дакъа лаьцна хилар, тIетуьйхира, «нисса и чкъор вики-боламе озор ладаме ду аьлла, <…> Вайна вики-бабанаш эшна ца Iа, амма вики-бнраш а, вики-кхиархой а оьшу»[21].

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ижкарын ортчоз нырысетӥез Урал вики-семинар Архивйина 2021-07-16 — Wayback Machine (на удмуртском языке) — Удмурт дунне, 19 сентября 2016, сообщение об Уральском вики-семинаре 2016(удм.)
  2. Башҡорттар, АЛҒА! Архивйина 2019-07-03 — Wayback Machine(башк.)
  3. Йөрөгән таш шымара… Архивйина 2021-07-18 — Wayback Machine(башк.)
  4. Вики-конференция 2016: Секция «Википедия на языках России».
  5. Вики-конференция 2016: Слайды презентации башкирской юзер-группы
  6. Берлинды ла алдыҡ беҙ… Архивйина 2019-07-03 — Wayback Machine(башк.)
  7. Татарский раздел «Википедии»: споры вокруг «России» и всемирная слава башкирских бабушек. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март. Архивйина 2017 шеран 30 декабрехь
  8. Кейптаунда үткән Викимания-2018 конференцияһында ҡатнашыусыларҙы сәләмләү Архивйина 2020-04-27 — Wayback Machine(башк.)
  9. Wikimania 2019: Closing Session YouTube чохь
  10. Лезги Вики в Стокгольме. ФЛНКА (2019 шеран 30 август). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 18 август.
  11. В Сербии презентовали движение «Викибабушки» из Башкортостана. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март. Архивйина 2020 шеран 15 февралехь
  12. Про Башкортостан и башкирский народ за весну 2020 года написано 307 статей. ИА «Башинформ» (2020 шеран 1 июнь). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 25 ноябрь. Архивйина 2021 шеран 18 майхь
  13. Ильнур Ярхамов. «Какой смысл сохранять язык, если он не описывает всё и вся в этом мире?» kazanfirst. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 25 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 27 ноябрехь
  14. Башкирский язык вошел в Топ-200 мировых языков
  15. wmru:Пресс-релизы/Открылся раздел Википедии на алтайском языке
  16. Лора Тайлунова. Сӱрлӱ кӱнле! (Кандык айдыҥ 27-чи кӱни). ГТРК «Горный Алтай» («Эл Алтай») (2021 шеран 27 апрель). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 28 апрель.
  17. Найдено «Ключевое слово». ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март. Архивйина 2020 шеран 13 мартехь
  18. https://www.mos.ru/news/item/64365073/ Архивйина 2021-07-27 — Wayback Machine
  19. #ЩедрыйВторник. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март. Архивйина 2021 шеран 16 июлехь
  20. «Вики-бабушки» Башкирии подарили 100 тысяч рублей БФ «Изгелек». ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март. Архивйина 2020 шеран 8 августехь
  21. Башкирская Википедия отмечает 15-летие. Всемирный курултай башкир (2021 шеран 20 февраль). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 17 август.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]