Интермаша
Интермаша (ингал. Internet, МФА: [ˈɪn.tə.net]) — информаци дIаяларан а, Iалашъяран а цхьанатоьхна компьютершийн зIенийн дерригдуьненан система.
Наггахь цуьнах Дерригдуьненан зIе я Глобалийн зIе олу,иштта деъ ЗIе а олу.
Интермашан бух тIехь Дерригдуьненан маша (World Wide Web, WWW) а, кхин йолу дуккха информаци дIаяларан системаш а ю болх беш.
Цуьнца муьлхха а компьютеран кхечу компьютерца зIе тасло.
Интермаша тIетесина компьютерш информацица Интермаша Протоколшкахула екъало.
