Ненан мотт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Ненан мотт ― буьйцучу маттаций бен цхьа а хӀума дийца йиш йац вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках — доцца аьлча, цхьана а хӀуманах лаьцна хӀумма а ала а, дийца а адамийн таро хир йацара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гӀирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна йу. ХӀора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна йу. Ненан мотт хӀора къоман а, хӀора халкъан а культурин бух бу. Иза кӀорггера дика Ӏамор вайн декхар ду.

Йаздархочо К. Паустовскийс нийса йаздина ненан маттах лаьцна дешнаш: «ХӀора стеган а шен маттаца йолчу йукъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Ӏаш, цуьнан граждански мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке болу бакъ безам шен матте бацахь, маьӀна долуш бац.

Мотт вай Ӏама а бо, дахаран тӀаьххьара денош тӀекхаччалц, саццаза Ӏамо декхар а ду…»

Мотт адамийн дахарехь ца хилча ца торуш йукъараллин нуьцкъала а, хьекъалан а гӀирс бу. Йукъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш схьабеана а бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Ӏилма а, культура а — адамашна а, йукъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио гӀодинарг мотт бу. Мотт а, ойла а, кхетам а, хьекъал а чӀогӀа вовшех дозуш ду. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дӀадуьйцу маттаца. Мотт ойланан дегӀ ду, ткъа ойла меттан сурт ду.

ХӀума хааран а, хӀуманах кхетаран а ойланах кхетам олу, ткъа адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Ӏаламах болчу кхетамах хьекъал олу. Доцца аьлча, хьекъал хӀуманах вайн болу кхетам бу. Дуьненахь къаьмнийн меттанаш дукха ду.

Ӏилманхоша дерриг а дуьненахь 3000 сов къоман мотт лору, кегий, даккхий къаьмнийн меттанаш лерича. И меттанаш, вовшашна герга а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, меттанийн тобанашка декъало. ХӀора меттанийн а тӀехь, тайп-тайпана башхаллаш йу. Уьш вовшех къаьста меттан дешнашца а (лексикаца), цуьнан грамматикица а. Вовшийн гергара хиларе терра, славянин меттанийн тобана йукъадогӀуш ду ду оьрсийн, украинийн, белорусийн, болгарийн, полякийн меттанаш, ткъа вайнехан меттанийн тобана йукъадогӀуш нохчийн, гӀалгӀайн меттанаш.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]