Бурлаков, Михаил Петрович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Михаил Петрович Бурлаков
Вина терахь 1952 шеран 31 январь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (72 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Гражданалла:  ССРС
 Росси
Дешар: Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет
Ӏилманан тӀегӀа: Кеп:Ӏилманан тӀегӀа
Парти: РЛДП
(1992—1994 шш.)
РКТП Русь
(1994—хӀ. а.)
Коьрта ойланаш: Къоман Патриотизм
ГӀулаккхан тайп: йукъараллин а, политикин а гӀуллакххо
Зуда: Людмила
Бераш: пхи кӀант
Викилармин логотип Михаил Петрович Бурлаков Викилармехь

Бурлако́в Михаи́л Петро́вич (вина 1952 шеран 31 январь, Соьлжа-ГӀала) — российн политикин гӀуллакххо. 1-чу кхайкхаман пачхьалкхан думин депутат (19931995), «Российн конституцин турслойн Русь парти» центран политкхеташонан секретарь, физикин-математикин Ӏилманийн доктор

Дешар а, Ӏилманан гӀуллакх а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1977 шарахь тӀех дика чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан (ЧИГУ) физикин-математикин факультет.
  • Хьехархо болх бира йуккъерачу ишколехь, цул тӀаьхьа дийшира Казанан пачхьалкхан университетан аспирантурехь.
  • 1980—1991 шерашкахь — Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан теоретикин механикин кафедран ассистент, лакхара хьехархо, алгебрин а, геометрин а кафедрин доцент, дифференциалан геометрин а, топологин а кафедрин куьйгалхо.

Тайп-тайпана физикин-математикин агӀора 100 сов зорбане баьлла болх бу.

Йукъараллин а, политикин а гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1989 шарахь коьрте хӀоьттира йукъараллин кхолламан «Стратегин талламийн центр».
  • 1993 шеран 12 декабрехь РЛДП СамаринТольяттин регионан декъера, парти испискица, хаьржина Пачхьалкхан думин 1-ра кхайкхамандепутат, пачхьалкхан думин дешаран, оьздангаллин, Ӏилманан комитетан декъахо. Нохчийн Республикин чохь долчу хьолан а, бахьнин а парламентан талламан комиссин кхолла дагадаийтинарг а, декъахо а вара.
  • 1994 шеран 14 декабрехь, «Российн конституцин турслойн парти» РКТП Русь кхолламан гуламехь хаьржина партин центран политикин кхеташонан секретарь[1]
  • 1995 шарахь депутатийн кандидат ву цхьаьнамандатан № 155 йолчу гуонехь Тольяттехь, 2-гӀа висира, 15,63 % (46496 кхаж) кхаж бен ца тесна, ийшира Морозов Анатолийл[2]
  • 1996—2001 шерашкахь — Российн къамнийн гӀуллакхан министраллин декъан хьаькам. Цуьнан дакъа жоьпаллехь дара Къилбаседа Кавказан республикахь гӀазакхаллин социалан-экономикин хьолех а, репресси йина къаьмнашна реабилитаци ярна а.
  • 1999 шеран 3-гӀа гуламан парламентан харжамашкахь, харжаман «СПАС» цхьаьнакхетаран депутатан кандидатийн федералан испискин йукъатоьхнера[3] , амма РФ ЦХК харжамаш болабала дукха хан йоцуш цхьаьнакхетар харжамашкара йукъарайаьккхира.
Хьалха хилларг:
Фадеев, Юрий Петрович
Тольяттехь хаьржина Пачхьалкхан думин депутат

19931995
Когаметтаниг:
Морозов, Анатолий Тимофеевич

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]