Болтукаев, Анзор Адамович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Wrestling pictogram.svg Анзор Болтукаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Говзалла спортехь латар[d], вольная борьба[d]
Вина терахь 1986 шеран 5 апрель({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (35 шо)
Вина меттиг
Спортан карьера 2006 - таханналц
Тренераш
Локхалла 180 см
Йозалла 96 кг

Анзор Адамович Болтукаев (1986 шеран 5 апрель) — нохчийн паргӀат кепар латархо, Российн спортан говзанча, Российн чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, дуьненан чемпионатан бронзан совгӀатхо. 2016 шеран 7 сентябрехь цунна елла «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал[1].

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гуьмсехь хилла «Нохчийчоь — АЦШ» къийсамехь цо эшийра Клинтон Ваденберг — 2006 шо;
  • Российн чемпионатехь бронзан мидал — 2008 шо;
  • Рамзан Кадырован Кубкан бронзан совгӀатхо — 2009 шо;
  • Рамзан Кадырован Кубкан дато совгӀатхо — 2010 шо;
  • Рамзан Кадырован Кубок яккхинарг — 2011 шо;
  • Российн чемпион — 2013 шо;
  • Дуьненан чемпионатан бронзан совгӀатхо — 2013 шо;
  • Российн чемпионатехь дато мидал — 2014 шо;
  • Рамзан Кадырован Кубок яккхинарг — 2014 шо;

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Мовлади Абдулаев В Чечне отметили олимпийцев, правда, не всех. Энциклопедия чеченского спорта (2016, 7 сентябрь). Теллина 2016 шеран 9 сентябрехь.