Байбулатов, Ирбайхан Адылханович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ирбайхан Адылханович Байбулатов
Байбулатов Ирбайхан Адылханович.jpg
Вина терахь 1912 шо({{padleft:1912|4|0}})
Вина меттиг Ӏосман-Юрт, ДегӀаста
Кхелхина терахь 1943 шеран 26 октябрь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Кхелхина меттиг Мелитополь, Украина
Корматалла гӀашсалти, лакхара лейтенат
Гражданалла ССРС СССР
СовгӀаташ
Советски Союзан Турпалхо
Ленинан Орден ЦӀен Седан орден
Commons-logo.svg Ирбайхан Адылханович Байбулатов Викилармехь

Ирбайха́н Адылха́нович Байбула́тов (Ирбайха́н Адельха́нович Бейбула́тов) (1912 шеран март — 1943 шеран 26 октябрь) — нохчийн советски эпсар, лакхара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 4 Украинан фронтан 51 армин 126 Горловски гӀашлойн дивизин 690 гӀашлойн полкан батальонан командир, Советски Союзан Турпалхо (1943 шеран 1 ноябрь).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1912 шеран мартехь Ӏосман-Юртахь (ДегӀаста) ахархойн доьзаллехь[1].

1938 шарахь цо чекхъяккхира Соьлжа-ГӀалин хьехархойн училище. Иза чекхъяккхинчула тӀехь цо болх бира Ӏосман-Юьртан школехь. 1941 шарахь иза тӀамтӀе кхайкхира. 1942 шарахь цо чекхъяккхира Шури-ГӀалан тӀеман гӀашлойн училище.

Пролетарски станицан уллехь тӀом беш хенахь цунна вон чов йинера. Иза вина аьлла цуьнан цӀа кехат дӀахьийтира. Цунна ЦӀен Седан орден елира. Амма иза дийна висира. Ша то ма велла иза юха а фронте вахара.

Къестина дика тӀом бира 1-ра гӀашлойн батальонан командир Байбулатовс Мелитополь хьайоккхуш хенахь. 19 октябрь дуьйна 23 октябрь кхаччалц цуьнан батальон гӀалин чуяхара. Батальонас мостагӀа гӀалин юкъара араеккхира, хӀаллакйира цхьа бӀе сов цӀеран меттиг а, 7 танк а, цхьа эзир гергга немцойн салти а. Бейбулатовс ша хӀаллакйира 2 танк а, 20 сов немцойн салти а. 1943 шеран 26 октябрехь иза велира.

1943 шеран 1 ноябрехь Мелитополь хьаяккхарна а, а хьайоккхуш гайтина майраллина а[2][3] лакхара лейтенантан Ирбайхан Адылханович Байбулатован веллачул тӀехь елира Советски Союзан Турпал цӀе.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Виццавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ирбайхан Бейбулатован Соьлжа-ГӀалахь хӀоттийна силаллийн билгало

Байбулатов дӀавоьллина Мелитополехь вежарийн кошехь Кировн майданехь. Цуьнан цӀе тиллина Ӏосман-Юртан школин а, Соьлжа-ГӀалахь а, Махачкалахь а, Мелитополехь а болу урамашан.

2010 шарахь Соьлжа-ГӀалахь йиллина «Силаллийн Аллей» цӀе йолу мемориалан комплекс. Цигахь хӀоттина ю Байбулатован сийдеш барельеф а, мемориалан у а.

№ 5 Мелитополин гимназехь (иза ю Байбулатован цӀе йолу урамехь, цуьнан кашан генахь йоцуш) 2007 шарахь хьайиллира Байбулатован музей[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]