Ахмадов, Мохьмад Ӏийсан воӀ
| Ахмадов Мохьмад Ӏийсан воӀ | |||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| | |||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Сабсаби Зияд | ||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Дикаев Ахьмад | ||||||
| Когаметтаниг | Баширов Ӏусман Цокин воӀ | ||||||
|
|
|||||||
| Вина терахь | 1972 шеран 17 апрель (54 шо) | ||||||
| Вина меттиг | ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Шела, | ||||||
| Парти | Цхьааллин Росси | ||||||
| Дешар | |||||||
| ГӀуллакхалла | политик[вд] | ||||||
| СовгӀаташ | |||||||
| Болхбаран меттиг | |||||||
Ахма́дов Мо́хьмад Ӏи́йсан воӀ (вина 1972 шеран 17 апрелехь, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Шелахь) — нохчийн Россин политик, Федерацин Кхеташонан декъахо (2019 шарахь дуьйна), Нохчийн Республикин Къинхьегаман а, социалан кхиоран а министр (2008-2017 шерашкахь).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1972 шеран 17 апрелехь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шела эвлахь[1].
1991—1992 шерашкахь бухгалтер болх бира «Синтем-У» кооперативехь, ткъа 1993 - 1998 шерашкахь циггахь коьрта бухгалтер вара. 1992—1993 шерашкахь налогин инспекторан болх бира Соьлжа-ГӀалахь. 1998 - 2000 шерашкахь коьртехь вара Соьлжа-ГӀалин Ширапромыслин кӀоштан налогин урхаллин.
1995 шарахь чекйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт «йукъаратехникин дисциплинаш а, къинхьегам а» говзаллийца, 2000 - 2007 шерашкахь хьехна Нохчийн пачхьалкхан университетан финансийн-экономикин факультетехь. 2002 шарахь чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет «финансаш а, кредит а» говзаллийца. Экономикин Ӏилманийн кандидат. 2007—2008 шерашкахь Нохчийн Республикийн Федералан поштан зӀенан урхаллин коьртехь вара[2].
2008—2017 шерашкахь Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттиган а, социалан кхиоран министран даржехь вара[3].
2016 шарахь Нохчийн Республикин Парламенте хенал хьалха хиллачу харжамашка, Ахмадовн кандидатура йукъатеттира «Цхьааллин Росси» партис[1].
2019 шеран 20 ноябрехь Федерацин Кхеташоно къобал йира Ахмадов Мохьмадан кандидатура, цунах хилира Федерацин Кхеташонан керла декъахо — Нохчийн Республикин законашкхолларан Ӏедалан векал[4].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Ахмадов Мохмад Исаевич. panlog.com. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь.
- ↑ Парламент Чечни в Совете Федерации представит экс-министр труда республики Мохмад Ахмадов. Это Кавказ (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь.
- ↑ Кадыров представил нового члена Совфеда от Чечни. ИА REGNUM (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь.
- ↑ Парламент Чечни в Совфеде представит бывший министр труда республики Мохмад Ахмадов. ТАСС (2019 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ахмадов Мохмад Исаевич. Совет Федерации. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 22 ноябрь.
- Новым сенатором от Чечни стал уволенный два года назад экс-министр труда Ахмадов. Кавказ. Реалии. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь.
- Бинарш 17 апрелехь
- Бинарш 1972 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Шелахь
- Нохчийн пачхьалкхан университетехь дешнарш
- Сийлаллин орденан кавалераш
- Ахьмад Кадыровн цӀарах йолу орденан кавалераш
- Нохчийн хьехархойн университетехь дешнарш
- Экономикин Ӏилманийн кандидаташ
- «Цхьааллин Россин» декъахой
- Нохчийчоьнан министраш
- Россин Федерацин Советан декъашхой (2000 дуьйна)