Чулацаман тӀегӀо

Хапсироков, Мурат Крым-Гериевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хапсироков Мурат Крым-Гериевич
Хапсироков Мурат Крым-Гериевич
Парти
СовгӀаташ
медаль ордена «За заслуги перед Отечеством» II степени
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хапсироков Мурат Крым-Гериевич (вина 1978 шеран 26 январехь(19780126)) — Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо, Республика Адыгейн пачхьалкхан Ӏедалан законаш кхолларан меженан векал, «Йукъара Росси» партин декъахо.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

2000 шарахь делла Москохан пачхьалкхан юридически академин диплом, «юриспруденци» говзаллица.

05.1997-11.1997 «Тайгер Холдинг инт» компанин маркетинган говзанча

11.1997-04.2000 ТОО «Меркурийн» лакхара менеджер

04.2000-10.2000 ОАО «ТЭМБР-Банк» юрисконсультан гӀоьнча

10.2000-09.2003 Федералан Депозитан банкан реклама а, маркетинг а кхиоран декъан куьйгалхо

09.2003-02.2004 АКБ «БИН» Юридически департаментан кхолларан-бакъонан урхаллин хьаькман гӀовс

11.2004-01.2007 ООО «Ависта Компанин» инарлин директор

02.2007-04.2007 Российн Федерацин Президент волчура ГӀБ гуттаренна йолчу вакилатан декъан хьаькам

07.2008-12.2008 «Федералан депозитан банкан» коммерцин банкан урхаллин председателан хьехамча

12.2008-03.2011 Республика Адыгейн Премьер-министран гӀовс, Российн Федерацин Президент волчура Республика Адыгейн официалан векал

03.2011-02.2012 Пачхьалкхан Кхеташонан — Республика Адыгейн Хасэн депутат

2008 – 2011 шерашкахь болх бира РФ Президент волчура республика Адыгей йуьззина бакъонаш йолчу векалан даржехь, Республикин премьер-министран гӀовс вара.

2011 шеран мартехь туьйлира Пачхьалкхан кхеташонан-Адыгейн Хасэн депутатийн харжамашкахь. Баллотировка йира «Йукъара России» партин испискаш йукъахь.

2012 шеран февралехь дуьйна — хаьржина Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо — Пачхьалкхан Кхеташонан — Республика Адыгейн Хасэн векал. Федерацин Кхеташонехь болх бира Регламентан а, парламентан болх дӀабахийтаран а комитетехь.

2016 шеран 7 октябрехь — йуха а хаьржина Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахо — Пачхьалкхан Кхеташонан — Республика Адыгейн Хасэн векал[1]

СовгӀаташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]