Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет
(НПХьУ)
Дацдар НПХьУ
Халкъашна юккъера цӀе ЧГПУ
Хьалхара цӀе Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институт (НГӀАХьИ)
Кхоьллина шо 1980 (институт санна)
Ректор Халадов Хож-Ахьмад Султанан воӀ
Студенташ 5500
Лаьтта меттиг РоссиFlag of Russia.svg Росси, Соьлжа-ГӀала
Юридически адрес Нохчийн Республика, Соьлжа-ГӀала, Киевн ур. 33, Исаевн пр. 62
Сайт http://chspu.ru/

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет (оьрс. Чеченский государственный педагогический университет; 1995 шо кхаччалц — Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институт) — Соьлжа-ГӀалара лакхара хьехархойн дешаран меттиг. ДӀайиллина 1980 шарахь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институт йиллина 1980 шеран 28 ноябрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР РСФСР Министрийн Кхеташонан сацамца.

Юьхьанцара цӀе яра Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институт (НГӀПХьИ). Оцу шерашкахь НГӀАССР кхоалгӀачу лакхара дешаран меттиган ректор хӀоттийра, республикехь вевзаш волу, халкъан дешар хӀоттийначарех цхьаъ волу, цул хьалха Серлонан министраллин дуккха а шерашкахь куьйгаллехь лаьттина хьехархойн Ӏилманийн кандидат, профессор Умаров Мухари Ӏумаран воӀ.

Дуьххьара студенташ схьаийцира 1981 шарахь бухарчу говзаллашка:

  • Физикин оьздангалла;
  • Оьрсийн мотт а, литература а къоман ишколехь;
  • Юьхьанцара Ӏаморан педагогика а, методика а;
  • Физика а математика а;
  • Математика а, физика а;
  • Юкъаратехникин Ӏилманан дакъа а, къинхьегам а.

ТӀаьхьарчу шерашкахь дӀайиллира керла говзаллаш:

  • Ишколал хьалхара педагогика а, психологи а;
  • Сурт дилларан говзалла а, черчени а;
  • Хими а, биологи а;
  • Биологи а, химии а;

Кхин а. Лакхара дешаран меттиган студенташ хуьлура коьртаниг республикин ярташкара ишколашкара арахецнарш. Дика кечйина дешаран корпусаша а, юкъара дахаран гӀишлоно а, лакхара квалификаци йолу профессорийн-хьехархойн хӀоттамо а таро ло лдм аьттонца регионан дешаран системин къоман лакхарчу квалификацин кадрашна кечам бан.

1991 шарахь республикехь йолаеллачу йохоран процессаш а, цул тӀаьхьа тӀамо лдм гӀуллакхна Ӏаткъам ца беш дуьсийла дацара. Масех шаран институт дӀахадийна хилира Российн дешаран аренах. Фактехь тӀаьхьарчу шерашкахь бен институто, республикин кхечу лдм санна, таро ца хилира буьззина механ гӀуллакх дина, Российн дешаран арене юкъабаха.

1995 шеран 17 апрелехь НГӀПХьИ цӀе хийцира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт аьлла. Ректор хӀоттийра филологин Ӏилманий доктор, профессор Хазбулатов, Бекхан Абусупьянан воӀ, иза лдм коьртехь лаьттира 17 шарахь.

2011 шеран 23 майхь арадаьлла РФ Дешаран а, Ӏилманан а министраллин № 1726 омарца ПДКх ПГД НПХьИ цӀе хийцина Федералан пачхьалкхан бюджетан кхоллам лакхара говзаллин дешаран «Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт» аьлла.

2013 шеран 1 мартехь дуьйна лдм куьйгалхо ву философин Ӏилманийн кандидат, доцент Халадов Хож-Ахьмад Султанан воӀ.

Структура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан структурехь ю 2 институт а, 4 факультет а. Институтехь дӀахьоьху дешаран 23 коьрта лакхара говзаллин дешаран программа, ялх агӀонан кечам, кхин тӀе 3 говзаллин программа. Студентийн барам 5500 сов стаг, царна юкъара 3000 сов стаг дуьхьала болчу дешаран кепехь.

Институто кхочуш до 35 коьрта лицензии йолу говзаллин а, кечаман профилийн а дешаран хьашташ.

НПХьУ профилаш:[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Хими а, биологи а
  • Биологи а, экологи а
  • Биологи а, дахаран гӀуллакхан кхерамзалла
  • Математика а, информатика а
  • Информатика а, математика а
  • Физика а, информатика а
  • Оьрсийн мотт а, литература а
  • Ненан мотт а, литература а
  • Ӏаьрбийн а, ингалсан а меттанаш
  • Ингалсан а, французийн а меттанаш
  • Ингалсан мотт а, информатика а
  • Немцойн а, ингалсан а меттанаш
  • Истори а, бакъо а
  • Экономика а, урхалла а
  • Технологи
  • Ишколал хьалхара дешар
  • Юьхьанцара дешар
  • Говзаллин психологи
  • Физикин оьздангалла
  • Музыкин дешар
  • Сурт дилларан говзалла
  • Исбаьхьаллин кхийра пхьоралла
  • Коммерци (махлелоран гӀуллакх)
  • Прикладни информатика экономикехь

Аспирантура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Институтехь болх беш ю аспирантура пхеа отраслехь а, 10 говзаллехь:

  • 03.00.00 — Биологин Ӏилманан
  • 03.02.08 — Экологи
  • 07.00.02 — Историн Ӏилманаш
  • 08.00.00 — Экономикин Ӏилманаш
  • 08.00.05 — Халкъан бахаман экономика а, урхалла а
  • 10.01.00 — Литература
  • 10.00.00 — Филологин Ӏилманаш
  • 10.01.02 — РФ къаьмнийн литература
  • 10.02.01 — Оьрсийн мотт
  • 10.02.01 — Меттан теори
  • 13.00.00 — Хьехархойн Ӏилманаш
  • 13.00.01 — Юкъара педагогика, педагогикин а, дешаран а истори
  • 13.00.02 — Ӏаморан а, кхиоран а теори, методика (оьрсийн мотт)
  • 13.00.02 — Ӏаморан а, кхиоран а теори, методика (математика)
  • 13.00.04 — Физикин кхиоран, спортан тренировкин, могашалла таяран а, адаптиван физикин оьздангаллин теори а, методика а.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]