Ахмадов Мохьмад Ӏийсан воӀ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ахмадов Мохьмад Ӏийсан воӀ
РФ Федералан Гуламан Федерацин Кхеташонан декъахоРФ ФГ ФКх Нохчийн Республикин пачхьалкхан Ӏедалан законаш кхолларан (векалийн) меженийн векал
2019 шеран 14 ноябрь
Хьалха хилларг Сабсаби Зияд
Нохчийн Республикин Къинхьегаман а, социалан кхиоран а министр
2008 — 2017
Хьалха хилларг Дикаев Ахьмад
Когаметтаниг Баширов Ӏусман Цокин воӀ

Вина терахь 1972 шеран 17 апрель({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (48 шо)
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Шела,
Парти Юкъара Росси
Дешар

Ахма́дов Мо́хьмад Ӏи́йсан воӀ (вина 1972 шеран 17 апрелехь, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Шелахь) — нохчийн российн политик, Федерацин Кхеташонан декъахо (2019 шарахь дуьйна), Нохчийн Республикин Къинхьегаман а, социалан кхиоран а министр (2008-2017 шерашкахь).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1972 шеран 17 апрелехь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шела эвлахь[1].

1991—1992 шерашкахь бухгалтер болх бира «Синтем-У» кооперативехь, ткъа 1993 - 1998 шерашкахь циггахь коьрта бухгалтер вара. 1992—1993 шерашкахь налогин инспекторан болх бира Соьлжа-ГӀалахь. 1998 - 2000 шерашкахь коьртехь вара Соьлжа-ГӀалин Ширапромыслин кӀоштан налогин урхаллин.

1995 шарахь чекъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт «юкъаратехникин дисциплинаш а, къинхьегам а» говзаллийца, 2000 - 2007 шерашкахь хьехна Нохчийн пачхьалкхан университетан финансийн-экономикин факультетехь. 2002 шарахь чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет «финансаш а, кредит а» говзаллийца. Экономикин Ӏилманийн кандидат. 2007—2008 шерашкахь Нохчийн Республикийн Федералан поштан зӀенан урхаллин коьртехь вара[2].

2008—2017 шерашкахь Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттиган а, социалан кхиоран министран даржехь вара[3].

2016 шарахь Нохчийн Республикин Парламенте хенал хьалха хиллачу харжамашка, Ахмадовн кандидатура юкъатеттира «Юкъара Росси» партис[1].

2019 шеран 20 ноябрехь Федерацин Кхеташоно къобал йира Ахмадов Мохьмадан кандидатура, цунах хилира Федерацин Кхеташонан керла декъахо — Нохчийн Республикин законашкхолларан Ӏедалан векал[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Ахмадов Мохмад Исаевич. panlog.com. Теллина 2019 шеран 20 ноябрехь.
  2. Парламент Чечни в Совете Федерации представит экс-министр труда республики Мохмад Ахмадов. Это Кавказ (2019, 20 ноябрь). Теллина 2019 шеран 20 ноябрехь.
  3. Кадыров представил нового члена Совфеда от Чечни. ИА REGNUM (2019, 20 ноябрь). Теллина 2019 шеран 20 ноябрехь.
  4. Парламент Чечни в Совфеде представит бывший министр труда республики Мохмад Ахмадов. ТАСС (2019, 20 ноябрь). Теллина 2019 шеран 20 ноябрехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]