Алимсултанов, Имам

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Алимсултанов, Имам
Imam Alimsultanov.jpg
Коьрта хаам
Вина терахь 1957 шо({{padleft:1957|4|0}})
Вина меттиг ГӀиргӀазойн ССР, СССР
Кхелхина терахь 1996 шеран 10 ноябрь({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})
Кхелхина меттиг Одесса, Украина
Пачхьалкх
СовгӀаташ
Орден «Къоман Сий»


Алимсултанов, Имам — (1957 шо, ГӀиргӀазойн ССР1996 шеран 10 ноябрь, Одесса, Украина) — нохчийн эшархо, баллад-эшарийн автор а, эшархо а.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Имам вара — Хаси-Эвлара нохчий-Ӏовхо, цхьа шо кхаьчначу хенахь Сибреха Даймахка цӀа валийна. Соьлжа-ГӀалахь дешна ваьлла, кхин дхьа деша Ростовера политикан Университете деша хоьттира. Илли ала, Имам 1980 шерашкахь вола велар, цо къаьстан тидаме лаьцнарш дара, Нохчийн къоман гӀиллакхаш, Нохчийн къоман Маршонехьа болам, Кавказан тӀамехь гӀара бойла Нохчийн Турпалхой. Шен дешнаш а, халкъа дийцараш доцурш, Имам шена иллешкахь олур Ӏумар Ярычеван а, Мусa Гешаеван а дешнаш.

Доьхьара, Имам иллеш гӀара дойлира кассеташ тӀаьхь 1990 шерашкахь. Нохчийн — гӀаскхийн тӀом бола белча, Имам шена гитара эцна, Нохчийн Республика Нохчийчоьнан Сурхой бола — болче воьдуш, церан дог ойла ойъуш, тӀамах лаьцна иллеш ала вола велира.

Валар[нисъе | нисъе чухулара]

Имампаши каш

1996 шеран 10 ноябрехь (кхечу хаамашца 8 ноябрехь[1]) Украинан Одесса гӀалахь вийра вевзаш волу нохчийн эшархо Алимсултанов Имам. Криминалан девнехь Ӏожалла хилла Алимсултановн, аьлла дерзийра и гӀуллакх официала Украино. Амма нохчийн тешна бу, нохчийн дуьхьалонан боламан илланча хилла волу Имам Оьрсийн Къайлахчу Ницкъаш вийна бохучух.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Убийство чеченцев в Одессе, газета «Слово». Одесса. N 46(210), ноябрь 22, 1996

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажорагаш[нисъе | нисъе чухулара]