Нохчийн Республика Ичкери

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Нохчийн Республика Нохчийчоь дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар


Нохчийн Республика Ичкери
Flag of Chechen Republic of Ichkeria.svg COA of Chechen Republic Ichkeria.png
Байракх Герб
Девиз: ««Ма̇ршуо йє Јо̇жалла»»
пачхьалкхан гимн
Europe Location Chechen Republic of Ichkeria.svg
Map of Chechnya.png
Официалан мотт Нохчийн мотт.
Коьрта гӀала Джовхар-гӀала
Яккхий гӀаланаш Гуьмсе, Мартан, Шела, Устрада-ГІала
Паччахь Куьйгалхо
Бахархой
• Мах хадор (2009)
Луьсталла

1 200 000 адам.
240 адам./км²
Ахча Нахар
Телефонан код +(007928), (+7)
Сахьтан аса +4

Нохчийн Республика Ичкери — Къилбседа Кавказехь а йолуш, Европан къилб-малхбалехьар мохк бу. Къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбехьа Гуьржийчоьца, къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбседехьа юха а Российца дозанаш ду. Пачхьалкхан йерриге йоккхалла 17 600 км. Пачхьалкхан латта мехкан хьолаца лаьмнийн а, арен декъашка декъалуш ду. Уггаре лекха бохь Тебул-Мате лам (Тебулос-Мта) (4512м) лам бу. Махкахь дуккхах долу лаьмнаш юькъа хьаннех дойла ду. Коьрта хиш: Терк, Соьлжа, Орга, Ӏасса, Марта, Къоьвзанан Ӏам. Ӏаламан-лаьтта бахам: Мехк-даьтта, газ, деши, дети.

Нах а, бахархой а

Нохчийн Пачхьалкхехь 2010 шарахь 1,269,000 адам дехаш дар. Бахархойн йоккхалла Нохчех кхоллалуш ю (99%). Кхин долу къаьмнаш: Туркой (0,1%), ногIий (0,6%), суьйлий (0,2%), жуьктий (0,1%). Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш ду, иштта: Ӏаьрбойн, ингалсан меттанаш даьржина ду. Дуккхах болу бахархой бусулба бу (Сунниташ 99%). Дахаран юкъера дохала: божарий 69-73, зударий 70-87.

Ӏаламан хӀоттам

Ӏаламан-хӀоттам хьокъехь Нохчийчохь ерриге географийн шораллаш ю. Къилбседехьара йекъа аренаш, бакъ йолу гӀамарашка йоьрзий, буьрса мехашца гӀуьтту. Къилбехьа гӀод юкъалца горга шарахь бешаш боцуш ша лаьтта. Лаьмнашкахь Ӏа шийла хуьлу, аьхке гӀехь.

Дитташ а бецаш

Ӏаламан-хӀоттам тайп-тайпан хиларо Ӏаламан бахам гойту. Пачхьалкх ехаш ю тайп-тайпан хьаннашций, бецашций. Амма, Российца 1994 шарахь бола беллачу тӀамо, дуккха нагахь бен ца хуьлу бецаш, хьаннаш хӀаллак йина. Мехала дитташ: Поп, поп-наж. Лаьмнашкахь а аренашкахь а Нохчийчохь бен ца йолу дуккха бецаш ю.

Хиш

Даккхий хиш: Терк, Соьлжа, Орга, Шароаргун, Гехи, Хулхулау, Аксай, Мартан, Баас, Гумс, Ваштар, Ямансу, Ярык-су, Шалажа, Нетхой, Рошня, Мичик, Искарг хи, Хортанга, Асса.

Акхарой

Пачхьалкхан акхарой дуьне чӀогӀа дехаш ду. ГӀа долу хьаннашкахь Нохчийн сира берзалой лела. Иштта кхиа: черчи, чхьахалгаш, акха-цицигаш, акха хьакхарчий, сайш, акха говраш. Даккхий а кегий а олхазараш: аьрзо, хьаргӀа, селасат, оттйокх, гӀарагӀуле, гӀургӀаз, къор кхокха.

Пачхьлкхан кеп а, балалуьтту тобанаш а

Дийна цlе - Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь. Пачхьалкхан кеп: Паччахьан Пачхьалкх. Мохк 16 кlоштане бекъна бу. Коьрта гlала: Джовхар-гӀала. Тlехьара бlе шарахь Нохчийчоьс шен йозуш ца хилар шозза метта хlоттийна. Къоман дез денош: Мархa дастар, Пачхьалкх йозуш яцаран де: 26 лаьхьанан бутт 1990 шо, Толаман де: 6 турс-седан бутт 1996 шо. Пачхьалкхан куьйгалхо Паччахь, НПН-ан Низамца Паччахь премьер-министр а волуш Тlема-Ницlкъийн коьрта Куьйгалхо ву. Нохчийн Пачхьалкхан йозуш ца хилар кхаъ пачхьалкхо къобал дина: Къилбаседа Кипран Туркойн Республика - (1992 шо), Гуьржийн Пачхьалкх - (1994 шо), АфхIанхойн Бусулба Пачхьалкх - (2000 шо). Пачхьалкхан коьрта балалуьтту тобанаш: Вайнехан Халкъа Куьйгаллийца йолу тоба, Маьрша Нохчийчоь, Нохчийн Дуненаюкъара Фонд-Нохь, НПН-ан йозуш цахилар лар яран АССАМБЛЕЯ.

Кхоор

Карахь йолчу хенахь Пачхьалкхан кхооран хьал дацаре дина. Российца болу тlамал хьалха Нохчийчоь индустроально-аграрни Пачхьалкх яра. Амма, Российс дозанаш къовлар, кхооран дика ца декха делира. Дуккхах йолу сурсаташна кхианаш яра: мехк-даьттадакхара, мехк-даьттакхехкоран, дагоран, хьайбанаш лелорн, хьун лелоран, юьрта бахам. Ахча-Нахар. Йохк эцаран коьрта накъостий: Азербайджан, Гуьржийчоь, Турци, Росси.

Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхой

Суьрташ

Карта тӀехь гойту нохчийн латта

Билгалдахарш

Хьажа кхин а

Хьажоргаш