Эдиев, Асламбек Лечиевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Асламбек Лечиевич Эдиев
Шех лаьцна
Гражданалла

СССР СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси

Вина де

4 январехь 1970 (44 шо)

Вина меттиг

БердакӀел, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР

Спортан карьера

1984-2007

Говзалла

штангист

Тренераш
Йозалла

85 кг

Асламбек (Асланбек) Лечиевич Эдиев (1970 шаран 4 январь, БердакӀел, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, 5-за Российн чемпион, Европан а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхо, Российн Сийлахь спортан говзанча. Цьунан йозаллин категориш яра 56-85 кг. Цьунан тренераш бара Сергей Долгачев, Вячеслав Адаменко, Ибрагим Кодзоев, Руслан Балаев. Цо яхьаллонашкахь дакъа лоцура 19842007 шерашкахь.

Кхиамаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • 1991 шарахь СССР чемпионатан дато совгӀатхо;
  • 1991 шарахь СССР халкъийн Спартакиадан дато совгӀатхо;
  • 5-за Российн чемпион (1993 а, 2001 а, 2002 а, 2004 а, 2007 а шерашкахь);
  • 4-за Российн чемпионатан дато совгӀатхо (1991 а, 1992 а, 2005 а, 2006 а шерашкахь);
  • 2002 шарахь Российн Кубок яккхинарг;
  • 2003 шарахь Российн чемпионатан борзан совгӀатхо;
  • 2002 шарахь Европан чемпионатан борзан совгӀатхо (Антали, Турци);
  • 2005 шарахь дуьненан чемпионатан борзан совгӀатхо (Доха, Катар);
  • 2-за дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо (2006, Санто-Доминго; 2007, Чанг-Мэй, Таиланд);
  • дуьненан цхьа рекорд хӀоттинарг.

Иза ву Нохчийн Республикан еза атлетикан коьрта гулйина командан коьрта тренер.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]