Чемпион

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха

Чемпио́н (инг. champion схьадаьлла лат. campio) — цхьана спортан къийсамехь толам беккхина спортсмен я спортан тоба.

Цхьаболу спортан тайпанашкахь лакхара кхиам бу дуьненан чемпиона хилар. Олимпийски чемпион ву Олимпиадехь толам беккхина спортсмен я спортан тоба. ШозлугӀа меттиг яккхинчарех (дато медаль) олу вице-чемпион.

Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошаман тӀехь яздина, чемпион ву суьдехь цхьана стаган метта къамел деш волу стаг аьлла. ТӀаьхьа чемпион олура шен лаамца миска нахега гӀо доккхуш волу рыцарех[1].

Ушакован дошамас боху чемпион цхьаьнге гӀо доккхуш волу стаг ву аьлла[2].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]