Ков:Нохчийчоь

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха
Дика яззамаш   Кхоллам   Хlорам   Кхолламан декъашхой
Coat of Arms of the Chechen Republic of Ichkeria.svg «Нохчийчоьн» Ков
Марша Догlийла!
Нохчийн байракх
нисйе 

Нохчийчоь

Нохчи — (Но́ах — в Библии, в Коране Ной именуется Нухом Нухь, жуьгтий. נֹחַ, шира.-гlайр. Νῶε, Iарб. نوح‎‎, нох. Нохь, Но́х+чий) бохучу дешан маьаlно хоуьйту и дош Нохьийна тlера схьа догlуш дош дуйла, Нухь, Нохь, тlехь догlу - чи йа ши, дуккхалийна терахь гойтуш, дуккха Нохьар + чи, нохчи. Ишта жуьгташ лелош долу, нохчаш лелийна хилла долчу Муса (а.с) пайхlамар жайнийн тlехь 16 хьахийна бу Нохьший аьлла, оца жайно мадарра хьахоуьйту ше чулацамехь нохчийн къам Нохь (а.с) пайхlамар тlехьенах дуйла. Тахана а Товрат олу жайна нохчийн маттахь дешалуш ду, оцуьнна чулацам кеста кху чу тухар бу. Нохчий мотт Нохьас (а.с) бийцина мотт бу, иштта цулла хьалха а хилла волчу Адам (а.с) пайхlамарс бийцина мотт бу.

нисйе 

Хьаьржина яззам

нисйе 

Хьаьржина сурт

Ачхой-Мартан.jpeg
  • Ачхой-Мартан
нисйе 

Хаий шуна, хlара…

765608e37b40.jpg
  • Нохчийн латтанаш. Шейх Мансур волу хан герга йале вай хилла долу латтанаш ду!
нисйе 

Керла яззамаш

Абу Са1лаба Альхушаний волчу веана , ас элира цуьнга :"Х1окху айатехь х1ун дийр дара ахь ?" Цо элира :"Муьлха айат ?" Ас элира :"лекхачу Аллах1ан дош :"Х1ай шаьш /Делах/ тешнарш ! Шуна т1ехь шайн дог1маш /нисдар/ ду , шуна зен дийр дац ша тиллачо , шу нисделлехь" Цо элира :"Делора бакъдолуш , ас хаьттира цуьнах /дерг/ говзанче , Делан элчане /Делера къинхетам , маршо хуьлда цунна/ хаьттира ас цуьнах . /т1аккха/ Цо элира :"Мелхо а , /диканца/ девзачуьнца омру делаш , вочух /нах/ юхатохалаш , ткъа хьайна лоруш сутаралла , /нах шена/ т1аьхьабозуш /дег1ан/ лаам , толийна /хаьржина/ дуьне , х1ор ойлан дас шена хетачух бе тамаш гича , т1аккха хьуна т1ехь деккъа хьан дег1 /нисдар/ ду , нах 1адда бита , баккъалла а шуна т1ехьа /дог1ур долуш/ цхьа денош ду , царна чохь сатухург /ша/ к1ега /буйна/ лоцург санна ву , царна чохь 1амал ечунна аш санна 1амал ечу шовзткъе итт стаганна йолчулла ял ю"

нисйе 

Муха гlо де аса

Ассаламу алайкум хьоме декъашхой а, махкахой а! Марша догlийла шу!

Уггаре хьалха, Нохчийн Википедия Куьйгалхойн цlaрах, хlокху гlирсан кхиар алсам доккхуш, дакъа лаьцначарна, даггарa баркалла ала луар ду суна. Нийс ах шо хьалха, Нохчийн Википедия йу ала меттиг бацар, хlунда аьлча, чу тоьхна томехь яззам бацар, тlехь болх деш цхьа вацар, амма таханлера сурт, вайн бхьаьргашна гуш ду, дийно-дийно яззамаш алсам буьйлуш бу, куц-кеп хазалуш ду. Цундера хьоме махкахой, дехар ду шуьга, Нохчийн Википедия кхиъ ярехь дакъа лацар, шайга далучу барамехь гlо, накъосталла дара.

Ларамца Нохчийн Википедия

нисйе 

Хаамаш

Барт а боцуш, кху аренгахь, ирсе муха хир ду вай !?

Комаьршалла, оьздангалла, вайца лардан хьажий вай?
Шайн цlе яккха гlиллакх дитна, дlабахана оьзда Дай,
Гlиллакх доцуш хилларг -осалла, лерина вайн махкахь – лай,
Къомана дуьхьа юкъ йихкина, аравала некъ бац байн.
Вайн Дайн ларца лаьттахь лела, цу дикане дац-те вай?
Даймохк-латта, соьмех хуьйцуш, лела дохку техьа вай?
Декъалхила некъ ца лохуш, ца хадош цуьнан тилор-тай,
Махкан генахь, ирсех хоьгуш, лела кхоьллина хилла те?
Дуьне атта даар лоьхуш, лелла девр дуй техьа вай?
Цlа боьда некъ йоьхьарлаца, ирсе маца хир ду вай?
Вовшийн юкъар барт а боьхна, эхь-бехк дитна лела вай,
Дайша баьхнарг диц а делла, марзо юкъара йоккху вай.
Цхьанна нагахь бохам беъча, тlаьхьашха доьлуш лела вай,
Кхана бохам вайга беъча, тlаккха доьлхуш лела вай.
Нохчий дац вай, махках девла, дакъаздевла, хаахь вай,
Вайн Дай санна, барт а болуш, кху аренгахь хила вай!

Куьгда: Казбич Чеченский.[1]



[нисйé] Билгалдаккхар

нисйе 

Дай мехка аз

Ненан мотт. Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьо винчу ненан мотт дlатесна ахь. Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!- Бохуш и сийзаз бан ца хета эхь.

Ладог1а цкъа соьга, хьекъале корта, Ладог1а, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт

Г1иллакхе ,оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш -ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз.

Мерза бу, морз санна, ша безачуьнна, Ламанан шовданал ц1ена бу и. Лермонтовс ,Толстойс а ладег1на цуьнга, Услара даггара хестийна и.

Б1ешераш хийла а ихна и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш Даиман ша хилла нохчийн мотт бу. — А.Шайхи.

нисйе 

Маршонан тlемаш

нисйе 

Хьаьржина адам

Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоьн Пачахьаш.

  • Дуди кlант Джовхар
  • Янди кlант Зелимха
  • Масхи кlант Аслан
  • Сайди кlант Абдул-Хьалим
нисйе 

Кадегарш

нисйе 

Яззамаш

Нохчийн тукхумаш.

нисйе 

Кхолламаш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш