Макан-ГӀала

43°40′01″ къ. ш. 45°22′41″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Макан-ГӀала
оьрс. Мекенская
Сурт
43°40′01″ къ. ш. 45°22′41″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Неврен
Йуьртан меттиг Макан-ГӀалин
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор 1771
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 4127[1] стаг (2019)
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий, оьрсий, туркой
Динан хӀоттам бусалба, керста
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366121
Автомобилан код 95, 20
ОКАТО 96222813001
Картин тӀехь
Макан-ГӀала картан тӀехь
Макан-ГӀала
Макан-ГӀала картан тӀехь
Макан-ГӀала
Макан-ГӀала картан тӀехь
Макан-ГӀала

Макан-ГIала[2] (оьрс. Меке́нская) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштан эвла. Макан-ГӀалин йуьртан меттиган административан центр[3].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, кӀоштан йукъ йолчу Новр-ГӀалан 4 километр къилбаседа-малхбалехь.

Гергара нах беха меттигаш: малхбузехь тӀелетта — Чернокозово эвла, къилба-малхбалехь — Савельевски эвла а, Макане эвла а, къилба-малхбузехь — Новр-ГӀала а, Лаха Невре[4] а.

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Макан-ГӀалин гуонахьара дӀаязйина микротопонимаш.

  • Аьхкина барз – йуккъерачу бӀешерашкара кешнийн барз, лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа. Баккхийчу наха дийцарехь, барз аьхкина хазна лохучара.
  • Батарейн барз – йуккъерачу бӀешерашкара кешнийн барз, лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа. ЦӀе тиллина цигахь хьалха йаккхий тоьпаш лаьттина хилла дера.
  • Бахматковн кӀотар – Макан-ГӀалин къилбаседехьара меттиг, хьалха иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина, Ӏаьнан-аьхкенан заманашкахь латтош хилла бажа а, жа а, бехаш хилла бежаӀуй-ялхой а, къенбелла гӀалагӀазакхий а, ногӀий а. Дийцарехь, цӀе тиллина ногӀийн ялхочун Бахматкин цӀарах.
  • Калерковн барз – йуккъерачу бӀешерашкара кешнийн барз, лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа. Калерков – оьрсийн фамилии.
  • Майорски кӀотар – Макан-ГӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь гуттаренна а къахьоьгуш бара жаӀуй, ялхой – гӀазакхий, ногӀий, леладора даккхий жаш, реманаш, бажа.
  • Майорски Ӏам – лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа, хьалха Майорски кӀотар лаьттинчохь. Майорский – оьрсийн фамили.
  • Мирни кӀотар – Макан-ГӀалин къилбаседехьа лаьтта, беха кхузахь жаӀуй, шайн даьхний а лелош. Макан-ГӀалин йуьртан меттиган йукъайогӀу.
  • Молюшкинан хьун – Макан-ГӀалин къилба-малхбузера хьун. Молюшкин – оьрсийн фамили.
  • Нырковн хьун - Макан-ГӀалин къилба-малхбузан агӀора хьаннех олуш хилла хьалха. Нырков - оьрсийн фамили.
  • Отгонни кӀотар – лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа, хьалха цигахь латтош хилла бажа а, жаш а аьхкенан-Ӏаьнан Ӏаллахь. Уьш хилла ондачу даьхнийлелархойн.
  • Ситниковн барз – йуккъерачу бӀешерашкара кешнийн барз, лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа, хьалха Ситниковн кӀотар лаьттинчохь. Ситников – оьрсийн фамили.
  • Стански кӀотар – Макан-ГӀалин къилбаседехьара меттиг, хьалха иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина, Ӏаьнан-аьхкенан заманашкахь латтош хилла бажа а, жа а, бехаш хилла бежаӀуй-ялхой. Кхузахь хилла новкъахоша говраш а хуьйцуш садоӀу поштан станци. Мазалкера ГӀизлара боьду новкъа поштан говраш гӀарулаш ларйора.
  • Стански Ӏам – лаьттан бухарчу хиш бузош болу, Макан-ГӀалин къилбаседехьара Ӏам. Хьалха кхузахь лаьттина даьхнийн Ӏалла.
  • Хи маларан барз – йуккъерачу бӀешерашкара кешнийн барз, лаьтта Макан-ГӀалин къилбаседехьа.
  • Ярышевн кӀотар - Макан-ГӀалин къилбаседехьара меттиг, хьалха иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина. КӀотарахь ялхой-жаӀуй баьхна хьалдолчу латташлелорхойн а, элийн а, хьал долчу гӀазакхийн а жашца. Ярышев – оьрсийн фамили, тарло, туркойн дашах йаьлла хила, «ярыш» - говраш хахкар ду.
  • Ярышевн Ӏам – Ярышевн кӀотаран гергара Ӏам.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1926 шарахь Макан-ГӀала Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуонан Невран кӀоштан йукъахь йара. Оцу шарахь нах багарбеш бинчу балхо гайтира цигахь 2466 стаг вехаш вуй, царех оьрсий — 2440[5] стаг.

2011 шо долалуш эвлахь дӀадиллина, и эвла йиллинчу дийнахь дуьйна, дуьххьарлера маьждиг, иза оцу хенахь хилира уггаре доккха маьждиг невран кӀоштахь[6].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1926[7]1990[8]20022010[9]
2466272229893860
Къоман хӀоттам

Эвлан къоман хӀоттам 2010 шеран Йерригроссийн нах багарбаран жамӀашца[10]:

Къам Барам,
ст.
Дакъа
берриг бахархойх, %
нохчий 3 252 84,25 %
туркой 335 8,68 %
оьрсий 230 5,96 %
кхин берш 26 0,67 %
ца гайтина 17 0,44 %
берриш 3 860 100,00 %

Макан-ГӀалахь беха нохчий (Шарой, Шикъарой, ЧӀебарлой, ХӀимой, Хьакмадой, ДӀай, ЦӀесий, Зумсой), туркой, оьрсий.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
  2. А. Г. Мациев, А. Т. Карасаев. Русско-чеченский словарь. — М., Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  3. Закон Чеченской республики № 47-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Наурский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 11 февраль. Архивйина 2012 шеран 13 апрелехь Архивйина 2014-10-06 — Wayback Machine
  4. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь Объём 8 МБ.
  5. Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю. Ростов-на-Дону. 1929. С. 321 Архивйина 2016-05-17 — Wayback Machine
  6. В станице Мекенская открыта новая мечеть на тысячу мест // Islamvevrasii.ru, 11 йанваря 2011
  7. Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 июнь.
  8. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  9. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  10. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более". Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Мекенская // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.