Ӏа (шеран зама)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Ӏа тӀера хьажжина кхуза)
Ӏаьнан баганан хьун
Ӏаьнан пейзаж
Ӏа Сярьги Ленинградан областехь 1972 шо.

Ӏашеран заманах еаннах цхьаъ, гуьйренна а, бӀаьстенна а йукъахь.

Оцу шеран заманан коьрта хьесап — дукхаха йолчу Дуьнеан кӀошташкахь хӀоьттина лахара температура (Цельсин 0 градусал лахара), ло латта тӀе оьгу, лаьтта охьадуьллу.

Дуьнен тӀиера заманан хийцамаш боьзна бу планета Мелхан гуонаха шеран хьовзаран мурца а, орбитан экъане хьаьжна хьовзаран семан таӀарца а.

Астрономин Ӏа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Астрономин Ӏа планетан тӀехь лаьтта Ӏай малх цӀа кхачарца бӀаьста де-буьйса нисдаллалц, аьлчи а Дуьненан Къилбаседа эхигехь 22 декабрера 21 март кхаччалц, Къилба эхигехь 22 июнера 21 сентябрь кхаччалц. Цхьацца шерашкахь (Дуьнен тӀехь) и астрономин моменташ йогӀу тайп-тайпанчу хенашкахь (гайтинчу де-буьйсан чохь).

Астрономин Ӏа Нохчийчохь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийчохь Ӏа — Ӏаламехь уггар шийла хан ю. Маца юлу Ӏаьнан чилла. Муха хуур ду Ӏа доьлча? Халкъо олуш ду: «Малх цӀа кхаьчча Ӏа дулу». Иза нийса ду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул тӀаьхьа догӀуш долу масех де кхин хийца ца луш лаьтта.

И денош дӀадевлча, де дахдала долало. Ӏаьнан уггаре а шийла цхьа мур хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу Ӏа доьлла ткъа де даьлча. Иза шовзткъа дийнахь-бусий лаьтта. Чиллахь гӀайба санна тӀе ло диллина, массо а геннаш лаьтта хӀуттуш букар дахна хуьлу диттийн, коьллийн. Ӏаьнан хьун, хьежа ца кӀордош, исбаьхьа хуьлу. ХӀаваъ цӀена, садеӀа атта хуьлу.

Рузман Ӏа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Рузман Ӏа лаьтта кхаа баттахь: Къилбаседа эхигехь иза — декабрь, январь, февраль, ткъа Къилбахьиюнь, июль, август.

Ӏийса пайхамар وصلة= варан а, керла шеран а Ӏиданийн ламасташкахь а, Русехь Святкаш олуш хилла церан деланийн динан аналогашкахь а, Ӏа доладалар малх цӀа кхачаре дихкина.

XVIII бӀешо кхаччалц Москохан пачхьалкхехь Ӏа лорура Ӏийса пайхамар, ӀалайхӀи салам, винчу денна (25 декабрь) тӀиера Дика кхайкхоран де (25 март) кхаччалц. ХӀора шеран заманахь лорура 91 де 7 минот ах минот[1].

Суьрташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Иван Забелин. Домашний быт русских царей в XVI и XVII столетиях. — М.: Транзиткнига, 2005. — 162 с. — ISBN 5-9578-2773-8

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]