ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чми (хӀир. Цыми, гӀалгӀ. Чими) — Къилбаседа ХӀирийчоьн эвла. БуритӀе гӀалин Затеречни кӀоштара эвла, йукъайогӀу БуритӀе гӀалан. ТӀеман-Гуьржийн некъа тӀехь лаьтта.
Чми йукъахь йара хӀирийн Тагауран йукъараллин, цигахь берриг бахархой ДударовгӀарах бара. Чми эвло дӀалоцура чӀогӀа ладаме стратегин меттиг Теркан чӀаж чуволучохь, иза хьахадо кхин а XVI—XVII бӀешерашкарчу хьосташкахь[2]. Кхузахь йиллира ша лаьтта тӀетовжаран меттиг, иза хьахайо Сытинан ТӀеман энциклопедехь ЖӀайрахан чӀагӀо аьлла[3].
Эвлан гена доццуш археологин иэсийн цӀеста муьрера комплекс (герзашца дӀабоьхкинарш оьрнаш чохь) лаьттина тӀаьххьара йукъарабӀешераш кхаччалц. Циггахь хилла доккха аланийн VI—IX бӀешерашкара каш, карийна аланийн дукха герз, гӀирс, бахамера хӀуманаш[4].
ГӀараваьллачу XVIII бӀешеран гуьржийн историко а, географо а Вахушти Багратионис йаздина шен «Гуьржийн паччахьалла йовзийтар» балхахь Чмих лаьцна:[2]
|
Кистойн эркан хикхочехь, Арагван малхбуза агӀора, лекхачу ломан кӀажехь лаьтта Чими, меттиг йоккха йу, бӀов а йолуш. Цуьнан бахархой овсаш бу, СидамоновгӀар...
|
|
Бахархойн дукхалла |
---|
2010[1] |
---|
375 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[5].
Къам
|
Барам, ст.
|
Берриг бахархойх дакъа, %
|
гуьржий
|
209
|
55,7 %
|
гӀалгӀай
|
107
|
28,5 %
|
хӀирий
|
29
|
7,7 %
|
оьрсий
|
19
|
5,2 %
|
кхин берш
|
11
|
2,9 %
|
берриш
|
375
|
100 %
|