ШахӀадат

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад
Шена шахӀадат тӀетоьхна баннер, сулюс йозанца йаздина, Сараевохь.
ШахӀадатан дешнаш алар

ШахӀа́дат (Ӏаьр. الشَّهَادَةُ‎‎ «Тоьшалла») — иза ислам динехь ши тоьшалладар ду «АллахӀ воцург, кхин Дела вац» (Ӏаьр. لَا إِلٰهَ إِلَّا اللهُ‎‎) аьлла а, «Мухьаммад Делан элча а ву» (Ӏаьр. مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللهِ‎‎) аьлла а. Исламан шарӀо ма-бохху, стаг ислам дин чувогӀу цӀена хӀара дешнаш аларца: «Ас тоьшалладо до, АллахӀ воцург, кхин дела вац аьлла, ас тӀаккха а тоьшалла до, Мухьаммад Делан элча а ву аьлла» (Ӏаьр. أشْهَدُ أنْ لَا إلٰهَ إلَّا اللهُ وأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا رَسُولُ اللهِ‎‎ [АшхӀаду ан ла̄ ила̄хӀа иллалла̄хӀ, ва ашхӀаду анна Мухьаммадан расӯлулла̄хӀ]) (Аз ладогӀа) цуьнан маьӀнех догтешна а волуш.

Исламехь шахӀадатан хьукма[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пайхамаран чоь чуьра пардонна тӀехь дегна шахӀадатан дешнаш.
ШахӀадат тӀейаздина кад.
Ӏаьрбийн а, китайн а маттахь шахӀадат тӀейаздина сурт, Пекинера цхьана ресторанехь.

Ши шахӀадат — иза исламан арканех хьалхарниг а, ийманан ков а ду. Къуръанан а, суннатан а тексташ толлучу хенахь, вайна гучудолу шахӀадат алар, шен дог цуьнах тешна а долуш, стаг Делан дин чу варан бехкам хилар а, и аьллачул тӀаьхьа бусалбанийн хьукманаш цунна тӀехь лелаш хилар а. Ткъа ийманах догтешна а волуш, шахӀадат ца далийнарг, иза бусалба вац. Цхьа а Делан дин чу а ца вогӀу, йа ийман диллина а ца хуьлу, и ши шахӀадат далийчий бен. Ибн Ӏумара хьадис дийцина, Мухьаммад пайхамаро ﷺ элира аьлла: «Соьга омрадина нахаца тӀом бе аьлла, цара АллахӀ воцург, кхин дела вац, Мухьаммад — Делан элча а ву аьлла тоьшалла даллалц»[1].

Текст[нисйе бӀаьра | нисйе]

Iаьрбийн маттахь:

لا إله إلا الله ومحمد رسول الله

Латинан транслитераци: lā ilāha illā-llāhu wa muḥammadun rasūlu-llāhi

Нохчийн транслитераци: АшхӀаду ан Ла илахIа иллаАллахI , ва АшхӀаду анна Мухьаммадан расулуллaхI

«ЛаилахIа иллаллахI» (АллахI воцург кхин Дела вац) бохучун маьIна – ЦIена а, Лекха а волу АллахI воцург Iибадат дан кхин цхьа а хьакъ вац бохург ду.

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]