Арденнан хьуьнан тӀoм (1944—1945)
Арденнан хьуьнан тӀoм | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Шуренан шолгӀа тӀoм | |||
Терахь | 16.12.1944 - 29.01.1945 | ||
Меттиг | Арденн, Белгихойн мохк , Луксембург | ||
Бахьна | Лоьмсойн лаам кхиаме тӀeлатарца ингалсхой-Iaьмаркхой тӀaмера арабовларна тӀeберзо | ||
ЖамӀ | Бартхойн толам , амма церан тӀeлатар хьело 6 кӀиранна | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Арденнехь тӀeлатар (кехаташкахь цӀe нем. Die Wacht am Rhein — «Рейнера гӀaрол»; инг. Battle of the Bulge — «Терхин дуьхь тӀoм») — ШолгӀa шуренан тӀeман муьрехь бусехь лоьмсойн суран тӀeман болам бу. Кхочушйина 1944 шеран гӀyран беттан 16-чу — 1945 шеран кхолламан беттан 29-чу денна дуьйна Арденнехь (Белгин негӀa-боле) кхочушйаран laлашонаш бусенан агӀoнехь долу хьал хийца ; Белгехь , Нидерландехь ингалсан-laьмаркан тӀeман ницкъаш боха а бина, цаьрга чӀaгӀaм йазбайтинчул тӀаьхь бусехь тӀoм сац а бина цигара ницкъаш боленан агӀoне Кхеташонан бертана дуьхьал паргӀaтбаха.
Дlaдоладале
[бӀаьра нисйан | нисйан]1944-чу шеран асаран баттахь бусера бартхоша Нормандехь сур охьадоссош шолгla фронт схьайиллира.Изза шарахь гlypaн баттахь 1-чу laьмаркан суро Арденнан неврехь Сен-Вит а , Леж а бохучу гlaланийн йуккъахь йолу позицеш дlaлецира.Цхьадолу цуьнан дакъоша а , 9-чу суран подразделенеша а тleмаш бора Хуртген хьуьнехь а , Рур хинехь а (цигахь уьш чубахнера Лоьмсойн латта чу 50 чакхарма шораллехь , 40 чакхарма кlopгаллехь).Арденнехь йеана дlaxloьттинера 3-чу суран 8-гla laьмаркан корпус.Арденна негlepa агlopа кхидолу 3-чу суран дакъоша чудахнера «Зигфридан зил» чу , Саар хин боле агlopa хийистехь плацдарм йеш.Кхузахь дара Саарна тleлата гулдеш сур.Саарера йаьржина боленан сизаме , Карлсруэ кloштехь Рейнана тleтеlaш йолу фронт латтайеш йара 3-чу суран аьтту агlopa долу 7-чу суро.Лахьанан бутт чекхболучехь - гlypaн бутт дlaболалучехь 7-чу суран дакъош дla а лаьцца неврера Элзасан , Лотарингин кloшташ Лоьмсойн мехкан дозане а , Лакхарчу Рейне а дlaкхечира.22-чу лахьанан беттан дийнахь 1-чу перенгийн суро паргlaтйаьккхира Страсбург, Рейнан бусенан агlopa лоьмсошкахь сур ца дисира Колмар гlaланан кloштехь бен.Бартхой кечлуш бара керла тleлатар дан.
3-чу суран талламо хаам бира шайн дагалецамаш чохь xlapa билгалдаьккхина волу бартхойн суран Лаккхарчу Тур-Дега Дуайт Эйзенхауре :
…тхо гlaлат ца девлира йа и тохаран меттиган хьокъехь , йа и тохаран хилаза ца довларх хьокъехь.Цул сов , мостагlчун боламашна xlyн дан деза бохучу хьокъехь , цу гlyллакх тleхь соьгахь а , Брэдлехь а йолуш йара вовшах дагахбевла йина тleман боламан план»
Цу кепара laьмаркан куьйгалла хьалххе кечлуш дара мостагlчун тleлатар йухатоха , шайн тlaxъаьлла суран тобанаш Арденнан неврехь а , негleхь а дla a xlиттина , ткъа Арденнехь и дан дог-ойла йолуш дуьхьало гleлйира , цигахь 28-гla а , 106-гla гlaшлойн дивизеш йитина.Шадерг laьмаркхойн бlaкуьйгалхошна ма-хетта хиллера - лоьмсой бартхоша дуьхьало гleлйинче тleлетчул тlaьхьа 100 чакхарма чубахча laьмаркхой царна тleкхийтира шинахьара - неврера , негlepa шайн тlaxъаьлла 1-чу сура а , 3-чу сура а чуьра тобанашца , лоьмсой гобаран кхераме xloттийна.И тleлатар лоьмсошна «котёлаца» чекхдера ду.1944-чу шеран 16-чу гlyран беттан дийнахь дlaбуьйлалушехь лоьмсойн аьтто хиллера фронт йоха а йина 80 чакхарма чубахча схьалаца 30 000 laьмаркан салти а , эпсар а.
1944-чу шеран 26-чу гlyран беттан денна лоьмсойн тleлатар сецнера чlaгlйелла мостагlчун духьалонан а , йагорг ца тааран , бартхойн кеманийн суран жигаралла хьалайаларан бахьана долуш.Масех де даьлча 3-чу laьмаркан сураца laьмаркхоша дуьхьалтуьйхира царна Бастон гlaланан сизаме.Лоьмсойн бlaкуьйгалло дехьайаьккхира цига 6-гla СС-ан танкийн сура чуьра шиъ СС-ан танкийн корпус.Кlиранахь шина агloно тleмаш бира баккхий эшамашца схьагуш цхьаа кхиам боцуш.1945-чу шеран 8-чу кхолламан беттан дийнахь Арденнехь тleлатаран хьал дикаче хийцалуш доций гуш , цу тle Будапештан кloштехь кхеташонан сурхоша тleлатар дича Гитлера буьйр делира 6-гla СС-ан танкийн сур гена тleхьене дехьадаьккхина цуьнан xloттам хьалабуза а адамашца а , техникаца а кхидla Боленан сизамехь тleмаш бан.
Лоьмсойн тleлатаран йуьхь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лоьмсойн тleлатар доладелира 1944-чу шеран 16-гlyран беттан дийнан lyьйранна , ткъа изза баттахь 25-чу дийнахь лоьмсой чубахара духьалон чу 90 чакхарма.Лоьмсойн хьалхара laлашо , ма-гарра , Арденн кхийолу Белгехь доькъуш долу Маас хин дехьал тleш йу , уьш дla ца лаьцча тleлатар кхидla дlaгloйла дацара латтанийн башхаллин бехк болуш.Йуха уьш Антверпенна а (цигахь йолу xlopд-гlaлахула латтадеш дара 21-гla cyp) , Белгин коьртачу гlaли тle а лата дагахь бара.Лоьмсойн бlaкуьйгалхой чlогla тешша бара шайн танкех а (Цloькъалом , Паччахьан цloькъалом) , кеманийн боцу хенан xloттамах а - гуттар дуьллуш долу лайно а , хуьлуш долу кхоларша чloгla новкъарло йора бартхойн кеманашна , цхьана хенехь цо бартхойн стигалахь йолу олалли тle сиз хьокхура.Йагорг ца таар меттаxloтто лоьмсой дагахь бара Леж а , Намур а гlaланашкахь ларманаш чохь долу хloнсан йагорг дlaлацарца.Маасан дехьахь долу тleш лардеш дара 30-гla британийн корпусан дакъошца , лоьмсойн дlалацаран кхерам хилахь хьалххе эккхийта кечдина долуш.
Тleлатарна гlo дан дезаш йара «Гриф» цle йолу къайлаха операци.Иштта сурт xloттадо лоьмсойн тleлатар йухатухуш дакъалаьцна волу Ралф Ингерсолло :
«Лоьмсошкахь шадерг долуш санна дара : цleххьашхалла , масалла , доккха са.lyьйранна гlyран беттан 17-чу дийнахь карта тle хьаьжча уьш совцийта цхьаа аьтто бац аьлла хетара - фронтехь тхан дуьхьалонан зил 50 миль боха а бина уьш чулилхинера йоьхначу чlинга чу хи санна.Ткъа царах массочу бусене боьдуш болу некъашкахь хьерабевла уьддуш бара laьмаркхой…» [1].
Иззачу хенахь лоьмсойн лаьттахулара суран инарлин туьпан маьхкамхо Гудериана билгалдоккхура :
Гlyран беттан 16-чу дийнахь доладелира тleлатар , 5-гla танкийн сур кloрга чудахнера мостагlчун дуьхьалон чу.Хьалхара лаьттахулара суран танкийн цхьанакхетараллаш - 116-гla а , 2-гla а танкийн дивизеш йукъарло йоцуш Маас хи тle кхаьччера.Цхьайолу 2-чу суран подразделенеш Рейн хи долче а кхачайелира.6-гla танкийн сурехь иштта кхиам бацар.Готта ша бина ламанан некъаш тleхь суран гулам , 5-гla танкийн суран куьпехь шолгla эшелон тlaме йукъайалор хьедар , ма-безза сиха пайдаэцар хьалхарачу кхиамах - цу массочу xlyмано суро тleлатаран болар дойъучу хьоле тle дигира - уггар хьаште бехкам йаккхий операцеш кхочушйан.Цу тle 7-гla сур а , цундела флангехь кхерам бу аьлла хаам бан Мантейфелин танкийн дакъош негle хьовзо эшшера.Доккхачу чудахарах къамел дойла дацара.Гlyран беттан 22-чу дийнахь сацам бан беззера тleман laлашонна доза тохар эшарна.Цу дийнахь йаккхичу масштабашна ойлайеш болу бlaкуьйгалхоша дагадаийта дезара шайна хила дезаш долу Болехь тleлатар , цуьнан хьал доьзна дуй кху хенахь доьхха долу Бусера тleлатар шайн хенна чекхдаккхарца.Амма цхьа Гитлера воцуш , важа дисна долу Тleман ницкъийн Лаккхарчу куьйгаллехь мел волчо цу бале деношкахь бусера фронтана бен сагатдеш вацара.Тхан Лаккхарчу куьйгаллин бохам кхин а чloгla схьагуш бара Арденнан тleлатар хилчул тlaьхьа , тloм чекхбаллале.Гlyран беттан 24-чу дийнахь xlopa лаьртlaхь волучу салтичунна хаьара тlелатар доьхний.Шаболу тхайн ницкъ тleберзабан безаш бара болене , и дукха тlаьхьа дацахь.Тleлатар муха доьдуш ду хьоьжуш вара со леррина Цоссен йист дехьадаьккхина сайн туьпа чуьра.Сайн къомана дика хилийта суна лаьара и боккхачу кхиамца дlaдерзийта.Амма гlyран беттан 23-чу дийнахь боккха кхиам баккхалур боций кхеттича , ас сацийнера коьртачу туьпе а вахана Тхьамдега кхераме тleтаlap дита а дитина хьем ца беш сур боле фронте дехьадаккха ала.[2]
Лоьмсошна эшар деш бартхоша дина дуьхьал тleлатар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гlyран бутт чекхболучехь хенан xloттам гloли хуьлучехь ингалсан а , laьмаркхойн а кеманаш доладелира иштти Лежехь , Намурехь йагорган ларманаш дla ца лаьцца йагорг ца тоьуш болу лоьмсойн латторан зиланашна бомбанаш йетта.Шайн тleлатаран хьалхара laлашо а кхочуш ца йалайелира цаьрга - Маас хин дехьал тleш дlaлаца , хине кхаьчча боцу дела.Цу хенахь laьмаркхоша духьала тleлатар дира негleра 3-чу laмаракхойн сураца Бастон гlaланан сизаме , ткъа 1-чу laьмаркхойн суро 27-чу ингалсан корпусаца цхьаьна мостагlчун шадолу тleлатар сацдира. Вермахтан тleлатар йукъадисира гlyран беттан 25-чу дийнан lyьйранна йисина 6 чакхарма бен йоцуш Маас хин а, Динан гlaлахь долу тlайга кхаччалц.Кхолламо динчу аьшнашца и йара цхьаъ бен йоцу нах беха меттиг Маасе кхача.Кхузахь йара лоьмсой уггар хьалхатaьlина меттиг, «Арденнан терхин дитт».Кхузахь 5-чу танкийн суран хьалхарчу раьгlнашкахь тleлеташ йолу 2-гla лоьмсойн танкийн дивизина гобинера 2-чу laьмаркхойн а, 11-чу британийн гlaгlтанкийн дивизеша.И дара исторехь наггахь бен ца хуьлуш долу xlyма, вовшах цхьатера лоьмарш йолуш мостагlийн дивизеш тlaмехь дуьхьалкхеташ.
1944-чу шеран гlyран беттан 25-чу дийнахь лоьмсойн шадолу тleлатар доьхнера.Цаьрга шайн тактикийн тleдиллар а кхочуш ца делира - Маас хин дехьал тleш дlaлацар , уьш цу хине а ца кхечира.И шадерг доьзна дара йагорг а , xloъмолха а латторан халонашца.Гитлера луш долу тlелатар кхидla дlaдахийта боху буьйраш тергаме ца лоцуш лоьмсойн сураш йухадовла доладелира.3-гla laьмаркхойн сур , Бастон паргlaт а йоккхуш , тleлетира негlepa лоьмсошна , и дарца латторан зил хад а беш Бастонан агlopa негleхь.5-гla танкийн сурана гобаран кхерам баьллера.Вермахтан керахь йухадала Бастонан агlopa неврехь йиснера 40 чакхарма бен йоцу шуйьраллехь «уче» , иза шина агlopa 20-24 чакхарма кхоссаран геналла йолу laьмаркхойн 155-мм йаккхий тоьпашка laлашоне лацалуш.Iаьмаркхойн курпалхоша пайдаэцира цигахь керлачу радио тleхь оккхуьйтург йолу xloьънех , уьш инзаре эвсара хиллера Арденнан хьаннашкахь.Цу тle laьмаркхойн кеманаша гуттара xlaваэхула тleлатар дора йухадолучу лоьмсойн сурана.
1945-чу шеран кхолламан беттан 1-чу дийнан lyьйранна «Боденплатте» цle йолу тlеман чулацамо ма-баххар цхьа эзар герга лоьмсойн кемнаша цleххьана тleлатар дира Перенгийн махкахь а , Белгехь а , Голландехь а йолу кеманийн туьпашна (тleлатарехь дакъалецира иштта керла масакемаша Messerschmitt Me.262).Тleлатаран жамleхь дохийна дlaдаьххера 305 , дохийнера 190 бартхойн кема , зен динера кема-аренашна.Амма шаьш лоьмсошна и тloм дика дla ца бирзира : кеманаша а , ирхтоьпаша а чудоссийра 292 кема , 143 кеманча веллера, кхин а 70 каравахнера мостагlчунна.Изза дийнахь лоьмсойн йуха а тleлатар дан бахара - xlинца Элзасе Страсбурган кloштехь бартхойн ницкъаш тleрабохуш , амма xlинца иза жимачу ницкъаша беш меттиган башхалла йолуш тleрабохуш тохараш дара.Хьал хийцаран бакъо Вермахто гуттаренна йайъира.
Мел кleзга лоьмсоша xlинци шайн карахь латтайеш йара кхераме терхи.Бартхойн тleлатаран йуьхьехь 1-чу а , 3-чу а суран йуккъехь йацар 40 чакхармал дукхо башхалла.Цу хьолехь бартхой дагахь бара лоьмсой гоне лаца laлашонца къастамаллин дуьхьал тleлатар дан.Цу xlyманна 3-гla laьмаркан суро негlepa чухьадар дечехь Монтгомерин британийн сураша изза деш неврера го дlaкъовлуш Уффализан кloштехь.Эйзенхауэра эхьнера Монтгомере дуьхьал тleлатар доладан кхолламан беттан 1-чу дийнахь 3-чу laьмаркхойн сураца вовшах а кхетта дукхахдолу лоьмсойн суран дакъош хад а деш.Амма Монтгомери реза вацара тleлата цу беттан 3-гla де кхаччалц тleлатаран хила мега кхерамана тleтевжаш (дарцан хьолехь халачу башхалла йолу меттигехь тleман гlуллакхаш дан тоъал кечбина гlaшлой ца хила дела).Цу хенахь дукхахдолу лоьмсойн сур йухадала кхиънера , амма баккхий эшамашца йезачу техникехь.
1945-чу шеран кхолламан беттан 3-чу дийнахь жим-жимачу дуьхьалтохарех ингалсхой-laьмаркхой болабелира доккха тleлатар дан лоьмсойн чlaгloнашна.Кхолламан беттан 7-чу дийнахь Гитлер сураш йухадаха реза хиларо сацйора шаболу Вермахтан тleлатаран тleмаш.
Амма оццу хенахь , лоьмсойн тleлатар дlaдаьлча а , хьал дукха чloгla кхераме дуьсуш дара кхидla а.3-чу суран куьйгалла деш Жорж Смитт Паттона йаздора иштта цу хилламех.
4-чу терахьехь лоьмсоша цхьана метте мийра хьаькхира 17-чу хlaваан-десантан дивизина , хаамашкахь чухьадарехь 40% шайн адамаш дайъина йолу цхьана баталонехь.Хьан-м а , маца а хаам бахь цу эшамех , хууш ду , иза тlом xlун йу хууш воций.10% эшам бу боху докладаш а наггахь бен бакъ ца йо , хаамаш нийса хила мега сурхой бовдаре бирзинехь йа герзаш охьакхоссахь бен.Суна каравира Майли , 17-чу xlaваан-десантан дивизин буьйранча, Бастонехь.Со цигахь воллушехь шина агlopa йетташ йаккхий тоьпаш йара , мостагlчун xloьънаш лелхара xlaваэхь , йолайуьхьигаша цlaрца lуьпаш йохура , ло диллина аренашкахь йукъйелчу боданехь и шадерг хаза хетара , амма , бакъдерг дийцича , дукха иракараxloттош доцуш.1945-чу шеран кхолламан беттан 4-чу дийнахь ас ладаме билгало йилира хенан хьалхахь - дlaхьедар , ас кхул хьалха цкъа бина боцург , йаз а йина: «Вайгахь тlaккха а ду догдохийла xlapa тlaмехь эшийна хила…»[3]
ТIехьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ «Совершенно секретно», Ральф Ингерсолл. Глава Девятая: Господь бог предъявляет вексель СХАЭФу
- ↑ Гудериан Г. Воспоминания солдата = Erinnerungen eines Soldaten. — Смоленск: Русич, 1999.
- ↑ Паттон Дж. Война, какой я её знал / Пер. с англ. А. З. Колина. — М.: ACT; Астрель, 2002. — 352 с. (Военно-историческая библиотека). Тираж 3000 экз. ≡ Patton G. S. War as i knew it. — New York: Bantam, 1980.