Арденнан тӀелатар (1944—1945)
Арденнан хьуьнан тӀoм | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Шуренан шолгӀа тӀом | |||
![]() Лоьмсойн салтий бу гlaгl диллинчу конка чохь | |||
Терахь | 16.12.1944 - 29.01.1945 | ||
Меттиг | Арденн, Белгихойн мохк , Луьксембург | ||
Бахьна | Лоьмсойн лаам кхиамечу тӀeлатарца ингалсхой-Iaьмаркхой тӀaмера арабовларна тӀeберзо | ||
ЖамӀ | Бартхойн толам, амма церан тӀeлатар хьело 6 кӀиранна | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
![]() |
Арденнан тӀeлатар (кехаташкахь цӀe лоьм. Die Wacht am Rhein ; инг. Battle of the Bulge) — ШолгӀaчу шуренан тӀeман муьрехь буссехь 1944-чу шеран гӀyран беттан 16-чу дийнахь болийна, ткъа 1945-чу шеран кхолламан беттан 29-чу дийнахь сацийна болу буссехь долу хьал хийца laлашо йолу лоьмсойн тӀeман йукъараговза болх бу. Кху балхахь Белгихойн а, Голландхойн а мехкашкахь ингалсхойн-laьмаркхойн тӀeман ницкъаш бохабан безара, цаьрга йуха чӀaгӀaм йазбайтинчул тӀаьхь буссехь тӀoм саца а бина цигара ницкъаш болехь йолчу Советан пачхьалкхана дуьхьал паргӀaтбаха.
Дlaдоладале
[бӀаьра нисйан | нисйан]1944-чу шеран асаран баттахь буссера бартхоша Нормандехь бlо охьабоссош шолгla тleман аре йира.Оццу шарахь гlypaн баттахь 1-чу laьмаркхойн бlaно Арденнан неврехь Сен-Вит а, Леж а бохучу гlaланашна йукъара меттигаш дlaлецира.Цуьнан цхьадолу дакъош а, 9-чу бlaн подразделенеш а Хуртген хьуьнехь а, Рур хинехь а летара (цигахь уьш чубахнера Лоьмсойн латта чу 50 чакхарма шораллехь, 40 чакхарма кlopгаллехь).Арденнехь йеъна дlaxloьттинера 3-чу бlaн 8-гla laьмаркхойн корпус.Арденнан негlан агlop кхидолу 3-чу суран дакъоша чудахнера «Зигпридан зил» чу, Саар хин боле агlopa хийистехь тleтовжа аре йеш.Кхузахь дара Саарна тleлата гулдеш сур.Карлсруэ кloштехь Саарера йаьржина боленан сизамехь Рейнана тleтеlaш йолу меттиг латтайеш йара 3-чу суран аьттучу агlop долчу 7-чу суро.Лахьанан бутт чекхболучехь - гlypaн бутт дlaболалучехь 7-чу суран дакъоша дla а лаьцца неврера Элзасан а, Лотарингин а кloшташ Лоьмсойн мехкан дозане а , лакхарчу Рейне а дlaкхечира.22-чу лахьанан беттан дийнахь 1-чу перенгийн суро паргlaтйаьккхира Страсбург, Рейнан бусенан агlop лоьмсошкахь сур ца дисира Колмар гlaлин кloштехь бен.Бартхой кечлуш бара керла тleлатар дан.
3-чу суран талламан гlyллакхо хаам бира шайн дагалецамаш чохь xlapa билгалдаьккхина волчу бартхойн суран Лаккхарчу Тур-Дега Дуайт Эйзенхауре :
…тхо гlaлат ца девлира йа и тохаран меттиган хьокъехь, йа и тохарх хилаза ца довларх хьокъехь.Цул сов, мостагlчо дечунна дуьхьал дан дезачун хьокъехь соьгахь а, Брэдлигахь а йолуш йара вовшах дагахбевла йина тleман ардаран план»
Цу кепара laьмаркан куьйгалхой хьалххе кечлуш дара мостагlчун тleлатар йухатоха, шайн маса суран тобанаш Арденнан неврехь а, негleхь а дla a xlиттина, ткъа Арденнехь и дан дог-ойла йолуш дуьхьало гleлйира, цигахь 28-гla а, 106-гla гlaшлойн дивизеш йитина.Шадерг laьмаркхойн бlaкуьйгалхошна ма-хетта хиллера - лоьмсой бартхоша дуьхьало гleлйиначе тleлеттачул тlaьхьа 100 чакхарма чубахча laьмаркхой царна тleкхийтира шинахьара - неврера а, негlepa а шайн масачу 1-чу а , 3-чу сураш чуьра тобанашца, лоьмсой гобаран кхераме xloттийна.И тleлатар лоьмсошна гобарца чекхдера ду.1944-чу шеран 16-чу гlyран беттан дийнахь дlaбуьйлалушехь лоьмсойн аьтто хиллера дуьхьало йоха а йина 80 чакхарма чубахча схьалаца 30 000 laьмаркан салти а, эпсар а.
1944-чу шеран 26-чу гlyран беттан денна лоьмсойн тleлатар сецнера масех бахьана хиларх: мостагlчун духьало чlaгlйалар а, йагорг ца таар а, бартхойн кеманийн суран жигаралла хьалайалар а.Масех де даьлча 3-чу laьмаркан сураца laьмаркхоша дуьхьалтуьйхира царна Бастон гlaлийн сизамехь.Лоьмсойн бlaкуьйгалхоша дехьайаьккхира цига 6-гla СС-ан танкийн сура чуьра шиъ СС-ан танкийн корпус.Кlиранахь шина агloно тleмаш бира баккхийчу эшамашца схьагуш цхьаа кхиам боцуш.1945-чу шеран 8-чу кхолламан беттан дийнахь Арденнехь тleлатаран хьал дикаче хийцалуш доций гуш, цу тle Будапештан кloштехь советан сурхоша тleлатар дича Xlитлера буьйр дира 6-гla СС-ан танкийн сур гена тleхьене дехьадаьккхина цуьнан xloттам хьалабуза аьлла кхидla болехь тleмаш бан.
Лоьмсойн тleлатаран йуьхь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лоьмсойн тleлатар доладелира 1944-чу шеран 16-гlyран беттан дийнан lyьйранна, ткъа оццу баттахь 25-чу дийнахь лоьмсой чубахара духьалон чу 90 чакхарма.Лоьмсойн хьалхара laлашо, ма-гарра, Арденн Белгихойн махках доькъуш долу Маас хин дехьал тleш йу, уьш дla ца лаьцча тleлатар кхидla дlaгloйла дацара латтанийн башхаллин бехк болуш.Йуха уьш Антверпенна а (цигахь йолу xlopд-гlaлахула латтадеш дара 21-гla cyp), белгихойн коьртачу гlaли тle а лата дагахь бара.Лоьмсойн бlaкуьйгалхой чlогla тешша бара шайн танкех а (Цloькъалом , Паччахьан цloькъалом), кеманийн боцу хенан xloттамах а — гуттар дуьллуш долу лайно а, хуьлуш долу кхоларша чloгla новкъарло йора бартхойн кеманашна, цхьана хенна цо бартхойн стигалахь йолу олалли тle сиз хьокхура.Йагорг ца таар меттаxloтто лоьмсой дагахь бара Леж а, Намур а гlaланашкахь ларманаш чохь долу хloнсан йагорг дlaлацарца.Маасан дехьахь долу тleш лардеш дара 30-гla британийн корпусан дакъоша, лоьмсойн дlалацаран кхерам хилахь хьалххе эккхийта кечдина долуш.
Тleлатарна гlo дан дезаш дара «Зloьма» цle йолу къайлаха тleман гlyллакх.Иштта сурт xloттадо лоьмсойн тleлатар йухатухуш дакъалаьцна волу Ралп Ингерсолла :
«Лоьмсошкахь шадерг долуш санна дара : цleххьашхалла , масалла , доккха са.lyьйранна гlyран беттан 17-чу дийнахь карта тle хьаьжча уьш совцийта цхьаа аьтто бац аьлла хетара - фронтехь тхан дуьхьалонан зил 50 миль боха а бина уьш чулилхинера йоьхначу чlинга чу хи санна.Ткъа царах массочу бусене боьдуш болу некъашкахь хьерабевла уьддуш бара laьмаркхой…» [1].
Оццу хенахь лоьмсойн лаьттахулара суран инарлин туьпан маьхкамхо волчу Гудериана билгалдоккхура :
Гlyран беттан 16-чу дийнахь доладелира тleлатар, 5-гla танкийн сур кloрга чудахнера мостагlчун дуьхьалон чу.Хьалхара лаьттахулара суран танкийн цхьанакхетараллаш - 116-гla а, 2-гla а танкийн дивизеш йукъарло йоцуш Маас хи тle кхаьччера.Цхьайолу 2-чу суран подразделенеш Рейн хи долче а кхачайелира.6-гla танкийн сурехь иштта кхиам бацар.Готта ша бина ламанан некъаш тleхь суран гулам, 5-чу танкийн суран куьпехь шолгla эшелон тlaме йукъайалор хьедар, ма-безза сиха пайдаэцар хьалхарачу кхиамах - цу массо а xlyмано суро тleлатаран болар дойъучу хьоле тle дигира - уггар хьаште бехкам йаккхий операцеш кхочушйан.Цу тle 7-гla сур а, цундела флангехь кхерам бу аьлла хаам бан Мантейпелин танкийн дакъош негle хьовзо эшшера.Доккхачу чудахарах къамел дойла дацара.Гlyран беттан 22-чу дийнахь сацам бан беззера тleман laлашонна доза тохар эшарна.Цу дийнахь баккхийчу барамашна ойлайеш болу бlaкуьйгалхоша дагадаийта дезара шайна хила дезаш долу Болехь тleлатар, цуьнан хьал доьзна дуй кху хенахь доьхха долу буссера тleлатар шайн хенна чекхдаккхарца.Амма цхьа Xlитлер хилла а ца laш, бисна болу Тleман ницкъийн Лаккхара куьйгалхой цу балечу деношкахь буссера тlамана бен сагатдеш вацара.Тхан Лаккхарчу куьйгалхойн бохам кхин а чloгla схьагуш бара Арденнан тleлатар хиллачул тlaьхьа, тloм чекхбаллале.Гlyран беттан 24-чу дийнахь xlop лаьртlaхь волчу салтичунна хаьара тlелатар доьхний.Шаболу тхайн ницкъ тleберзао безаш бара болене, и дукха тlаьхьа дацахь.Тleлатар муха доьдуш ду хьоьжуш вара со леррина Цоссен йист дехьадаьккхина сайн туьпа чуьра.Сайн къомана дика хилийта суна лаьара и боккхачу кхиамца дlaдерзийта.Амма гlyран беттан 23-чу дийнахь боккха кхиам баккхалур боций кхетча, ас сацийнера коьртачу туьпе а вахана Тхьамдега кхераме тleтаlap дита а дитина хьем ца беш сур болене дехьадаккха ала.[2]
Лоьмсошна эшар деш бартхоша дина дуьхьал тleлатар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гlyран бутт чекхболучехь хенан xloттам гloли хуьлучехь ингалсан а, laьмаркхойн а кеманаш доладелира иштти Лежехь, Намурехь йагорган ларманаш дla ца лаьцца йагорг ца тоьуш болу лоьмсойн латторан некъашна лелхa xlyманаш йетта.Шайн тleлатаран хьалхара laлашо а кхочуш ца йалайелира цаьрга - Маас хин дехьал тleш дlaлаца, хине кхаьчча боцу дела.Цу хенахь laьмаркхоша духьала тleлатар дира негleра 3-чу laмаракхойн сураца Бастон гlaлин сизаме, ткъа 1-чу laьмаркхойн суро 27-чу ингалсан корпусаца цхьаьна мостагlчун шадолу тleлатар сацдира. Вермахтан тleлатар йукъадисира гlyран беттан 25-чу дийнан lyьйранна йисина 6 чакхарма бен йоцуш Маас хин а, Динан гlaлахь долу тlайга кхаччалц.Кхолламо динчу аьшнашца и йара цхьаъ бен йоцу нах беха меттиг Маасе кхача.Кхузахь йара лоьмсой уггар хьалхатaьlина меттиг, «Арденнан терхин дитт».Кхузахь 5-чу танкийн суран хьалхарчу раьгlнашкахь тleлеташ йолу 2-гla лоьмсойн танкийн дивизина гобинера 2-чу laьмаркхойн а, 11-чу британийн гlaгlтанкийн дивизеша.И дара исторехь наггахь бен ца хуьлуш долу xlyма, вовшах цхьатера лоьмарш йолуш мостагlийн дивизеш тlaмехь дуьхьалкхеташ.
1944-чу шеран гlyран беттан 25-чу дийнахь лоьмсойн шадолу тleлатар доьхнера.Цаьрга шайн тактикийн тleдиллар а кхочуш ца делира - Маас хин дехьал тleш дlaлацар , уьш цу хине а ца кхечира.И шадерг доьзна дара йагорг а, xloъмолха а латторан халонашца.Xlитлера луш долу тlелатар кхидla дlaдахийта боху буьйраш тергаме ца лоцуш лоьмсойн сураш йухадовла доладелира.3-гla laьмаркхойн сур, Бастон паргlaт а йоккхуш, тleлетира негlepa лоьмсошна, и дарца латторан зил хад а беш Бастонан агlopa негleхь.5-гla танкийн сурана гобаран кхерам баьллера.Вермахтан керахь йухадала Бастонан агlopa неврехь йиснера 40 чакхарма бен йоцу шуйьраллехь «уче», иза шина агlopa 20-24 чакхарма кхоссаран геналла йолу laьмаркхойн 155-мм йаккхий тоьпашка laлашоне лацалуш.Iаьмаркхойн курпалхоша пайдаэцира цигахь керлачу радио тleхь оккхуьйтург йолу xloьънех, уьш инзаре эвсара хиллера Арденнан хьаннашкахь.Цу тle laьмаркхойн кеманаша гуттара xlaваэхула тleлатар дора йухадолучу лоьмсойн сурана.
1945-чу шеран кхолламан беттан 1-чу дийнан lyьйранна «Боденплатте» цle йолучу тlеман гlyллакхехь цхьа эзар герга лоьмсойн кеманаша цleххьана тleлатар дира Перенгийн а, Белгихойн а , Голландхойн а мехкашкахь йолу кеманийн туьпашна (тleлатарехь дакъалецира керлачу масакемаша Messerschmitt Me.262).Тleлатаран жамleхь дохийна дlaдаьххера 305, зен динера 190 бартхойн кеманна а, кема-аренашна а.Амма шаьш лоьмсошна и тloм дика дla ца бирзира : кеманаша а, ирхтоьпаша а чудоссийра 292 кема, 143 кеманча веллера, кхин а 70 каравахнера мостагlчунна.Оццу дийнахь лоьмсойн йуха а тleлатар дан бахара - xlинца Элзасе Страсбурган кloштехь бартхойн ницкъаш тleрабохуш, амма xlинца иза жимачу ницкъаша беш меттиган башхалла йолуш тleрабохуш тохараш дара.Хьал хийцаран бакъо Вермахто гуттаренна йайъира.
Мел кleзга лоьмсоша xlинци шайн карахь латтайеш йара кхераме «терхи».Бартхойн тleлатаран йуьхьехь 1-чу а, 3-чу а суран йуккъехь йацара 40 чакхармал дукхо башхалла.Цу хьолехь бартхой дагахь бара лоьмсой гоне лаца laлашонца къастамаллин дуьхьалтleлатар дан.Цу xlyманна 3-чу laьмаркан суро негlepa чухьадар дечехь Монтгомерин британийн сураша изза деш неврера го дlaкъовлуш Уппализан кloштехь.Эйзенхауэра эхьнера Монтгомере дуьхьал тleлатар доладан кхолламан беттан 1-чу дийнахь 3-чу laьмаркхойн сураца вовшах а кхетта дукхахдолу лоьмсойн суран дакъош хад а деш.Амма Монтгомери реза вацара тleлата цу беттан 3-гla де кхаччалц бен тleлатарна хила мегачу кхерамна тleтевжаш (дарцан хьолехь чолхе тlие йолучу меттигехь тleман гlуллакхаш дан тоъал кечбина гlaшлой ца хила дела).Цу хенахь дукхахдолу лоьмсойн сур йухадала кхиънера, амма баккхий эшамашца йезачу техникехь.
1945-чу шеран кхолламан беттан 3-чу дийнахь жим-жимачу дуьхьалтохарех ингалсхой-laьмаркхой болабелира доккха тleлатар дан лоьмсойн чlaгloнашна.Кхолламан беттан 7-чу дийнахь Xlитлер сураш йухадаха реза хиларо сацйора шаболу Вермахтан тleлатаран боламаш.
Амма оццу хенахь, лоьмсойн тleлатар дlaдаьлча а, хьал дукха чloгla кхераме дуьсуш дара кхидla а.3-чу сурана куьйгалла деш волчу Жорж Смитт Паттона йаздора иштта цу хилламех:
4-чу терахьехь лоьмсоша цхьана метте мийра хьаькхира 17-чу хlaваан-десантан дивизина, хаамашкахь чухьадарехь 40% шайн адамаш дайъина йолу цхьана баталонехь.Хьан-м а, маца а хаам бахь цу эшамех, хууш ду, иза тlом xlун йу хууш воций.10% эшам бу боху жамlаш а наггахь бен бакъ ца до, хаамаш нийса хила мега сурхой бовдаре бирзинехь йа цара герзаш охьакхиссахь бен.Суна каравира Майли, 17-чу xlaваан-десантан дивизин буьйранча, Бастонехь.Со цигахь воллушехь шина агlop йетташ йаккхий тоьпаш йара, мостагlчун xloьънаш лелхара xlaваэхь, йолайуьхьигаша цlaрца lуьпаш йохура, ло диллина аренашкахь йукъйелчу боданехь и шадерг хаза хетара, амма, бакъдерг дийцича, дукха иракараxloттош доцуш.1945-чу шеран кхолламан беттан 4-чу дийнахь ас ладаме билгало йилира хенан хьалхахь - дlaхьедар, ас кхул хьалха цкъа бина боцург, йаз а йина: «Вайгахь тlaккха а ду догдохийла xlapa тlaмехь эшийна хила…»[3]
ТIехьажорш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ «Совершенно секретно», Ральф Ингерсолл. Глава Девятая: Господь бог предъявляет вексель СХАЭФу
- ↑ Гудериан Г. Воспоминания солдата = Erinnerungen eines Soldaten. — Смоленск: Русич, 1999.
- ↑ Паттон Дж. Война, какой я её знал / Пер. с англ. А. З. Колина. — М.: ACT; Астрель, 2002. — 352 с. (Военно-историческая библиотека). Тираж 3000 экз. ≡ Patton G. S. War as i knew it. — New York: Bantam, 1980.