Чулацаман тӀегӀо

КхоалгӀа рейх

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
КхоалгӀа рейх
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Шатлакхан илли: Песнь немцев, Песня Хорста Весселя
Коьрта гӀала Берлин
Мотт (меттанаш) немцойн мотт
Официалан мотт немцойн мотт
Дин Дуьненан хӀуманан пачхьалкх
Ахча Рейхсмарка
Майда
Бахархой
  • 109 518 183 стаг (1940)
Урхаллин тайпа laзалла
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Нацистийн Лоьмсойн мохк[2], Xlитлеран Лоьмсойн мохк , КхоалгӀа рейх , Эзар шеран Рейх , боккъал цle Лоьмсойн рейх (1943-чу шеран асаран беттан 26-чу денна дуьйна Сийлахь Лоьмсойн рейх[3]) — 1933-чу-1945-чу шерашкахь Лоьмсойн Къоман-социалистийн белхан партин Ӏазалла (диктатура) йолчу хенахь хилла Лоьмсойн пачхьалкх йу. 1943 шо кхаччалц цуьнан цӀе «Лоьмсойн рейх» (нем. Deutsches Reich) йара, цул тӀаьхьа «Сийлахь лоьмсойн рейх» (нем. Großdeutsches Reich) йара. Оьрсийн историографехь «Гитлеран Германи», «нацистийн Германи», «КхоалгӀа рейх», «фашистийн Германи» цӀераш лелайо. ШолгӀа дуьненан тӀом дӀабирзинчул тӀаьхьа Сийлахь лоьмсойн рейхан пачхьалкхан leдалан белхаш сецна.1933-чу-1945-чу шерашкахь Лоьмсойн пачхьалкхан нацистийн куьйгалло дӀахьуш хила къиза чоьхьара а, арахьара а политика. Оцу политикин вовшахтохархошна Нуьрнберган процессехь кхиэл йина. НСДАП-ан куьйгалла а, кхидолу Лоьмсойчоьнан ницкъ-leдалаш а — СС (иштта СД) а, гестапо а — зуламе кхолламаш хилар тӀечӀагӀдина ду.

Гитлер волчу хенахь Лоьмсойн пачхьалкх тоталитаризм йолу пачхьалкх йара. Йерриг дахаран аспекташна тӀехь мехка урхалло lуналла латтош йара.Нацисташ дийцарехь Нацистийн Лоьмсойчоь хьалхалерчу Сийлахьчу Римлойн шуренан (800—1806) а, Лоьмсойн шуренан (1871—1918) а верас йара.

1945-чу шеран хӀутосург-баттахь шийтта шарахь Гитлерс а, нацисташ а Эзар шо долу рейх олу КхоалгӀа рейх йуьйхира. Оцу шарахь бартхоша Германи хӀаллакйира, Европехь ШолгӀа дуьненан тӀом берзира.

1933-чу шарахь кхолламан беттан 30-чу дийнахь Веймар Республикин мехк-дас Паул фон Гинденбургас Гитлер Лоьмсойчоьнан канцлер хӀоттийра. Канцлер мехка урхаллин куьйгалхо вара цу хенахь. Цул тӀаьхьа Нацистийн партино йерриг политикин оппозици дӀайаьккхира, иштта шен берриге а ницкъаш вовшахтоха йолаелира.

1934-чу шарахь хьаьттан беттан 2-чу дийнахь Гиндербург кхелхинчул тӀаьхьа Гитлер Лоьмсойчоьнан диктатор хӀоьттира. Цо вовшахтуьйхира канцелярин, паччахьан даржаш а, бакъонаш а. 1934-чу шеран хьаьттан беттан 19-чу дийнахь дӀайаьхьна референдумо Гитлер Германин цхьаъ бен воцу фюрер хилар тӀечӀагӀдира. Дерриг Ӏедал Гитлеран карахь дара, ткъа цуьнан дош лакхара бакъӀедал дара.

Сийлахь-йоккха депресси йолчу муьрехь нацисташа йаккхий тӀеман харжаш йарна а, ийна икномика лелайарна а икномика меттахӀоттийра, белхан къоьлла хилар халонаш йерзира. Дефицитан харжаш лелайар бахьана долуш, дӀахӀоттамо тӀеийцира герз хийцаран къайлаха йолу программа. Цу хьокъехь адамашлахь дӀахӀоттам безар лакхаделира.

Расизм, нацистийн евгеника, къаьсттана антисемитизм а йара дӀахӀоттаман идеологин коьрта башхаллонаш. Нацисташ германхойн къаьмнаш олалла ден xlyтайпа санна къастош дара, уьш арийн xlyтайпан уггар цӀена га ду олура цара. Ӏедал дӀалацарца доладелла жуьгташна а, цигоншна а тӀехьажийна гleло йара.Хьалхара концентрационни лагерш йиллина 1933-чу шеран бекарг-баттахь (мартехь). Жуьгтий а, кхиболу урхалло «ца оьшуш» санна лору нах а набахте хьажийра, ткъа либералаш, социалисташ, коммунисташ бойъура йа набахте кхачабора, ишта махках баьхна меттигаш хилла.

Гитлеран урхаллин дуьхьал девла керстанийн килсаш а, махкхой а Ӏазапехь латтабора, церан хьалханчаш набахте хан такха хьажийна.

КхоалгӀачу рейхан дешаран бух бара — xlyтайпанан теори, тӀеман гӀуллакхдар, демографин политика.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. https://www.statistischebibliothek.de/mir/servlets/MCRFileNodeServlet/DEAusgabe_derivate_00001193/Wirtschaft_und_Statistik-1939-13.pdf
  2. German: Nationalsozialistischer Staat (lit. 'National Socialist State'), NS-Staat (lit. 'Nazi State') for short; also Nationalsozialistisches Deutschland(lit. 'National Socialist Germany')
  3. Der Erlass RK 7669 E des Reichsministers und Chefs der Reichskanzlei (нем.). Официальный сайт района Унструт-Хайних.